Даймахке а, бакъдолчуьнга а болчу безаман поэзи

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Iеламстаг а, хьикмате политик а санна, дерриге а дуьненахь вевзина. Амма иза хьекъале, похIме поэт хилла хилар хууш берш дукха бац. Ахьмад-Хьаьжин нохчийн маттахь йолу байташ иза кхелхинчул тIаьхьа бен зорба тоьхна а яц. Бераллехь дуьйна бусалба динан Iилмане йоккха хьашто йолуш хилла волу иза кхиамца карадерзош вара школехь хьоьхуш долу дешаран Iилма а. Цунна уггаре а дукхадезара историн а, оьрсийн литературин а дарсаш. Цо дагна хьаам хуьлуш йоьшура А.С.Пушкинан, М.Ю.Лермонтовн байташ, Л.Н.Толстойн, оьрсийн литературин кхечу классикийн дийцарш, повесташ. Искусстве, литературе болу безам шо-шаре даларца кхин а чIагIбелира. Ахьмад-Хьаьжа даима ойланашкахь, лехамехь, шен хаарш алсамдохуш стаг вара.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина уггаре а сийлахь а, деза а дара бусалбанийн Сийлахь Калам – Къуръан. Цуьнан дахаран къилба дара иза. Цу тIехь карадора цунна шен дахаран чолхечу некъа тIехь хьалха хIуьттуш хиллачу халачу хаттаршна дуьззина жоьпаш. Лекха а, Сийлахь а волчу АллахIе, Бакъдолчуьнга болу цIена безам оцу Китабо чIагIбинера цуьнгахь. АллахIан йозанца лелаш болу муьлхха а кхоллам хIокху дуьненахь хазахетарца тIеэца кийча хилар а кхиийнера цуьнгахь Къуръан дешаро, бусалба Iилма Iаморо. Вайна шен поэзехь хьалха хIутту иза кIорггера Iилма долу Iеламстаг а, цIена, бакъволу нохчи а санна. Шен цхьана а байта тIехь ца йовзуьйту цо еккъа шех цхьаннах хьакхалуш йолу гIайгIанаш. Цуьнан поэзин говзарш даима а оьзда, гIиллакхе, эхь-бехке ю, деган «урх» юхаоьзна, шатайпа философин маьIна долуш, чулацаме ю.

Шен байташкахь а Ахьмад-Хьаьжа вайна вевза, уггаре а хьалха, кIоргге Iилма долу суфи а, гIиллакхе, оьзда, чIогIа ийман, эхь-бехк, яхь-юьхь йолу, шен хьежам болу, Даймахке боккха безам болу стаг санна. Цуьнан говзаршкахь къеггина го Даймахке болу боккха безам, тIом сацо лаар, вайн махкахь машар хила лаар, нохчийн махкахь маьрша а, ирсе а денош хиларе болу боккха сатийсам. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин поэзис вайна схьайоьллу цуьнан дахаран керла, хIинццалц вайна евзина хилла йоцу агIонаш. Вайна иза вевза экаме са долу, шен халкъаца хуьлуш долчу массо а хIуманан бала кхочуш, цунах чIогIа дог лозуш волу стаг санна. Доггах деза цунна шен халкъ а, шен Даймохк а.

Цуьнан «Сан некъ» байт поэтана санна, ткъа иштта суфина а, политикина а коьрта, программни лара хьакъ ю. Цу тIехь Ахьмад-Хьаьжас дуьйцу шен дахарх, ша бинчу халачу харжамах, дахарехь хиллачу байттамалх, ша лайначух, кхечунах лаьцна.

…Даймахка боьссина бала,
Архаш ас сайн каралаьцна.
Дийзира сан хьалха вала,
Iалашо маршо а лаьцна.
Евзира цу новкъахь харцо.
МостагIийн къизалла гира.
Заманан йилбазан дарцо
Дилха дог ша санна дира…

Делахь а АллахIах тешаро а, хаьржина некъ нийса хиларх тешна хиларо а гIо до цунна шеконаш дIаяха, ницкъ ло цхьа а сийлахь хIума доцчу адамаллех бевллачу мостагIашна дуьхьал луьра къийсам дIабахьа:

Делахь а суна ницкъ лора
Вайн дуьне кхоьллинчу Дала.
Нийсонан некъаш ас дора,
Вониг ца дуьтура ала.

Ахьмад-Хьаьжин некъ – иза суфин «тIарикъат» ду, Бакъдерг довзар ду, шен ойланашца Лекхаволчунна гергагIортар ду. Шен халкъан кхолламах долу жоьпалла шена тIеэцна волчу политикан некъ бу иза. Цундела Кадыров Ахьмад-Хьаьжин поэзехь уггаре а мехала философин а, оьздангаллин а кхетам бу Бакъдерг бохург.

Цунна иза еккъа эстетикин а, философин а категори хилла Iаш яц, цунна иза оьздангаллин а, политикин къилба ду. Цо цунна гIо до ийманехь чIагIваларехь хьовха, политикин сацамаш тIеэцарехь а нийса некъ харжа. Цо дукхазза а олура ша бакъонна тIехь ву, ткъа иза муьлххачу а эскарал ницкъ болуш ю.

Политик хиларе терра Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалдоккхура Нохчийчохь дукхах йолу социальни-политикин проблемаш адамаша цIенна цхьа агIо цалацар бахьанехь, гуонаха хуьлуш долчух жоьпалла царна шайна тIелаца цалаар бахьанехь кхоллаелла хилар. «Сан цIа – сан гIап, цул арахьа долчуьнца сан бала а бац» бохучу ойланца хене довларо республика политикин «къуха» юкъа ялийра. Кадыров Ахьмад-Хьаьжина хетарехь, хIора а стеган шен-шен бакъдерг хуьлийла дац. Бакъдерг массарна а цхьаъ хила деза. Бакъдерг юкъараллин кхетамца догIуш хила деза. Лекхаволчо адамна делларг цхьа Бакъдерг ду. Иза гучудолу стаг шена а, адамашна а хьалха цIена хиларехь.

Шен «Бакъонан мурд» байтехь цо яздо:

Ас бос ца хийцина,
Гуш долчо хийцина ойла.
Хьалха кхин дийцина
Лаарна и иштта гойла,
Амма аш йоьхкира маршо.
Харцонаш, гIелонаш йира,
Халкъана кечдира марчо,
ТIаккха ас сайн нигат дира.
Ас бира шал шийла къурд,
Сох вира бакъонан мурд.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина Бакъдерг иза хIокху лаьттахь, ханна долчу дуьненахь Лекхаволчун лаам гучубалар ду, цундела бакъонна тIаьхьа хIоттар цунна Лекхаволчунна Iибадат дар, Цунна гIуллакхдар ду. Муьлхха а харцдерг дийцар, къаьсттина юкъараллин, пачхьалкхан тIегIанехь, цунна гергахь Иблисана гIуллакхдар ду. Шен дахаран берриге а некъа тIехь шен доттагIашца а, шен мостагIашца а цIенна чекхваьлла иза. Делах чIогIа тешарна, цуьнан доккхачу ийманна тIера, доза доцуш майра хиларна тIера схьа дара цуьнан иштта цIена хилар, бакъонна тIехь хилар.

Нохчийн юкъараллехь даима а хилла шена, шен доьзална, цIенна тIедеанарг дерзо, юхатоха майра нах, амма юкъараллина тIедеанарг дерзо майра нах даима а кIезиг хилла. КIезиг хилла халкъана кхераме киртиг тIехIоьттича, мехкан дуьхьа шен цIийнан, тайпанан хьашташ юхататта доьналла дерш. Цунна нисъелла нохчийн исторехь бохаме агIонаш дукха. Нохчичунна тIамехь чIирхочун карах валар атта хеташ хилла даима а, халкъана хьалха а хIоьттина тIом бар цхьана а маьIне дац я чIир лелор исламан некъашца, пачхьалкхан законашца догIуш дац аьлла дIахьедарал а.

Даймохк кIелхьарбаккхархьама дукхах болчеран доьналла тоьаш хилла йоцчу оцу халонел дехьабовла хьуьнар кхаьчначарах нохчаша къонахий олуш хилла. Цу тIедоьгIна аьлча, халкъана уггаре а кхераме киртиг тIехIоьттича, тIамо халкъ хIаллакьхиларна тIедуьгуш хиларх а кхетта, оцу тIамна дуьхьал гIаьттина волу Ахьмад-Хьаьжа бакъволу къонах хилла. Иза дика кхеташ вара оцу некъа тIехь ша муьлххачу сохьтехь а вен тарлуш хиларх. Ша суфи а, Къуръано ма хьоьхху вехаш волу стаг а хиларе терра Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, нохчийн махкахь машар хилийтаран дуьхьа Iожаллин некъ хаьржира. Ша харжаза а ца ваьлла хаьржинчу некъан тема бIаьрла хаалуш ю цуьнан дукхах йолчу публицистикин а, поэзин а говзаршкахь, цу юкъахь «Халкъе дош» байтехь а.

Ахьмад-Хьаьжина къаьсттина мехала ду иза. ХIунда аьлча, сепаратисташа а, церан «баьччанаша» а Нохчийчохь хIоттийначу экономикин а, политикин а кIуркIаманехь и воцург кхин цхьа а политик ца хилира хуьлуш долчун жоьпалла шена тIелаца. Харжаза а ца ваьлла ша хаьржинчу некъан хьокъехь ойланаш еш Кадыров Ахьмад-Хьаьжас яздора: «ХIинца суна хьалха лаьттара сацам тIеэцар: жоьпалла сайна тIелоцу ас я Iадда Iа со, кертал дехьа а ваьлла, хуьлуш долчуьнга а хьоьжуш. Иштта ледара, сакIезиг хила йиш яцара сан. Цундела ас В.Путине юьхьадуьххьал дIаэлира: «Халкъо сан гIолоцур ду, суна хуур ду цаьрца, уьш кхетар болчу маттахь къамел дан… Суна дика девза сайн халкъ. Хаьа царна оьшург а, царна цадезарг а. Тхан тIом дIабоьду дукха хан ю. Со оцу зуламна дуьхьал къийсам дIабахьа волавелла. Иза чекхбаккха безаш ву!» Сох ца кхийтира. Ца кхийтира сан метта хила лууш берш. Амма сан метта хила Кадыров хила везара. Ваххабиташна дуьхьал къийсам дIабахьарна дерриге а дIадала кийча волу Кадыров. Шена болчу кхераман, шен дахаран ойла еш воцу Кадыров, Iожаллина муьлххачу минотехь а юьхьадуьхьал хьажа кийча волу Кадыров. Шен доьзал цхьана а метте дIабигна воцу Кадыров. Шен гергара, уллера адамаш эгна волу, шен накъостий, бIанакъостий, гергарнаш дIакъаьсташ дагах лешаш цIий доллушехь, цхьа а гIулч юхаваьлла воцу Кадыров. Халонашна бIокъажо Iемина воцу Кадыров. Атта дахар цкъа а девзина хилла цахиларна а хила там бу иза иштта».

Оцу муьрехь бIеннаш эзарнаш адамаш дIадахара республикера. Даржашкахь хилла нах, Iилманчаш, динан гIуллакххой Москва, Санкт-Петербурге, Россин кхечу гIаланашка, регионашка дIаоьхура маьрша, бегIийлаш йолу дахар лоьхуш. Амма Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, и дан дуккха а таронаш йоллушехь, хала сахьт тIехIоьттича шен халкъаца цхьаьна висира. Ца висира висархьама. Шен халкъан кхолламах долу жоьпалла шена тIелаца висира. Цунна дика хаьара цуьнан дуьхьа беза мах дIабала безар буй, шен цхьаьннан дахар кхерамна кIел хIоттийна ца Iаш, шен доьзалан, гергарчеран, доттагIийн дахар кхерамна кIел хIоттон дезар дуй.

Нийса некъ харжа цунна гIо дира АллахIах чIогIа тешаро, шегахь долчу доккхачу иймано, Лекхаволчу АллахIа адамашна дахкийтина законаш (язбина кхолламаш) хийца ницкъ болуш хIокху дуьненахь цхьа а цахиларх чIогIа тешна хиларо. Ахьмад-Хьаьжас дозалла дора адамийн бIаьргашчу майрра хьажа йиш йолуш ша хиларх: «Халкъе дош» байтехь цо иштта боху:

Вон-дика ас махкахь лайра,
Мискачу нахаца тайра.
Далуш дерг дерриге а дира,
Беллехь а сайн корта сира.

(А.Делимхановн «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа нохчийн халкъан сийлахь воI» книги тIера)

Гочъеш зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ

№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: