«Питер, нохчий кхеташ бу хьоьгарчу лазамах!»

Оханан (апрель) беттан 8-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» спорткомплексан футболан майданахь нохчийн юкъаралла терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал хилар дIакхайкхоран а, Санкт-Петербургерчу метрополитенехь диначу эккхийтаро шайн дахарех баьхна болу бахархой дагалацаран а Iалашонца митинг хилира.

IMG_0922-08-04-17-18-54

Митинге дакъалаца эзарнашкахь нах баьхкинера. Царна юкъахь кегийрхойн боламийн жигархой а, дешархой а, студенташ а, хьехархой а, культурин гIуллакххой а, Iилманчаш а, Iеламнах а, бакъонаш ларъяран органийн векалш а бара.

Иштта, мероприятехь дакъалаца Правительствон декъашхой а баьхкинера: республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Тагаев Султан, Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, кхиберш.

Митинг дIайолалуш «Дистцахиларан минотаца» Санкт-Петербургерчу метрополитенехь оханан (апрель) беттан 3-чу дийнахь кхелхинарш дагалецира. Цул тIаьхьа Россин а, Нохчийчоьнан а гимнаш лакхарца дIадолийра коьрта дакъа.

Умаров Джамбулата билгалдаьккхира, Россин кхийолу муьлхха а гIалина санна, Соьлжа-ГIалина а оцу бохаман дакъа кхаьчна хилар.

– Санкт-Петербурган метрополитенехь диначу эккхийтаро хIокху дуьненах баьхна болу вайн махкахой дагалаца гулделла вай тахана. Оцу къизачу бохаман дакъа вайх хIоранна а кхаьчна. ХIокху митинге беккъа цхьа соьлжагIалахой гулбелла ца Iа – кхузахь республикин хIора а кIоштара баьхкина эзарнаш нах бу. Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал ду боху вай массара а, – элира цо.

Шайн къамелашкахь кхечара а билгалдаьккхира оцу бохаман дакъа кхачаза наггахь верг бен висина цахилар.

– Вай цхьа доьзал санна бертахь хилчий бен вайгахь ницкъ бац. Вайгахь ницкъ ца хилча, вай дехьарчара а, сехьарчара а ловзор ду. Тахана, хIокху гуламе схьа а гулделла, вай дIахаийтина вай цхьаъ хилар а, Санкт-Петербургехь хиллачу бохаман халахетаран дакъа вайн дегнашка кхаьчна а хилар, – элира Нохчийн Республикин юкъараллин а, кегийрхойн а, берийн а цхьаьнакхетараллийн Къоман кхеташонан куьйгалхочо Дунаев Мусас.

Республикин Профсоюзийн федерацин председатела Солтагереев Хьусайна билгалдаьккхира террористашка вайн юкъараллехь кхерам баржалург цахилар.

– Цаьрга вай цкъа а кхералур дац! Царна ца лаьа вайн кхане хила. Царна ца лаьа къаьмнаш бертахь а, маьрша а дахийта. Церан Iалашо ю и. Амма оцу Iалашоне вай уьш цкъа а кхочуьйтур бац! Я Нохчийчохь а ца кхачийтина, я Россехь а кхочуьйтур бац, – элира цо.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу орденан кавалере Баталов Казбеке а делира дош. Казбек, зуламхошна дуьхьал дIахьочу лерринчу операцехь еза чов хилар бахьана долуш, заьIап висина.

– Вайн республикехь я терроризмана а, я экстремизмана а меттиг яц! Тхо могIарехь (бакъонаш ларъяран органийн могIарехь) долуш оха а, хIинца тхайн метта и дукъ шайга схьаэцначу кIенташа а, синош ца кхоош, шайн ницкъкхочург дийр ду… Шайн ницкъкхочург дийр ду вайн бахархойн деша а, болх бан а, баха а таро а, бакъо а, маршо а хилийтархьама, – элира Баталов Казбека.

Митингехь дIабийшира Соьлжа-ГIалин килсан округан мозгIара Сергийс ХIинжа-ГIалин а, Соьлжа-ГIалин а Епископан Варлааман митинге гулбеллачаьрга болу кхайкхам, республикин муфтин наиба Хабзиев Iаьрбис кхелхинарш а, балехь берш а юкъа а лоцуш, доIа дира. Кхузахь вовшахкхеттачаьргахь дара «Вай кхералур дац!», «Питер, нохчий кхеташ бу хьоьгарчу лазамах!», «Терроризмана а, экстремизмана а – хIан-хIа!» боху, «Вайн ницкъ – вайн цхьааллехь!» йозанаш тIехь долу транспаранташ а, плакаташ а.

– Со тешна ву кхузахь гулбелларш Питерехь хиллачу лазамах кхеташ хиларх. Ца кхоьтийла а ма дац! Вайн халкъана дика девза и хьал… Вайн наной а, йижарий а, хIусамнаной а, доьзалш дукха белхийна оцу зуламо. Уьш керста белахь а, тахана вай царах кхеташ ду. Цундела веана со кхуза, – аьлла, шен дог-ойла йовзуьйтуш къамел дира Абдулмежидов Хьасана. Иза митинге Нохчийчоьнан байракх а эцна веанера.

Билгалдаккха догIу оханан беттан 3-чу дийнахь Санкт-Петербургерчу метрополитенехь эккхийтар дар бахьанехь 13 стаг кхелхина а, 60 сов стагана чевнаш хилла а хилар.

И.АДАМОВ

№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: