Берийн а, доьзалан а гIолацар ю Iалашо

Дахаран халачу хьелашкахь нисделлачу берийн гIолацаран фондо Россин Федерацин субъекташкахь 2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 15-чу дийнахь дуьйна товбецан (сентябрь) беттан 15-гIа де тIекхаччалц вовшахтухур ю «Добровольцы – детям» цIе йолу Ерригроссин VI-гIа акци. Иза вовшахтохарехь фондана гIо дийр ду Россин Зударийн союзо, берийн юкъараллийн цхьаьнакхетараллийн «Пионерийн организацийн союз – берийн организацийн Федераци» дуьненаюкъарчу союзо, волонтерийн туьшийн Ассоциацис.

ХIара мероприяти юкъаяхийтина берийн хьашташкахь гIуллакхдаран Къоман стратегин мехалчу гIуллакхашна. Цу хьокъехь йолу Положени Россин Федерацин Правительствон сацамца чIагIйина а ю.

ХIокху акцин Iалашо ю доьзалан а, бераллин а гIолацаран декъехь Iедалан органаша, граждански юкъараллин органаша, бизнес-юкъараллаша шайн лаамехь гIолацар а, социальни накъосталла дар а кхиор. Акцин гIуллакхаш тIехьовсийна ду берийн а, бераш долчу доьзалийн а социальни жигаралла лакхаяккхарна, церан таронаш а, хьуьнарш а гучудахарна, цара вовшашна гIо даран кепаш кхиорна, шайн лаамехь гIуллакхаш дарна бахархойн дерриге а чкъоьрнаш жигара юкъаозорна аьтто бар.

Доьху шуьга хIокху Акцин гIолацар, Акцин ригионан вовшахтохараллин комитетана куьйгалле хIоттар, Нохчийн Республикин Iедалан кхочушдаран органашка кхуьнан жигара вовшахтохархой а, дакъалацархой а хилар дехар, меттигашкахь шаьш урхалла даран органаша, социальни декъан организацеша, берийн а, кегийрхойн а организацеша, бахархоша, шуьйрачу хаамийн гIирсаша, бизнес-структураша дакъалацарна аьтто бар.

Акцин региональни координаторшка доьху шайн лаамехь гIуллакхаш дечеран дIадолорийн гIолацар, уьш чекхдахар, шайн лаамехь гIуллакхаш дечеран таронаш регионехь социальни декхарш кхочушдарна цхьаьнатохар шайн белхан декхаршна юкъадогIуш йолу организаци къастор.

Акцин хьокъехь йолу положени (оцу документан электронни кеп, ткъа иштта хIора шеран «Добровольцы – детям» Ерригроссин акцина кечамбаран, дIаяхьаран, цуьнан жамIийн хьокъехь йолу), материалаш зорбатоьхна ю Фондан хIокху сайтехь: www.fond.detyam.ru «Добровольцы – детям» лерринчу рубрикехь.

Доьху 2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 15-гIа де тIекхачале дакъалацаран хьокъехь Фонде хаам бар.

№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: