«ХIай нах! Баккъал а, Оха кхоьллина шу боьршастагах а, зудчух а, шух халкъаш а, тайпанаш а дина, шу вовшашна довзийта. Шуна юкъахь уггаре а сийлахь верг – уггаре а чIогIа Делах кхоьруш верг ву. Баккъал а, Дела Хуушверг, Девзашверг ву», – боху вайга Дала Шен Сийлахьчу Къуръанехь (49-гIа сурат, 13-гIа аят). Тайп-тайпана къаьмнаш дина кхоьллина вай Дала, дуьне мел ду вай даха а ховшийна. Нохчийн халкъ Дала дуьненахь бусалба динца совгIат динчарах ду, цул сов, уггаре а хаза гIиллакх-оьздангалла йолуш а кхоьллина Цо вай.
Нохчийн къоман истори дуьненахь мел долчу къаьмнийн уггаре а чолхечарах, чулацамечарах цхьаъ ю аьлча харц хир дац. Дукхах йолчу яккхийчу пачхьалкхаша ца лайнначул баланаш лайна, лаьтта тIехь нохчаллин доь ца диссал зиэрех чекхбаьлла бу вайн мохк. Нохчийн халкъан историн агIонашкахь уггаре а лазамечу хиламех цхьаъ бу XIX-чу бIешарахь а, 1900-чу шерийн юьххьехь а вайн къоман цхьаболу векалш Нохчийчуьра дIакхалхар. ХIетахь, динан маршо лоьхуш, арабевллачу вайн дайн тIаьхьенаш ю таханлерчу дийнахь Иорданехь, Хонкарахь, Шемахь. Уггаре а чIогIа нохчийн мотт, Iадаташ, ламасташ лардарца, нохчалла Iалашъярца царах къаьсташ бу Иорданехь Iаш болу вайн халкъан векалш. БIе шо сов хьалха Даймахкара дIакхелхинчу шайн дайша Iалашбина ненан мотт, биц ца беш, шайн доьзалшкахь буьйцуш, таханлерчу дийне схьабеана цара. Иштта, къоман Iадаташ, ламасташ лардина.
Вай шайх масал эца хьакъ бу и нах. Таханлерчу дийнахь вайн школашкахь, университеташкахь хьоьхуш бу нохчийн мотт, вайн урамашкахь, базаршкахь, белхан меттигашкахь буьйцуш бу, пачхьалкхан тIегIанехь Iалашбеш, кхиош бу. ХIетте а, цунна генадевлла, оьрсийн маттаца иза иэбеш, белхамечу хьоле балийна вай вешан ненан мотт. Ткъа цара, цхьанхьа а хьоьхуш боццушехь, доьзалшкахь бийцарца бен хууш а боццушехь, шаьш Iаьрбашна юкъахь Iаш хиларе хьаьжна доцуш, буьйцуш, Iалашбеш бу вайн ненан мотт. Царах дукхахберш цкъа а Нохчийчохь хилла а бац.
ДIабаханчу бекарг (март) беттан чаккхенехь Иорданера нохчийн цхьа тоба хилира Нохчийчохь. «Даймохк» газетаца тIаьхьарчу шина шарахь зIе латтош волу Бакир Iабдул-Хьамийд а, цуьнца цхьаьна хилла волу Бено Мохьмад а, Ассандр МахIир а – уьш кхуьий а кхул хьалха Нохчийчохь хилла вацара. Дуьххьара Даймахка кхачарал, дай баьхначу лаьттах бIаьргтохарал сов, белхан Iалашонаш а яра церан. Масала, Бакир Iабдул-Хьамийд вайн цIахь болчу говзанчашца цхьаьна Иорданехь шаьш кхочушъеш йолу нохчийн мотт кхиорна лерина проект йовзийтар коьрта Iалашо йина веана вара. Проектан хьокъехь цуьнан цхьаьнакхетарш хилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, дешаран, Iилманан а министерствошкахь а, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтехь а. Коьрта цхьаьнакхетар Нохчийн Республикин Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца хилира.
Лакхахь хьахийна йолу проект (цунах лаьцна лахахь мелла а шуьйра яздийр ду) кхочушъян резахилира А.Эдельгериев, иза вайн къомана пайдехь хирг хиларх ша тешна хилар а, нохчийн мотт кхиорехь иза мехала гIуллакх хилар а билгалдаьккхира.
Дагадоуьйту, хIокху шеран 4-чу номерехь «Иорданера – нохчийн маттана гIо-орца» аьллачу статья тIехь тахана юьйцуш йолчу проектах лаьцна мелла а яздинера оха. Иза, нохчийн меттан исторехь хIинццалц хилла боцу, вуно мехала а, чулацаме а болх бу. Нохчийн, оьрсийн, Iаьрбийн, ингалсан меттанашкахь йолу электронан дошам ю иза. Карарчу хенахь 13 дошам юкъалоцу цо (тIаьхьуо кхин дошамаш юкъалаца а тарло): А.Мациевн «Нохчийн-оьрсийн дошам» (Москва, 1961) , А.Карасаевн, А.Мациевн «Оьрсийн-нохчийн дошам» (Москва, 1978), В.Борисовн «Оьрсийн-Iаьрбийн дошам» (Москва, 1967), И.Алироевн «Нохчийн а, гIалгIайн а меттанийн а, меттан кепийн а декъан (отраслан) лексикин дустаран-дуьхьалхIотторан дошам» (ХIинжа-ГIала, 1975), Мунир Аль-БаIалбакин «Ингалсан-Iаьрбийн дошам» (Бейрут, 1977), З.Джамалхановн, И.Алироевн «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам» (Соьлжа-ГIала, 1992), Х.Барановн «Iаьрбийн-оьрсийн дошам» (Москва, 1985), Аль-МуIджам Аль-Васитан «Iаьрбийн-Iаьрбийн дошам» (Каир, 1944), Байсултанов Дадашан, Байсултанов Даудан «Нохчийн-оьрсийн фразеологин дошам» (Соьлжа-ГIала, 1992), Бети М.Ахьмадан «Нохчийн-оьрсийн-Iаьрбийн дошам» (Иордани, 2015), Николс Джоаннин, Вагапов Iарбин «Нохчийн-ингалсан дошам» (Нью-Йорк, 2016), Гелагаев Сайд-Мохьмадан «Дийнатийн а, ораматийн а дуьне» (Нальчик, 2015), https://www.merriam-webster.com онлайн-дошам.
Оцу беа маттах муьлххачу цхьана маттахь дош дIаяздича, вукха кхаа маттахь маьIна гайтарал сов, нохчийн дешнийн легарш гойтур ду дошамо: цхьааллин терахьехь барххIе а дожар, дукхаллин терахьехь – иштта. Цул сов, хандешнийн хенашца а, классашца а хийцадалар а, дIаяздина долу дош цIердош, хандош, масдар я кхидерг хилар гойтур ду. Иштта, нохчийн дош муха ала деза хозуьйтуш, хIора дашца аудиофайл а хир ю. Герггарчу кхаа-беа баттахь коьрта болх чекхбер бу, цул тIаьхьа дошам кхачам болуш хилар леррина талла а толлуш, делахь кхачамбацарш дIа а дохуш болх бийр бу. Доцца аьлча, 2017-гIа шо чекхдалале кийча хила езаш ю дошаман сайт.
Карарчу хенахь оцу проекта тIехь болх беш Иорданера а, Нохчийчуьра а меттан говзанчийн тоба ю, царна юкъахь бу «Даймохк» газетан белхахой а. Билгалдаккха догIу, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала а, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата а, проект кхочушъярехь накъосталла дан лууш, проектан дIадолорхочун а, бухбиллархочун а Бакир Iабдул-Хьамийдан лаам тидаме а эцна, электронан дошама тIехь Нохчийчохь болх беш йолчу тобанан хьехамча хила векал вина Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин кафедрин доцент, дешар кхиоран институтан Iилманан коьрта белхахо, профессор Вагапов Iарби.
Дошаман озанан файлаш дIаязъярехь гIо-накъосталла деш ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу «Некъ» радио. Дешнаш олуш ву радион дIахьошверг Арипханов Адам. «Некъ» радион коьртачу редактора Точиева Хедас кхайкхина, Иорданерчу хьешашца цхьаьна ма-ярра йолчу эфирехь (церан радиохь) хилира тхо. Цигахь къамел хилира Иорданерчу нохчаша къоман Iадаташ, ламасташ лардарх а, ненан мотт бийцарх а, Iалашбарх а, кхочушъечу электронан дошамах а лаьцна. Иштта, нохчийн маттахь цхьаъ бен доцчу «Даймохк» газете язбаларна ладогIархойн дегнаш ир-кара а хIиттош, газетан мехалла а юьйцуш, къамел дира дIахьошволчо. Цул тIаьхьа масех де даьлча, Бакир Iабдул-Хьамийд хьошалгIа кхайкхина передача дIаяьхьира «Некъ» телевиденехь а.
ХIинца, белхан Iалашонаш дIа а теттина, шайн дахарехь дуьххьара Даймахка кхачарх вайн хьешашна (царех хьеший ала а ца лаьа) хиллачу синхаамех, Iаткъамех лаьцна дийца лаьа. Дай баьхначу лаьттах хьоьгуш, шена ма луъу паргIат ненан мотт бийцарх а, шен нах гарх а хьоьгуш Iан мел хала ду хуур ду Нохчийчуьра дIа а вахана жимма а хан яьккхинчунна. Ткъа, дуьнен чу ваьлчахьана а оцу ойланца ваха мел хала хир ду?!..
ХIун дог-ойла хир ю дахарал а бахбелла некъ бохьуш дуьххьара Даймахке кхаьчначеран?.. Оцу хаттарна, ша Нохчийчохь а волуш (хIинца иза дIавахана), тхуна жоп делира Бакир Iабдул-Хьамийда: «Сайн дахарехь хийрачу махкахь – Iаьрбийн махкахь даима а Даймахках хьоьгуш Iийна ву со. Цкъа а дагара ца йолура ДегIаста (ДегIаста олу оха). Дай баьхна латта, ДегIаста ца хьахош гулделла охьахевшинчуьра цкъа а гIовтуш дацара тхо. ТIаьххьара а хIинца цIавар нисделира. Кеманахь цIа вогIуш, Нохчийчоь герга мел хуьлу а, цхьа тамашийна дог тохалора. ХIинца, Соьлжа-ГIалахь, нохчийн лаьтта тIе охьадуссуш ду-кх хIара кема бохуш, шина сохьтехь сов болу некъ шарал бахбеллера. ТIаьххьара а, кема охьадоссаре ладоьгIуш, «хIара ю-те Нохчийчоь» бохуш, кеман чуьра охьахьуьйсуш, корашка а летта Iийра со а, соьца берш а. ТIаккха кема охьадоссарца массара а нохчийн мотт буьйцуш хезаш цхьа башха, тамашийна хетара. Дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь лелла ву со, кхечанхьа кема охьадоссарца ингалсан я Iаьрбийн мотт хаза Iемина, схьакхачарца ненан мотт хезаш чIогIа хазахетара. Iадийча санна, ванах хIара гIенах ду-те я самах ду-те аьлла, висинера. Нохчийн лаьтта тIе охьавоьссина, массанхьа ненан мотт хезаш, дегайовхо меттаххьайна, бIаьргех хи даьллера, амма дуьхьал баьхкинчарна иза ца хаадалийта гIертара. Лаьтта хьоьжуш вара со, латта кара а эцна, цунах барт баккха лууш, тIаккха а, гуонахарчарех эхь хетта юхавелира. Цул тIаьхьа, Иорданерчу нохчашкахь а дисина долу вайн хьаша-да тIелацаран гIиллакх, яхь, доьналла – дерриге а кхин бIозза сов гайтира тхуна. Генара дуьйна баьхкина бу хIорш, вайн нохчий бу бохуш, цIакхачарца цхьана даздаршка дигира тхо. Цигахь схьа мел гуш верг нохчи ву-кх, чоьхьаваьлчахьана дуьйна нохчийн мотт бу-кх хезаш. Цара сайга до хаттарш а хезаш дацара суна, цара массара вовшашка ненан мотт буьйцуш дукха хазахетарна. Церан массеран а суьрташ даха лууш, массаьрга а ладогIа лууш, цхьа тамашийна яра дуьххьарлера буьйса…». Нохчийчу кхаьчча шена хиллачу синхаамех долу Iабдул-Хьамийдан къамел оха къаьсттина довзуьйтур ду газетан рогIерчу номерехь.
Иорданера баьхкинчу хьешийн а, тхайн а цIарах баркалла ала лаьа, царна хьакъ ма-дду хьошалла динчу «СОБР» тобанарчу кегийрхошна. Масех шо хьалха Иорданехь шаьш Iаморашкахь хилчахьана, цигарчу нохчашца хаддаза зIе латторал сов, уьш Нохчийчу баьхкича, денна церан гIуллакхе хьовсуш, царна хьошалла деш, уьш дика лелийна оцу кIенташа.
Билгалдаккха лаьа, шаьш Нохчийчу кхаьчначул тIаьхьа, кхийолчу меттигашка кхачале хьалха, нохчийн газетехь хила лаьа шайна аьлла, вайн хьеший «Даймохк» газетан редакце баьхкина хилар. Шаьш Нохчийчу дахкаран Iалашонаш йовзуьйтуш, газетан коьртачу редакторца Шамсудинов Бувайсарца а, кхиболчу белхахошца а цхьаьнакхетар хилира церан.
Иштта, Соьлжа-ГIалахь белхан гIуллакхашна лерина цхьаьнакхетарш хиллачул тIаьхьа, шайн дай баьхначу Шира Бена а кхечира Иорданера хьеший. Царех цхьамма, Бено Мохьмада, ша Нохчийчу еана Iалашо кхочушъеш, шайн дай баьхначу лаьтта тIехь шен дена-нанна тIера сагIа даьккхира, шина бежанна урс а хьакхийтина (Дала къобалдойла иза).
Нохчийчохь ши кIира даьккхина Иордане юхабоьрзуш чIогIа гIайгIане бара хьеший. Оццул дукха шерашкахь сатийсинчу шайн Даймахке кхаьчначул тIаьхьа, кхузара юхадерза кхин а хала хиллера. ХIинццалц дай баьхначу лаьттан марзо, дегайовхо ца евзаш, Нохчийчу ца богIуш уьш хьебеллехь а, цкъа кхузахь хиллачул тIаьхьа, церан дегнаш юх-юха ша болчу кхойкхур ду Даймахко…
А.МУСАЕВА
Суьрташ тIехь: Иорданера хьеший – Нохчийчохь
№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо
Бакийр 1абдул-Хьамийд а аш а беш болу болх вайна оьшуш беза мах болуш бу.
оьцу дошамах ч1ог1а пайда оьцур бу вай, 13 дошам чулацар дика онда болх бу.
Дала аьтто бойла шун.
Амин! Дела реза хуьлда! Дала мукъ лахь, дерриге нохчийн халкъана пайдехь, беркате болх хир бу иза!
Дела реза хьуьлда, Махӏир оцу белхан лекхара мах хадабарна.