Нохчийн кицанаш, аларш

Бен сту беллачунна батта пах ца белла.

***

Ен бухара хьал чоьлпина дика хаьа.

***

Йохье баьккхича тIулг а керчина.

***

Нехан вуоне ца хьийзинарг, шен вуонехь ша цхьаъ висина.

***

Стеган дика кхачо ма гIерта.

***

Ойла ца еш динарг, гIайгIа йоцуш ца доьрзу.

***

Орам лаьттах ца бахча, бохь стигала ца боьду.

***

Охуш аьлларг, оруш карийна.

***

Хаза йоI тиша коч юьйхича а хуьлу хаза.

***

Хьалха хьажаза ког ма баккха, тIаьхьа хьажаза дош ма ала.

***

ХIоъ кхоош кхаьбначу говрах накъост ца хуьлу.

***

Барт болчохь – беркат, барт боцчохь – зулам.

***

Де эшначу лоьмана дахко динчух а гIо хуьлу.

***

Ирс барт болчу доьзале доьду, шеца беркат а дуьгуш.

Гулдинарг – Хь.САИДОВ

№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: