Вайн толамхой

Ерригроссин халкъан фронто Санкт-Петербургехь дIаяьхьначу «Бакъдерг а, нийсо а» аьллачу медиафорумехь дакъалаьцначу региональни говзанчаша шайна зеделларг довзийтира Нохчийчуьрчу шуьйрачу хаамийн гIирсашна.

ОНФ

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу Ерригроссин халкъан фронтан майданахь пресс-конференци елира оцу медиафоруман региональни толамхоша.

Цигахь дакъалецира Ерригроссин халкъан фронтан региональни штабан сопредседатела Адаев Нурбека, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша, иштта, регионерчу бозуш боцучу журналисташа.

Ерригроссин халкъан фронто хIокху шарахь доьалгIа дакъалоцуш ду «Бакъо а, нийсо а» медиафорумехь. ХIокху шарахь Санкт-Петербургехь леррина кечйинчу майданахь оханан беттан 1–3-чуй деношкахь дIаяьхьира медиафорум.

Цигахь дакъалоцуш ерриге Россера а 500 сов говзанча вара, шайна юкъахь: журналисташ, блогерш, регионерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн, иштта тайп-тайпанчу министерствийн а, ведомствийн а векалш а болуш.

Царах дукхахберш Ерригроссин халкъан фронто дIахьочу «Бакъдерг а, нийсо а» аьллачу журналистийн белхийн конкурсан лауреаташ а бу.

– ХIокху шарахь оцу конкурсан 442 лауреат хилла. Царна юкъахь бу зорбанан а, электронни а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, телекомпанийн а, радиостанцийн а белхахой, иштта фотокорреспонденташ а, блогерш а. Конкурсе яхьийтина ерриге а 4 эзар заявка хилла. Царна юкъара тоьлла белхаш схьахаьржина жюрис. Вайна дозалла ду оцу лауреаташна юкъахь Нохчийчуьра векалш хилар. Уьш кхоъ ву: журналисташ Джавотханов Мохьмад, Ледиев Шамхан, блогер Масаева Марина. Вайн жимачу регионера кхо толамхо хилла хилар боккха юьхькIам бу вайна, – элира Адаев Нурбека.

Цул тIаьхьа толамхошка хаттарш дира журналисташа.

– Уггаре а хьалха суна баркалла ала лаьа Ерригроссин халкъан фронтан регионерчу штабан белхахошна, цара тхуна оцу конкурсехь дакъалаца аьтто барна. Гуттар а санна, оцу штабан белхахо Багаева Залина дика хьовзар бахьана долуш, аьтто хилира тхан. Дела реза хуьлда шуна! Медиафорумехь дуккха а керланиг девзира тхуна. Ерриге а Россера схьагулбелла цхьана декъехь къахьоьгуш болу говзанчаш бара цигахь, дуккха а керла уьйраш тасаелира тхан цигарчу журналисташца. Россин Президента Путин Владимира пресс-конференци а елира тхуна. Журналисташа дуккха а хаттарш дира цуьнга, ткъа Путин Владимира чулацаме жоьпаш делира хIоранна а, – бохура Джавотханов Мохьмада.

Республикерчу векалша форуме бахьийтичу белхашкахь дуьйцура вайн республика кхиарх а, вайн гIиллакхех а, Iадатех а лаьцна.

– Тхо боккха сий-ларам беш т1еийцира медиафорумехь. Дуккха а майданаш яра цигахь ехкина, хIораммо а шена пайдехь ерг хоржура. Ишттачу форумехь дакъалацаро кхидIа а балха тIехь лакхене кхийда лаам чIагIбо, – элира Мацаева Маринас.

Дуккха а дара журналистийн хаттарш, ткъа медиафоруман толамхоша, царна жоьпаш а луш, довзуьйтура шайна цигахь зеделларг.

Хь.БАХТАЕВА

№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: