Бекарг (март) беттан 20-чу дийнера оханан (апрель) беттан 20-гIа де кхаччалц Нохчийн Республикехь дIахьош ду «Библиотекина книга ло – 2017» гIуллакх.
Оцу гIуллакхан Iалашо ю республикин библиотекашна книгашца гIо дар а, тIекхуьучу чкъуран ешаре безам кхоллар а.
Проектан хьалхара гIулч Курчалой-Эвлахь яьккхира. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин культурин белхахой, кIоштан администрацин векалш, яртийн дай, школийн директорш, яздархой, книгашъешархой, дешархой. Цигахь вовшахтуьйхира 3 000 книга. ХIокху деношкахь Итон-Кхаьллан Культурин цIийнехь а дIадаьхьира Нохчийн Республикин Культурин министерствос и мехала гIуллакх. Цигахь дакъалоцуш бара кIоштарчу культурин а, кхечу а учрежденийн белхахой, библиотекин ешархой, бахархой.
Библиотекин белхахоша книгин мехаллех лаьцна, хIора а книгин шен-шен ешархо хиларх а, книга мел тиша хиларх цуьнан мах бовш цахиларх а, ша йоьшуш яцахь иза библиотеке дIалуш хилча дика хиларх а, книга Iалашъяран къайленех а лаьцна дийцира. Иштта, цара билгалдаьккхира хIора а книга шен ешархочуьнга хьоьжуш хилар.
Оцу гIуллакхехь 1 300 книга вовшахтуьйхира. Цхьаьнакхетар культурин белхахоша иллеш олуш, ловзар деш дерзийра.
Цу тайппана тIаьххьара гIуллакх оханан (апрель) беттан 19-чу дийнахь Гуьмсан кIоштан библиотекехь дIахьур ду. Цул тIаьхьа, лакхахь ма-аллара, республикин проектан жамIаш дийр ду Соьлжа-ГIалахь А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь. Гулйина книгаш республикин библиотекашна дIасайоькъур ю.
М.ВЕГИЕВА
№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо