Оханан (апрель) беттан 5-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу сервисан технологин техникумехь терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латтор чIагIдаран Iалашонца тIекхуьуш долу къона чкъор ийманехь кхетош-кхиоран концепцин гурашкахь кегийрхошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а гIоьнца, «Коалиция» юкъараллин боламца цхьаьна мероприяти вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин Юкъараллин палата яра.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан векал Даутов Рустам а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон коьрта говзанча-эксперт Вазаралиев Висади а, Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин говзанча-эксперт Магомаев ИсмаьIал а, экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон департаментан директоран заместитель Дакаев Мурад а, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векалан гIоьнча Яркиев Руслан а, Россин Федерацин таIзар кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькаман динан декъехула волу гIоьнча Зубариев Рамзан а, оццу Урхаллин психологин службин хьаькам Узаров Сайхан а, оццу урхаллин лецначу нахаца кхетош-кхиоран болх баран инспектор Дадашев Мохьмад а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхо Яхъяев Дени а.
Мероприяти дIайолош, Д.Яхъяевс а, цхьаьнакхетаран кхиболчу дакъалацархоша а емалйира Санкт-Петербургехь йина теракт, беллачарна кадам а бира.
– Терроризм – иза шеца баларш а, кхерам а, бала а бохьу дуьнен тIехь уггаре а вуон зулам ду. Тахана терроризмаца къийсам латторехь цхьаьнакхетта пачхьалкхаш а, халкъаш а. Дуьненаюкъарчу терроризман луьра тохар шена тIелецира вайн республико. Делан гIоьнца а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, республикин хIинцалерчу Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а куьйгаллица а нохчийн халкъо терроризмана тIехь толам а баьккхира, Россин пачхьалкхан цхьаалла лар а йира, – билгалдаьккхира Д.Яхъяевс.
Цхьаьнакхетарехь йийцаре йира юкъараллин кхийолу проблемаш а, шайна юкъахь наркомани а, кхиазхой интернетана тIех тIеберзар а, царна нохчийн къоман гIиллакхаш а, ламасташ а цахаар а.
Россин Федерацин таIзар кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин векалша гайтира хьекъал цатоарна я хуъушехь зулам а дина, чубоьхкинчу нахах лаьцна фильм. Кегийрхой вуочух юхатохаран а, уьш шайна а, шайн гергарчарна а зулам дарх ларбаран а Iалашонца кечйина яра иза. Техникуман студенташа леррина ла а дугIуш, хаттарш дира чаккхенехь. Царна дуьззина жоьпаш делира хьешаша.
– Тахана республикехь граждански кхетам лакхаболуш бу, когаметтахIуьттуш а, кхуьуш а ю граждански организацеш, – элира Д.Яхъяевс.
И тайпа мероприятеш а, цхьаьнакхетарш а сих-сиха дIахьо Нохчийн Республикин Юкъараллин палато Iедалан органашца а, коммерчески йоцучу организацешца а цхьаьна. Церан Iалашо ю граждански юкъараллин институташ кхиор а, чIагIъяр а, кегийрхой патриотизман ойланехь кхетош-кхиор а.
I.МУРТАЗОВ
№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо