Тхан рузма

Оханан беттан 9-гIа де, 1949 шо. Юккъерчу Азехь вина Джамаев Iимран, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист. 1968-чу шарахь чекхйоккху Девкар-Эвлара юккъера школа. Цул тIаьхьа дешна А.Луначарскийн цIарахчу театран искусствон институтехь. 1973-чу шарахь дуьйна Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театрехь болх беш ву.

Дукха васташ кхоьллина цо Нохчийн театран сцени тIехь: Яго (У.Шекспир, «Отелло»), Хлестаков (Н.Гоголь, «Ревизор»), Кочкарев (Н.Гоголь «Зудаялор»), Нурадилов Ханпаша (I-Хь.Хамидов, «Лийрбоцурш»), Моцарт (А.Пушкин, «Моцарт а, Сальери а»), Кларена (В.Шекспир, «Кориолан»), Скапен (Ш.-Б.Мольер, «Скапен, орцахвала безамна»), Ломов (А.Чехов, «Предложени»), ТIалаб (С.Гацаев, «Пелхьонаш»), Къамболат (С.Чахкиев, «Асхьаб Бендер»), ГIуллакхан стаг (А.Экзюпери, «Жима эла»), Сутарби (I.-Хь. Хамидов, «Бож-Iела»), иштта кхин а.

Боккха болх бо I.Джамаевс театрана къона тIаьхье кхиош, масийтта шо ду цо шен сценин зеделларг Нохчийн пачхьалкхан университетан театральни отделенин студенташна довзуьйту.

Джамаев Iимранан кхоллараллин а, юкъараллин а белхан лаккхара мах хадийна юкъаралло а, Iедало а: цо хьакъ а йолуш лелайо Нохчийн Республикин халкъан артистан а, ГIалгIайн Республикин халкъан артистан а цIерш.

Оханан беттан 11-гIа де, 1939 шо. Iалхан-Юьртахь вина Сатуев Хьусайн, поэт. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Дуккха а шерашкахь болх бина ша винчу юьртарчу юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш. Шен дахаран тIаьхьарчу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзехь литконсультант лаьттира.

Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане евлла 1959-чу шарахь. 1967-чу шарахь араелира Сатуев Хьусайнан стихийн хьалхара «Лаьмнийн бер» цIе йолу гулар. ХIетахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь стихийн а, поэмийн а итт сов книга арахийцира поэта: «Сахуьлу седа» – 1969 шо, «Ненан мукъамаш» – 1971 шо, «Дайн байракх» – 1975 шо, «Йистйоцу аре» – 1978 шо, «Хазалла йовзар» – 1984 шо, «Дахаран абат» – 1988 шо, «Чов йина илли» – 1991 шо. Стихаш зорбане йийлина юкъарчу гуларшкахь а, литературни журналашкахь а. Халкъо дезаш тIеэцна дуккха а иллеш ду цуьнан дешнашна даьхна, къаьсттина шуьйра девзаш дара Магомедов Султана дIаолуш хилла «Маьлхан Нохчийчоь» илли.

1995-чу шарахь, хала цамгар текхначул тIаьхьа, кхалхар хилла Хь.Сатуевн, амма яха йисина цуьнан сирла поэзи.

Оханан беттан 12-гIа де, 1947 шо. ГIиргIизойн махкахь вина Шайхиев Iалвади. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан институтехь. Белхаш бина Нажи-Юьртан кIоштан «Коммунизман байракх», «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газеташкахь, Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзехь, книгийн издательствехь, «Орга», «Литературни Нохч-ГIалгIайчоь» (оьрсийн маттахь) альманахийн редактор волуш.

Яздан волавелла ша школехь доьшуш волуш дуьйна. 1967-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь араевлла «Безаман алу», «Кхерчахь цIе», «ГIа-буц», «Стогаллин бIаьвнаш», «Сийлаллин бIаьвнаш» (оьрсийн маттахь), кхийолу а стихийн, поэмийн гуларш.

Цуьнан стихаш гочйина ингалсан, французийн, японийн, немцойн, кхечу къаьмнийн меттанашка.

ТIаьхьарчу хенахь прозехь, публицистикехь болх беш а ву Iалвади.

№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: