Таханлера кегийрхой интернета чохь бохкуш бу. Нийса хир дац интернет харцо яржош майда ю, иза вайн кегийрхошна зуламе ю, цуьнца уьйр хила ца еза аьлла, емалъеш, юьстахтеттича. ХХI-чу бIешарахь вайн бакъо яц дуьнено тIеэцначу технологийн кхиамашна пе тоха. Ткъа интернет – иза адамийн хь екъалан а, техникин Iилманан а боккха кхиам бу. Вай цунах эца ма безза пайдаэцахь, иза кху заманан доккха совгIат лара мегар ду. Делахь а, цецах санна литта беза интернет чуьра хаамаш. Бакъдерг, доцург говза дуций, питане эладитанаш даржор кIезиг дац интернетан машица.

Царах цхьаъ ду тIаьхьарчу хенахь зурманахь вийца ваьккхина оьрсийн къоман турпалхочух Невский Александах дийца даьккхинарг. БархI бIе шо гергга хан ю цо ливонцашна тIехь толам баьккхина. Школехь дешначу хIора стагана мелла а хууш ду историн урокашкара 1242-чу шеран оханан (апрель) беттан 5-чу дийнахь Чудово гIалин йистошца лаьттачу Iома тIехь (Чудское озеро) хиллачу буьрсачу тIамах дерг.
Оьрсийн латтанаш шайн дола а дохуш, Россин бахархой шайн олалли кIел бало йолчу Iалашонца ливонцаш чугIортар бахьанехь тIом дIаболабелла бохуш дийцина вайна советийн школашкахь. Кхиаза долчу берийн хьечу дуьллуш дара ливонцашца хилла тIом оьрсийн толамца дIабирзина, цу хенахь дуьйна къоман турпалхо Невский Александр ву бохуш.
Ткъа тахана интернет сийсош массара а хьалаайъинарг Невский Александран гIема тIехь (шлем) Iаьрбийн йоза хаадалар ду. ТIаьхьуо, и гIем Грозный Иване кхаьчна хилла бохуш дуьйцу цара цецбуьйлуш. И Iарбийн йоза тIехь долуш оьрсийн дуьххьарлерчу паччахьо Грозный Ивана а гIем лелош хилла хилар а Iаламат тамашийна хета массарна. Пхи-ялх бIешо хьалха нисъеллачу галморзахаллех ца кхеташ чалхаш кегайо интернет чохь цхьадолчу адамаша. МогIарерчу мисканийн хIун бехк бу тIаккха цунах ца кхетча!? Хьажа луучунна гIем хIинца а йолуш ю Москварчу Россин пачхьалкхан историн «Герзийн палата» музейхь.
Бакъду, кху заманахь дукха Iилманчаш бу оцу йозанах цецбевлла, цуьнан къайле яста лууш. Iарбийн маттера оьрсийн матте гочдича кхета аьтто бу вайн заманхой цецбаьхначу йозанах. Иза цара тоххара гоч а дина. «Обрадуй правоверных обещанием помощи от Аллаха и скорой победы!». Гергарчу хьесапехь, сайн хааршна тIетевжина ас нохчийн матте даьккхича, сан и йоза иштта нисделира: «Кхаъ баккха АллахI цхьаъ вечаьрга, Делера гIо кхочург хиларан а, кестта толаме кхочург хиларан а хьокъехь!».
Ливонцашна дуьхьал даьллачу эскарна и толам баккха АллахI-Дала гIо дина. БIаьхошкахь мостагIчух лата хьуьнар хилла, оцу буьрсачу тIамехь жигара дакъалаьцначу Невскийн сийлаллица йоьзна цIе халкъалахь яха а йисина. Бакъду, Iаьрбийн маттахь яздинчух цецвийла бахьана-м ца го суна. Сайн бехке йоцчу ойланех шу кхето а хьожур ю со, Дала мукъ лахь! Цул сов, XIII-чу бIешарахь Россехь а, дуьненахь а хилла хьал иэсехь карладаьккхинарг хала кхуьур вац оцу «къайленна» тIе. Цахиллачух мел чIогIа ян гIортарх ца яло къайле. Кхиа луург хьекъало тIаьхьакхиаво эзар шо хьалха хиллачунна а…
1160-чу шерийн юьххьехь Байкал Iоман юххехь Iуьллучу Сибрехарчу цхьана кIотарахь дуьнен чу волу, адамийн иэсехь шен къиза цIе юьсу йолу кIант. Иза вина самукъадаьллачу верасаша цунна Темуджин цIе туьллу. Хьалххе дех ваьлла, мацалла, къелла, гIело, харцо лан дийзира цуьнан. Пхийттара ваьлча, ша дIаялале, нанас, миска лол тоьхна, зуда ялийра цунна. Дуьххьара далийначу нускалан цIе Бортэ яра.
Амма тIехь да воцуш, аьрхачу амалехь хьалакхиъна Темуджин къахьега лууш вацара. Акха тесна хутал санна, оцу муьрехь хиллачу монголийн (мIомголийн) дахарна бIо станехьа керчаш яра цуьнан кегаелла ойланаш. Ткъа доьзал кхабар, муьлххачу къонахчунна санна Темуджинна тIехь дара. Цундела, шех терра аьрхачу кегийрхойн гIера вовшахтухий, иза зуламийн новкъаволу.
Генарчу мехкашкахь йохк-эцар лелочу хьоладайшна некъахьовзам баккха кIелонаш еш, тIелатарш деш, хьоладай идош, цаьргара ял йоккхуш, дуьхьало йинарг къинхетамза хIаллаквеш дIахьо цо XII-чу бIешеран чаккхе. Зуламхойн тоба стамъяла йоьлча, массо а монголхошна тIехь урхалла дан болчу лаамо йийсаре лецира иза.
Ницкъ болчуьнца къийсар эрна дуй хуучу монголхоша, 1206-чу шарахь Йоккхачу Курултайхь баьчча кхайкхаво Темуджин, Чингисхан цIе а туьллуш. Цул тIаьхьа нехан мехкаш схьалеца волало иза, цхьанна а гина йоцчу къизаллица бехк боцу адамаш хIаллакдеш. 1207-чу шарахь ерриге а Сибре долайоккху Чингисхана. 1215-чу шарахь ерриге а Чина шен кога кIел ялайо. 1219-чу шарахь Казахстан а, цуьнца цхьаьна ерриге а Юккъера Ази а сутарчу монголан дола йолу. 1223-чу шарахь дукхах болу оьрсий цуьнан кога кIел хуьлу. 65 шаре ваьлла Чингисхан лазарша мелла а гIелво, вахар-вар кIезиг хуьлу.
Еа зудчо вина итт кIант хилла цуьнан. Царах цхьаъ Джучи, ден галъяьллачу могашаллех Iехавелла, цуьнан меттиг дIалаца гIоьртира. Ямартло тосаеллачу Чингисхана къинхетам боцуш корта баьккхина Джучин, баьччалла воккхаха волчу кIантIе Батыйга дIа а луш. 1227-чу шеран хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнахь Чингисхан дIаволуш 18 шо кхаьчна хилла Батый. Чингисхан цхьа а дин доцуш стаг хиллехь, цуьнан кIентан кIанта Батый Самаркандехь бусалба дин тIеэцна, Дела цхьаъ веш, Элча (I.с.в.с.) бакъвеш исламан Iилма кIорггера девзаш а, цIеначу даггара исламан сий-ларам беш хилла. Цул сов, деден весет кхочушдан нийят дина а хилла иза. Ткъа цуьнан дедас Чингисхана шен тIаьхьенашка весет дина дерриге а дуьне кога кIел далор тIедуьллуш.
Цундела 1235-чу шеран бIаьстенан юьххьехь йоккха Курултай гулйой, Батыйс (оьрсаша Бату-Хан олу цунах) массаьрга дIахьедо ша Европа тIамаца кога кIел яло новкъаволуш хилар. 1237-чу шарахь Рязань йожайо цо. 1239-чу шарахь Переславль а, Чернигов а схьайоккху. Владимир, Москва, Новгород пхеа дийнахь биначу тIамаца караерзайо. 1240-чу шарахь Галицкий Даниилан олалла дожош Киев шен кога кIел ялайо. 1241-чу шарахь луьрачу тIемашкахь баьккхинчу толамца Европе дIакхочу, Польша, Венгри, Балканаш тIехь йолу пачхьалкхаш схьайохуш. Деден весет кхочушдина лара мегар ду. Малхбалера малхбузе кхаччалц Батыйн кога кIел ду малх кхета дуьне. Цундела, юьхьанца кхета хала ду, оцу юккъехула иштта майра, доьналла долуш хилла Невский Александр мичара ваьлла бохучух. Оцу муьрехь кхихкинчу тIемашкахь цуьнан цIе кхин цхьанхьа а йоккхуш хIунда ца хеза? Иза данне а дац Невский Александр бийца орам боцуш стаг хилла бохург. Москва йиллинчу Долгорукий Юрийн тIаьхьенех ву иза. Ткъа Долгорукий Киевехь эла лаьттина а, оьрсашка керста дин тIеэцийтина а волчу Владимиран кIант ву. Цу муьрехь оьрсийн элийн алссам кIентий хуьлуш хилла, ткъа олалла дан латтанаш массарна тоьаш ца хилла. Цундела Долгорукий, урхалла къуьйсуш вежаршца тIемаш ца бан, 1147-чу шарахь Яуза хи тIехь шена керла гIала а йиллина, юьстахваьлла. Амма иза монголаша 1238-чу шарахь дIаяьккхина, кхийолу дуккха а оьрсийн гIаланаш санна. Москва схьаяьккхинчул тIаьхьа, Новгороде гIоьртина монголаш. Цигахь олалла деш Долгорукийн кIант Ярослав хилла. Цхьа а орцах ца ваьлла Ярославана мостагI тIегIоьртича. Вежарий а, шича-мехчалахь верг а, лулахошна тIе мостагI гIоьртича орцанца гIовтта сихлуш ца хилла. Цундела цхьацца гIала схьайоккхуш, шен кога кIел балийна Батыйс берриге а оьрсийн мохк. Толаме даха дог цахиларх кхетта Ярослав мостагIчуьнгахьа ваьлла. Оьрсийн историкаша Карамзина, Гумилевс дуьйцург бакъ делахь, тIахьуо, дуй биъна ши доттагI хилла эла Ярослав а, Батый а.
Вай шена тIера къамел дIадолийна Невский Александр Ярославан кIант ву. Батыйн кIантаца Сартакца уллера гергарло долуш хилла иза. Иза бакъхилар тIечIагIдо оьрсийн дукхах болчу историкаша. Батыйс шен мухIар тIетоьхна кехат делла хилла Ярославана Новгородехь олалла дан бакъо луш. Оьрсийн историкаша шайн йозанашкахь тIечIагIдеш ду и бакъдерг а. ХIинца вайна билгалдаккха дисинарг ливонцаш муьлш хилла къастор ду. Ливонцаш Балтикехь а, цунна гуонаха а дехачу къаьмнех олуш хилла. XIII-чу бIешарахь уьш крестоносцийн орденан жигара декъашхой хилла. Ткъа крестоносцаш муьлш бу? Дерриге дуьненахь а бусалба динан олалла чIагIдала доьлча, цуьнца луьра къийсам латто йолчу Iалашонца вовшахтоьхна цхьаьнакхетаралла ю иза. Дуьххьара, 1119-чу шарахь французхошна дагадеана и бIо вовшахтоха. Граф Гуго де Пэйнс хилла дуьххьара и ойла коьрте хьаьвзинчу эпсаран цIе. Шен доттагIчух Готфрид де Сент-Омерах дагаваьлла, иза шен ойланна тIеверзийна, 1118-чу шарахь дIаболийна хилла цара и орден вовшахтохаран болх, тIаккха Римехь волу католикийн баьчча Алексис ШолгIаниг тIетайна, 1119-чу шарахь бусалба нахана дуьхьал тIом болийна крестоносцаша.
Юьхьанца тIамана кайолуш ца хилла церан. Мисканийн гIаланаш, ярташ ягайой, бехк боцу адам цIийла карчадой юхабовлуш хилла. Амма заманан йохалла бIо а стамлуш хилла, дуьненан массо маьIIерчу католикаша ахчанца-бохчанца гIо-накъосталла деш а хилла. Цундела цхьацца аьттонаш нисбелла церан. 1240-чу шарахь бусалба динехь болчу гIезалойн кога кIел ю Росси. Уьш шайн лулара лелхо йолчу Iалашонца тIелатар дина крестоносцаша Россина 1242-чу шеран бIаьстенан юьхьехь. Царна дуьхьало йинарг Батыйн эскар ду, цхьана тобанна хьалхаваьлла Невский Александр хиллехь а. БIобаьччин барзакъ массарна цхьабосса кечъеш хиллачух тера ду оцу заманахь. Иштта нисделла Невский Александран гIема тIехь Iаьрбийн йоза.
Мелла а шен къоман а, ша вехачу пачхьалкхан а истори евзачу стагана хаа дезаш бакъдерш ду уьш. Ткъа Россин истори замано ха моссаза хорцу а, Iедал хийца моссаза ло а къинхетамза кегош ю, бакъдолчунна тIаьхьа ца кхуьуьйтуш, баьччалла шега мел кхаьчнарг турпалхо хила гIерташ. Малхбалера Малхбузе кхаччалц Батыйн кога кIел йолчу Россехь ма дика ваьлла и цхьа турпалхо мостагIий хIаллакбеш. Невский Александран 18 шо бен хила а ца хилла Чудоворчу Iома тIехь цо ливонцаш «хIаллакбеш». Кхечу тIемашкахь дакъалаца ца дезара цо иштта доьналла долуш бIаьхо хилча. Цхьанхьа а кхин цIе йоккхуш хаалуш-м вац иза. ХIинца дуьйцуш дерг цуьнан гIема тIера йоза ду. Сайна хетарехь, со билгалдаккха гIоьрти цигахь цхьа а къайле цахилар. Вайна массарна хаа деза 1242-чу шарахь Чудово Iома тIера крестоносцаш юхатоьхнарг, бусалба динан эскар хилла хилар. Цундела нисделла Iарбийн йоза оцу буьрсачу тIамехь дакъалаьцначу Невский Александран гIема тIехь. Интернет чохь-м шайна луъург дуьйцур ду. Суна хетарехь, бакъдерг иштта ду-кх.
А.ГАЗИЕВА
№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо