Оханан беттан 2-гIа де – ООН-н генеральни ассамблейн сацамца 2007-чу шарахь дуьйна аутизмах дерг довзийтаран Дерригдуьненан де ду. Нервни система талхар ду аутизм цамгар хилар. Россин Федерацин къинхьегаман министерствон хаамашца, Россин бахархойх 1 процент я – 200 эзар бер ду и цамгар йолуш. «Выход» фондан эксперташа диагноз ца хIоттийна меттигаш кхечу пачхьалкхашкахьчул 30 алсам ю.
Оцу проблемашна лерина оханан беттан 2-чу дийнахь дуьйна дуьненан юкъараллаша дIакхайкхийна аутизмах дерг дийцаран а, довзийтаран а бутт. Оцу хааман кампанин кхайкхам «Адамаш хилийша» аьлла бу.
Доьзалехь аутизм йолу бер хилар боккха сингаттам бу дена-нанна. Берана уллехь йолчу нанас ловчу халонех дерг хаа деза юкъараллина, гуонахарчу нахана. Оцу хаамийн акцина юкъадогIу аутизм йолу бер долчу доьзалех лаьцна истореш йийцар а, юкъараллера цхьаболчу наха иштта бер долчу ден-ненан дог дохадарх лаьцна дийцар а.
Аутизман бос сийна лоруш бу. Цу тIедоьгIна, оханан беттан 2-чу дийнахь дуьйна дуьненахь гIараевлла йолчу гIишлошна тIехь сийначу басахь чиркхаш латор ду.
Нью-Йоркехь, Рио-де-Жанейрохь, Будапештехь, Шанхайхь йолчу пачхьалкхан гIишлошна тIехь сийна чиркхаш латон тIелаьцна.
«Сийна чиркх» акци Россехь 2013-чу шарахь дуьйна дIахьош ю. Стохка Москвахь цхьа бIе сов пачхьалкхан гIишлон тIехь а латийра сийна чиркхаш, цу юкъахь Манежерчу гайтаман туьшахь а, Арбат а, Тверской а урамашкахь а, Россин «РИА Новости» гIишлонна тIехь а. Белгород, Воронеж, Иваново, Новосибирск, Санкт-Петербург, кхечу гIаланаша а жигара дакъалецира оцу акцехь.
«Адамаш хилийша» кампани вовшахтохархо ю Россехь аутизман проблемаш дIаяхаран «Выход» фонд.
Оцу акцехь дакъалацар хIокху тайпана хила тарло: телерадион хаамийн передачашкахь акци хилар хаийтар, гайтар. Юкъараллин меттигашкахь хаамаш, аутизман проблемаш гойтуш долу плакаташ дIатохар, регионан официальни йолчу порталийн агIонашкахь а, Юкъараллин палатехь а аутизмах дерг дийцар.
Аутизм йолу бераш долчу доьзалшна шаьш цхьалха боций хаийтар ю акцин Iалашо. Цунна лерина мероприяти ян я акцехь дакъалаца луучеран аьтто бу хIокху адресца хаа луург хатта: «Выход» фондан юкъараллица зIе латторан декъан директор Ливергант Александр ю. email: alivergante@g.mail.com.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо