Балхана дог-ойла гIаттийра

Нохчийн меттан хьокъехь Указ арадаьккхина 10 шо кхочуш а, Нохчийн меттан де гергакхочуш а хиларца доьзна республикин «Литературин круиз» проектан гурашкахь, оханан (апрель) беттан 4-чу дийнахь Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекин белхахой а, коьртехь директор Исраилова Сацита а йолуш, республикин «Даймохк» газетан корреспонденташ а, Шеларчу школашкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн йоккха тоба а нохчийн халкъан яздархо Айдамиров Абузар ваьхначу, Мескетахь йолчу музейхь хилира. И гIуллакх вовшахтоьхнера «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара.

IMG_1181

Нохчийн мотт дукхабезаро музейхь иштта цхьаьнатоьхнера Дагестанехь нохчийн мотт хьоьхуш болчу хьехархойх цхьаберш а. Царна хаза кхаъ хиллера музейхь Нохчийн Республикехь евзаш йолу хьехархо, Россин Федерацин дешаран сийлаллин белхахо Вагапова Асет а, халкъан яздархо Сейлмуханов Муса а, музейн директор Айдамирова Машар а шайга хьоьжуш Iаш хиларх. Шеларчу хьехархошна, библиотекаршна, журналисташна экскурси яр хилла ца Iаш, нохчийн мотт Iамош, Iалашбеш бечу балхана дог-ойла гIаттош хилам бара музейхь хилар. Нохчийн литературах, маттах, А.Айдамировн дахарх, кхоллараллах лаьцна дийцира М.Айдамировас а, А.Вагаповас а.

– Вайна массарна а хууш ду Айдамиров Абузар дуьненан бахам лоьхуш стаг ца хиллийла. Амма, вайна а, тIекхуьучу тIаьхьенашна а цо битина боккха цхьа бахам – дош. Кхин хIумма ца хилча а «Еха буьйсанаш» роман тоьар ю иза халкъан иэсехь виса, – бохура А.Вагаповас.

IMG-20170410-WA0016

Музейн директора дийцарехь, кхуза луларчу кIошташкара баьхкина ца Iаш, республикел арахьара а нах богIу Айдамиров Абузар ваьхначу хIусаме кхача сатосий. Иштта, кест-кеста школашкара дешархой а хуьлу яздархочун хIусамехь.

– Музей веанарг Абузара Iалашдина хиллачу хIора а кехатан, сувениран истори хаа лууш хуьлу. Цаьрца къамеле ваьлча хаало Абузаран кхолларалла царна дика евзаш а, цуьнан произведенеш цара йоьшуш а хилар, – бохура Айдамирова Машара.

Ломахь шатайпа хаза бека нохчийн мотт. Цигахь шатайпа мерза хеташ хиллера нохчийн гIиллакх а. Шен да, нохчийн халкъан яздархо Айдамиров Абузар лерина музей баьхкинчу хьешашна доккха той а хIоттийна, хьошалла дира Машара.

Шелара нохчийн меттан хьехархой къаьсттина гIадбахнера шаьш Абузаран цIарахчу музей кхачарна. Царах дукхахберш цига дуьххьара баьхкина бара. Хьехархошна къаьсттина доккха совгIат дара иза. Цара дийцира яздархочун йоIеМашаре шаьш кхуза кхачарх даккхийдеш хиларх лаьцна. Даггара баркалла элира и гIуллакх вовшахтоьхначу Исраилова Сацитина а, Эльдерханова Зайнапана а.

Шеко яц нохчийн меттан хьехархойн иэсехь и де дуьсург хиларан. Музейн директора Айдамирова Машара шен дех лаьцна язйина «Абузаран дахар а, кхолларалла а» книга а, Айдамиров Абузаран книгаш а елира хьехархошна шаьш дIасакъаьсташ.

З.ЛОРСАНОВА

№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: