Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос нохчийн мотт кхиоран а, баржоран а, марзбаран а Iалашонца, нохчийн маттахь журналистикин тоьлла материал язъяран республикин конкурс дIакхайкхайо. Иза лерина ю Нохчийн меттан денна.
Конкурсан декхарш
Нохчийн юкъараллин дахарехь халкъан ламасташ, гIиллакхаш, Iадаташ, син-оьздангаллин мехаллаш Iалашъярехь долу ненан меттан маьIна шуьйра довзийтар, Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь болх бечу журналистийн гIолацар. Нохчийн юкъараллехь идеологин а, Iаморан а, культурин а декхарш кхочушдеш йолчу пачхьалкхан а, юкъараллин а учрежденеша ненан мотт марзбарехь дан дезачийн хьокъехь хьехарш, магораш довзийтар.
Конкурсан хьелаш
Конкурсехь дакъалаца йиш ю 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна оханан (апрель) беттан 20-гIа де тIе кхаччалц болчу муьрехь шайн материалаш Нохчийн Республикин зорбанан а, электронни а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорба тоьхна хиллачеран.
Материалийн мах хадор кху критерешца хир ду:
1. Корматаллин лехамашна жоп луш хилар.
2. Исбаьхьаллин хатI.
3. Йозанан а, барта а ненан мотт хууш хилар.
Конкурсе материалаш схьаоьцу кхаа номинацехула:
1. Телевидени.
2. Радио.
3. Муьран зорбанан изданеш, интернет.
ХIора номинацехь билгалйина совгIатийн кхоккха меттиг
Нохчийн Республикин хаамийн гIирсашкахь хилла йолу материалаш конкурсе дIаоьцу зорба тоьхначу а, электронни а кепашкахь 2017-чу шеран оханан (апрель) беттан 1-чу дийнахь дуьйна 20-гIа де чекхдаллалц кху адресца: Соьлжа-ГIала, Маяковскийн урам, 92, Зорбанан цIа – «Даймохк» газетан редакци. ЗIенна телефон: 22-22-24.
Конкурсан толамхошна совгIаташ дар дIахьур ду Нохчийн меттан де даздарал хьалхарчу деношкахь.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство
№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо