ДIаяьхьира «Хазийша сан дог» фестиваль

ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан театран-концертийн залехь «Творчество без границ» проектан гурашкахь «Хазийша сан дог» фестиваль хилира. Иза вовшахтоьхнера «Интерактив» организацис.

IMG_1219

Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура а дакъалецира цигахь. Даунан синдром а, ДЦП а, кхийолу а цамгарш йолчу берашна лерина яра фестиваль.

Жамалдаев Шаида баркалла элира «Интерактив» организацин директорна Мазаева Маликина. Цо лаккхара мах хадийра Маликас заьIап берашца бечу белхан.

– ХIокху тайпана фестиваль дIаяхьар мехала гIуллакх ду. Кхузахь цахуучарна хуур ду заьIап бераш, шайн могашалла эшна белахь а, дуьнене безам а, адамашца уьйр а йолуш хилар. Дала шайна деллачунна хастам а беш, дахаран хама бан а хууш ду уьш. Иштта, шайца моттаргIанаш а йоцуш, вайн дуьнене, дахаре цхьа шатайпа хьежамаш а болуш, цунах марзо эца а хууш беха уьш, – элира цо.

«Творчество без границ» проектехь Нохчийн Республикерчу заьIап бераша дакъалаьцна ца Iаш, ГIалгIайн Республикерчу а, Дагестанерчу а, Ставрополан крайрчу а, Москварчу а бераша вокалехула а, хелхабовларехула а шайн хьуьнарш гайтира. Къора а, лерса ледара долчу а бераша куьйгаэшарехь эшарш лийкхира. Шайна уггаре а хазахеттачунна тIараш деттара хьовсархоша. Масала, Дагестанерчу Темерханов Аглара «Кавказ» илли олуш шен аз хазийтира. Оцу фестивалан хьовсархошна цуьнан номер къаьсттина хазахийтира. Иштта, шен озаца ладогIархой цецбехира сцени тIе яьллачу Нохчийн Республикин культурин а, искусствийн а колледжан студенткас, бIаьрса доцчу Абубакарова Аминас.

Фестивалан дакъалацархоша шайн-шайн номерш гайтинчул тIаьхьа, царна Дипломаш делира. ЗаьIап берашна совгIат кечдинера фестиваль вовшахтоьхначара. Цул т1аьхьа Москварчу «Тутси» группин декъашхочо Крайнова Анастасияс эшарш лоькхуш самукъадаьккхира заьIап берийн. Ша йиш моссазза локху, берийн лаамца, уьш шеца цхьаьна сцени тIе а бохура артисткас. Бераш ирсе гуора. Иштта, хьешаша заьIап берашна леринчу культурин программица ерзийра фестиваль.

АСЛАХАНОВА Хеда

№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: