Малигов Адам – Европин чемпион

Оханан (апрель) беттан 2–8-чуй деношкахь Хорватин Сплит гIалахь дIаяьхьира езачу атлетикехула Европин чемпионат. 31 пачхьалкхера 343 спортсмен вара цигахь дакъалоцуш. Оцу къийсадаларшкахь боккхачу кхиаме кхаьчна нохчийн спортсмен Малигов Адам.

Йозаллин барам 94 кг. йолчу категорехь дашо мидал яьккхира цо. Шина а кепехь (рывок а, толчок а) Адама айъинарг 388 кг. йозалла ю. Россин божарийн вовшахтоьхначу командо яьккхинарг ерриге а йиъ мидал ю, царах цхьаъ (Адама яьккхинарг) дашо а йолуш. Оцу боккхачу кхиамца хьуьнаре спортсмен декъалвира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Хь.АБАЕВ

№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: