– Хьасан, вало, Воккха-Дада волчу гIуо вайшиъ. Цуьнга хьал-де а хоттур, цхьацца хIума а дуьйцуьйтур вайшимма, нагахь цуьнан карахдалахь.
– Дера гIуо. Вайшинна зерат дар а хир ду, цуьнан самукъа а дер ду, – аьлла, Хьасан а, Хьамзат а Воккха-Дада волчу вахара.
Даима санна жайнаш доьшуш Iаш карийра цу шинна воккха стаг, цуьнга чу ван бакъо а ехна, де дика а деш, чоьхьа ваьлча. НеIарехь сацавелла ши кIант, воккхачу стеган лаам кхочушбеш, цунна дуьхьал хIоттийна хиллачу гIанташка охьахиира. Хьал-де хаьттинчул тIахьа, Хьамзата Воккха-Дадига элира: «Хьалха заманахь вайн къома юкъахь нах шайн амалшка а, леларе а, духаре а хьаьжжина, масех декъе боькъуш хилла олуш хезна суна. Хьайн карахдалахь, жимма цунах дерг дийцахьа тхуна.
Яйн йовхарш а йина, цо геннара долийра.
– Адамаш массо заманахь а тайп-тайпана хилла. Тахана а ду. Цхьаболчара шайн догIмашна, бахамашна, иэшам беш, леррина лелош хилла гIиллакхаш, лардеш хилла дайн Iадаташ, ткъа вукхара атта, шайна ницкъ ца беш. Цуьнга а, хIораннан оьздангалле а синкхетаме а хьаьжжина, адамаш шина декъе декъалуш хилла нохчашна юкъахь – нах а, лай а. Нах а (божарий) бекъало кхаа декъе, шайн хьекъале, синкхетаме, амале хьаьжжина: кIант, стаг, къонах. Иштта лай а бекъало кхаа декъе: IуьтIа, харданг, божа.
Нохчийчохь а, гуонахарчу мехкашкахь а вевзаш хиллачу эвлаяа СухIайп-Моллас шен жайнашкахь дуьххьара билгалдаьккхина адамаш цу тайппана декъадалар. Иза оцу ойланна тIевалийна 1917-чу шарахь хила буьйлабеллачу хиламаша а, бусалбанашна дика вевзаш волчу Iеламстеган Абу-ГIазалин жайнаш Iаморо а. СухIайп-Моллас баьхна: «Халкъ шина чкъурах лаьтташ ду: лакхара чкъор – нах бу, лахара чкъор – лай бу. Лай кхаа декъе бекъало.
Хьалхарчу декъана юкъабогIурш иштта хуьлу. Дукхаллехь алсам а болуш, куьцана ирча а болуш, хьекъална гIеххьа а болуш. Даар-малар а, бийшар-гIовттар а, шайн хIу дебор а шайна хилчахьана тоам хуьлуш бу уьш. Царах IуьтIанаш олу.
ШолгIачу декъана юкъабоьлхурш хуьлу дегIана царал кIеззиг тоьлаш а болуш, хIайтъаьлла а болуш, мохь тоьхна бен бист ца хуьлуш, къамел дечу хенахь когабуьхьар а хIуьттуш. IуьйтIанаша дика ладугIу цаьрга. Уьш хардангаш бу. Эзар IуьтIанна цхьа харданг кхочу.
КхоалгIачу декъана юкъабоьлхурш иштта хуьлу: лекхачу дегIехь, куьцехь, хазачу сибатехь. ТIедухучуьнца оьзда лела. Шайгахь хьекъал дацахь а, хьекъал долчу нахе ладийгIина Iамийна хабарш хуьлу церан. Бежлой олу царах. Цаьрга лерина ладугIу хардангаша. Эзар хардангана цхьа бож кхачийна.
Цхьа зама йогIу: бож къамеле йолу, хардангаша, цуьнга ла а дугIий, маьхьарий тухуш, IуьтIанаш меттахбоху, тIаккха цара цхьаьна а кхетий, мохк кегабо, халкъан сий дойъу.
Лакхара чкъор: боьрша, стаг, къонаха.
Боьрша шен цIенна кхачийна. Арахьарчу гIуллакхан бала бац цуьнан.
Стаг юьртана кхачийна. Цул арахьа деш долчунна доьналла ца тоьа цуьнан.
Къонаха махкана кхачийна. БIешарахь иза кхо-виъ бен хуьлуш вац».
Стагана гIиллакхаш, оьздангалла, цуьнан бехкамаш, декхарш довзарх ца тоьа, цо уьш диллина, дерриге а дахарехь лардеш ца хилча. Стаг даима а оьздангаллин, адамаллин гурашкахь латтош гIиллакхаш хилла нохчийн къоман, тахана а ду. Уггаре а хьалха хIора а нохчи шен дена, нанна, вешина, йишина хьалха декхар хилла ца Iаш, шен ворхIе а дена хьалха а декхар ву, церан сий лардан дезаш ву. «Нагахь ахь хьайгара ледара, осала, оьзда доцу хIума далийтахь, ахь хьайн ворхIе ден а цIе йойъу», – бохуш кхио веза стаг, вайн дайша а кхиош хилла ма-хиллара. Iаламат доккха маьIна долуш ду иза. Стаг а, и веха зама а ша къаьстина яц. И зама а, и стаг а ца хедаш схьайогIучу адамийн, хенан зIенан цхьа чIуг ю.
Вайн халкъан хьекъало хьоьху вайна стаг шен ворхIе а дена хьалха декхар хилла ца Iаш, тIейогIу йолчу ворхI тIаьхьенна хьалха жоьпаллехь хилар. ХIунда аьлча, тахана кхуьнгара даьллачу вуонан я диканан дакъа кхочу цуьнан ворхI тIаьхьенна. Нагахь санна стагера цхьа дика болх баьллехь, иза цуьнан ворхIе а тIаьхьенна юьхькIам бу. Амма цуьнгара цхьа юьхьIаьржо яьллехь, дала цадезарг даьллехь, цу эхьах, юьхьIаьржонах дIакъаста ворхI чкъор, ворхI тIаьхье хийцаяла езаш ю.
Оццул доккха жоьпалла шен белшаш тIехь а долуш дуьнен чу ваьлла стаг ларлуш хила веза вуочух, харцонах, нехан бIаьрг боду болчух. Иштта, шена цхьа чолхе киртиг тIехIоьттича, бакъволу нохчи юхахьожуш хила веза, и санна долчу хьолехь шен дайша я махкахь цIейоккхуш хиллачу къонахаша диначуьнга ладугIуш. Цкъа мацах хиллачух масал эцаро стаг ларво наха билла тарлучу бехках. Иза иштта хIунда дира ахь аьлла шега хаьттича, цуьнан таро хир ю дIаяханчу заманахь цIе йоккхуш хиллачу къонахийн масал дало.
Оьздангаллин гурашкахь стаг латторан шатайпа бустам хилла наха олуш долу дош, наха хадош болу мах. Наха цуьнан гIиллакхашка, гIуллакхашка, амале хьаьжжина хадош хилла стеган мах: «кIант», «стаг», «къонаха», – олий, цIе а туьллуш. Иштта цIетиллар гуламаш а беш, цIе тиллинчунна билгалонна совгIаташ а деш хуьлуш ца хилла, хIинца а ца хуьлу. Иза шашаха нислуш хIума ду.
Цу тайппана цIе дIайоьдуш хилла шегара ледарло ялийтинчунна, юкъарчу гIуллакхашкахь мела гайтинчунна: «IуьтIа», «харданг», «божа». Нохчий шайна иштта цIерш наха тахкарх ларлуш а хилла. ХIунда аьлча, массо а заманахь вайна деза хилла наха олуш дерг. ХIинца а ду иштта.
Оьздангаллин маьIна, чулацам болуш лелла нохчийн маттахь тIаьхьарчу масех бIешарахь «элий», «лай» боху дешнаш. Шен оьздангаллица, гIиллакхца, эхь-бехкаца, яхьца-юьхьца билгалваьллачух, гIийлачарна гIо дарца, доьзалехь, юьртахь, махкахь сий-ларам хиларца къаьстачух олуш хилла вайн наха эла.
Беккъа цхьана шен доьзалан бен бала боцуш, шен дегIан хьашташ, лаамаш кхочушхилчахьана, юкъараллехь долчун гIайгIа йоцуш, гIиллакх-оьздангаллин декхарш, дайн Iадаташ, бехкамаш ларбеш воцчу стагах олуш хилла лай. И цIе цуьнан цIенна, тIаьхьенна тIехь юьсуш а хилла, – дерзийра Воккха-Дадас шен къамел…
Цуьнан Iодика а йина аравелира Хьасан а, Хьамзат а. Воккхачу стага дийцинчун ойла еш, оцу ойланаша дIа ца хоьцуш, тап-аьлла тийна вогIура и шиъ. Доккха маьIна долуш, шуьйра чулацам болуш, нохчийн вовшашца йолу юкъаметтиг къастош къамел дара цаьрга динарг. Дерриге а шен-шен метта дIанисдеш. Хьамзатана цIеххьана дагадаьхкира нохчийн цIеяхханчу поэтан Сулейманов Ахьмадан байта тIера хIара дешнаш:
Ламанца дин лело оьшуш ду ленаш,
Уьш кхачаделлачохь соцуш бу дин…
Иштта бу къонахий, хIара дуьне латтош,
Къонахий дIабевлча духур ду и!
Къонаха – дахаран синпхенийн мерз бу!
Къонаха – дуьненан гIайгIанийн шад!
Цо ларйо дахаре
Вайн йолу марзо!
Къонаха – пха кхосса дуьйлина Iад.
…Дерриге а дуьне ду къонахчун меха!
ХIара дуьне-м къонахийн белшаш тIехь дай!..
С.ХАМЗАТОВ
№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо