Оха хьалха хаам бина ма-хиллара, 27-29-чуй августехь дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь «Суфизм – адамашна кхерамзалла а, пачхьалкхана чIагIо а» («Суфизм – безопасность для человека и стабильность для государства») аьлла йолу Дуьненаюкъара конференци. Цигахь дакъалецира Мароккорчу Iеламстаге Фасси Фихри Дрисса, Узбекистанерчу шейха Мухьаммад Садык Мухьаммад Юсуфа, Iаьрбийн цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу Iали Зайналабдин Iабдурахьман Iали Алжифрис, Суданерчу Салахьдин Елизадви Абдельмахьмуд Эль-Ханжис, Лебанонерчу Риад Базус, Кувейтерчу доктора Iусман Iабдурахьмана, иштта кхийолчу пачхьалкхашкарчу ларамечу Iеламнаха а. Царна юкъахь бара вайн республикера Iеламнах а. Пхийтта пачхьалкхера векалш бара конференцехь дакъалаьцнарш.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчас Шахидов Адама дийцира Нохчийчохь суфизм кхиорехь вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас биначу балхах лаьцна. «Суфизм ларъярхьама а, и Iилма вайн лаьтта тIехь даржорхьама а беза мах белла вай. Цунах дIа ца херлуш, леррина терго латто еза вай цу тIехь, олура Ахьмад-Хьаьжас», – дийцира А.Шахидовс.
Узбекистанерчу Мухьаммад Юсуф-шейха билгалдаьккхира дукхахйолчу бусалба пачхьалкхашкахь чIагIо, цхьаалла цахилар. Цуьнца йоьзна ю таханлерчу дийнахь бусалбанийнхалонаш а чолхенаш а.
Мисрарчу Осама Эль-Саид Махьмуд Мохамед Саада хьахийра суфизман тоьллачу векалех, шейхех лаьцна, суфизман чулацамах лаьцна дуьйцуш телевиденехь передачаш а хилча, оццу чулацамца зорбанан материалаш а вовшахтоьхча дика хирг хилар. Ткъа Шахидов Адама, цунна жоп луш, билгалдаьккхира цу тайпа болх вайн республикехь дIахьош хилар. Масала, кегийрхойн тобано Нохчийчоьнан берриге а шейхех, устазех, эвлаяэх, баккхийчу нахах лаьцна материалаш вовшахтоьхна, иштта, баттахь шозза «Некъ» телерадиокомпанис суфизмах лаьцна дуьйцуш передача а йо.
Конференцин дIахьочу деношкахь Аргун гIалахь схьайиллира хьафизийн школа. Иштта, дуьненан Iеламнаха Россин исламан университетехь лекцеш йийшира, маьждигашкахь хьехамаш а бира. Коьрта болх дIабаьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзан Соьлжа-ГIаларчу ан резиденцехь. Цигахь шина дийнахь Iеламнаха бусалбанийн юкъараллин мехала гIуллакхаш дийцаре деш, докладаш йира. Конференци ерзош, республикин пачхьенехь дIаяьхьира Нашидийн суьйре.
Билгалдаккха деза конференци республикин телеканалаша ма-ярра йолчу эфирехь гайтина хилар. Иштта, цигахь бина берриге а болх (Iеламнаха дийцаре дина гIуллакхаш а церан докладаш а) оьрсийн, Iарбийн меттанашкахь зорбане боккхур бу.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт