Оханан беттан 5-гIа де, 1953 шо. Казахстанехь вина Хасимиков Салман, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула СССР-н спортан хьакъволу мастер. Соьлжера юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь.
Спортан лакхенашка иза новкъаваьккхинарг ву СССР-н хьакъволу тренер Багаев Дэги. Спортсменан дахарехь къаьсттина дагалецаме хилла дисина 1979-гIа шо. Юьхьанца СССР-н халкъийн спартакиадехь а, СССР-н чемпионатехь а хьалхара меттигаш йоху цо, цул тIаьхьа США-н Сан-Диего гIалахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионатан толамхо хуьлу. Оццу шарахь Европин чемпион а хуьлу цунах. Амма и тIаьххьара кхиам бацара хьуьнаречу спортсменан: СССР-н а, Европин а чемпионаташкахь, дуьненаюкъарчу цхьацца турнирашкахь баьхна толамаш ца лерича а, кхин а кхузза (1981–1983-чуй шерашкахь) дуьненан чемпион хуьлу С.Хасимиковх. Цул сов, Советийн Союзехь дуьххьара японийн кэтч кепара латаран дуьненан чемпион ву иза.
ПаргIатчу кепара охьатохархлатарехула нохчашлахь дуьххьара доьазза дуьненан чемпион хилларг Хасимиков Салман ву.
Оханан беттан 8-гIа де, 1952 шо. Казахстанан Караганда гIалахь вина Минцаев Мовсар, иллиалархо, Россин Федерацин хьакъволу артист. Дешна П.И.Чайковскийн цIарахчу консерваторехь. Еххачу хенахь болх бина СССР-н Пачхьалкхан академически йоккхачу театрехь. Цуьнан сцени тIехь тайп-тайпанчу оперни спектаклашкахь кхочушйина хьалхара партиш (Фигаро, Алеко, Иван Грозный, Юлий Цезарь, Кутузов, Дон Карлос). Лондонехь стажировкехь хилла.
Ерригсоюзан а, дуьненаюкъарчу а дуккха а конкурсашкахь хьалхара меттигаш яьхна М.Минцаевс:
– М.Глинкин цIарах йолу ерригсоюзни конкурс – 1979;
– «Сочи – 80» эстрадни эшаран ерригсоюзни конкурс – 1980;
– Вилли Лобосан цIарах йолу иллиалархойн дуьненаюкъара конкурс (Бразили, Рио-де-Жанейро) – 1983 шо;
– Ф.Шаляпинан цIарах йолу дуьненаюкъара конкурс – 1993 шо; иштта кхин а.
ЛадогIархоша езаш тIеэцна ю нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь М.Минцаевс кхочушъеш йолу музыкин говзарш: «Iаьржа верта», «ДоттагIашка», «Ломара зезаг», «Гори, гори моя звезда», «Вечерний звон», «Ямщик, не гони лошадей», «Шумел камыш», «Осенний сон», дуккха кхин а.
Нохч-ГIалгIайн АССР-н а, Россин Федерацин а хьакъволу артист.
№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо