Мулкул-Мовт
ХIокху дуьнена мел деана са кхалха дезаш ду. Валар Iовша дезаш ву массо а, АллахI воцург. Адамийн саэца кхоьллина Мулкул-Мовт а ду. Къематан де тIекхаччалц шен болх ца бича а ца долу иза, Цуьнан омрица. Iеламнаха дийцарехь, даима а ца нисло цо и «болх» доккха а деш бар. Адамийн саэца даханчохь и дилхина а, деладелла а, цецдаьлла а меттигаш ю боху. Царах лаьцна дийца хьовсур ду вай.
Дилхира…
Iаьрбийн цхьана махкахь цхьа зуда хилла гIамарийн арахь Iаш. Шен цхьаъ бен доцчу берах йоккхаеш, иза хьоьстуш Iаш иза а йолуш, Делан омрица оцу зудчун саэца деана Мулкул-Мовт. Вовшах самукъадаьлла, деладелла, декхаделла Iаш долчу цу шинга а хьаьжна, ша саэца дезачу зудчух а, эрна арахь, тIекхача орца а доцуш, дуьсуш долчу берах а къахетта, дилхира боху Мулкул-Мовт, шена тIедиллина декхар кхочуш ца дича цадаларна.
Деладелира…
Цул тIаьхьа дуккха а хан дIаелира. Мулкул-Мовт цхьана юьртарчу воккхачу стеган саэца даханера. И воккха стаг пхьере шен Iаса тойойтуш вара. «Пхьар, – бохура цо, – кхул хьалха ахь Iасанна буха тоьхна хIума масех баттахь бен ца лаьттира. ХIинца тухуш ерг цхьана-шина шарахь лаьттар йолуш тохалахь».
Цуьнан саэца деана долу Мулкул-Мовт деладелира боху цуьнан и къамел а хезна. «Хьажахьа, со кхуьнан саэца деана лаьтташ ду, ткъа хIара, шен дагахь кхин а цхьана-шина шарахь ваха ойла йолуш ву», – аьлла. И воккха стаг мила хилла а дуьйцур ду вай. Кхул хьалхарчу дийцарехь эрна арахь, тIекхача стаг а воцуш, нана а елла, дисина долу бер хилла иза. Иштта ду-кх Делан йозанаш.
Цецделира…
Дуккха а хьеший гулбелла, доккха той дара. Царна юкъахь вара тIех ирча, шега хьаьжнарг кхералуш цхьа стаг. «Иза мила ву?», – аьлла, хаьттира цхьана хьолахочо. «Массеран а керта кхочур волуш хьаша ву иза», – аьлла жоп делира Хьолахочунна. «И кхул тIаьхьа гича лалур долуш вац со. Сихонца хIара сайн бахам а, мохк а битина, ницкъ ма кхоччу, гена вер ву со кхузара», – аьлла, дукха чехка ХIиндойн (Инди) махка дIавахана хьолахо.
Ткъа цунна гина чам боцу, ирча стаг Мулкул-Мовт хилла. ХIара стаг гича, оцу Делан геланчас ойла йина хиллера боху: «Масех де даьлча, ХIиндойн махкахь саэца дезаш а ма ву и стаг, эзарнаш километраш генахь болчу оцу махка иза муха кхочур ву те. Цхьана а метта ваха дагахь а ма вац иза», – аьлла.
Амма шена и ирча стаг гича, цунах дукха чIогIа кхеравелла, оцу сохьта хIорда кеманахь ХIиндойн махка ваха новкъаваьлла иза. Масех де далале цига дIакхаьчна. Цуьнан саэца Дала язйинчу метте дIадахана Мулкул-Мовт а. Шек воцуш Iаш волу и стаг гича, цецделира боху малик. «ХIара Iаьрбийн махкахь а витина, схьа ма деанера ша, шен саэца язйинчу минотехь хIара кхуза муха кхочур ву те бохуш а ма дара ша, АллахI-Дала валий-кха хьо кхуза», – элира боху цо.
Иштта, Дала хIоттийна бахьана-сурт хилла цунна, иза валарх кхеравелла ша саэца дезачу метте схьаваийта а, цигахь лахьте верзавайта а.
(ХIара жима кхо дийцар дIаяздина Iеламстага Хийтанаев Мохьмад-Хьаьжас дуьйцуш хезна)
С.ХАМЗАТОВ
№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо