Башха совгIаташ делира суьрташдахархошна

IMG_1377

ХIокху деношкахь Зорбанан цIийнехь дIадаьхьира суьртийн конкурсан жамIаш дар.

«Вояж трэвэл» туристически компанис «ДайМохк» телерадиокомпаница цхьаьна 2014-чу шеран 20-чу июнехь Нохчийн Республикин сийлаллин меттигийн тоьллачу суьртан конкурс дIакхайкхинера. Конкурсе дахьийта таро яра Iаламан а, архитектурин, историн объектийн а, маьждигийн а, зератийн а суьрташ. Суьрташ 18-гIа август кхаччалц дIаоьцуш дара. Цул тIаьхьа, зеделларг долчу нохчийн суьрташдахархойх вовшахтоьхначу жюрис (цу юкъахь вара Царнаев Сайд-Хьуьсен, Садулаев Муса, Вахаев Казбек) тоьлла суьрташ къастийра.

IMG_1390

Конкурсе даийтинарг дерриге а исс бIе сов сурт дара. Царех тоьлла берхIийтта сурт Зорбанан цIийнехь вовшахтоьхначу гайтаме даьккхинера. Оцу берхIийттанах а тоьлла кхо сурт къасто дийзира жюрин. Билгалдаккха деза, конкурсехь дакъалоцуш нохчийн къона, амма похIме дуккха а суьрташдахархой бара, цара дахкийтина дуккха а исбаьхьа суьрташ а дара. Делахь а, конкурсехь толамхо ца хилча ца волу. «Нохчийн Республикин сийлаллин меттигаш» аьллачу темина уггаре а гергга долу а, хаза даьхна долу а суьрташ билгалдехира говзанчаша.

КхоалгIа меттиг яьккхира къона художник-суьрташдахархо  волчу Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан искусствийн факультетан студента Темиралиев Адама. «Суши хаус» ресторанехь (шеца накъост а волуш) шена безза кхача баа бакъо яларца совгIат дира цунна. ШолгIа меттиг яьккхинчу Нохчийчохь шен исбаьхьачу суьрташа гIараваьккхинчу Берсаев Iабдуллина «Телекарта» спутникан хедар делира. Конкурсехь хьалхара меттиг яьккхира «Молодежная смена» газетан корреспондента, ишшта, дика евзачу суьрташдахархочо Фиткулина Еленас. Хонкарахь Лаьттаюккъерчу хIордана уллехь (пхиъ седа болчу хьешан цIийнехь) садаIа бакъо елира цунна. Цу тайпа совгIат динарг лакхахь билгалъяьккхина «Вояж трэвэл» туристически компани яра.

Конкурс вовшахтохарехь а, совгIаташ дIадаларехь а жигара дакъалаьцначу «ДайМохк» каналан корреспондента Асуева Жаннас билгалдаьккхира  конкурс тIаьххьара цахилар а, тIейогIучу хенахь цу тайпа белхаш кхин а вовшахтухург хилар а.

А.МУСАЕВА

Авторан суьрташ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: