Ненан мотт кхиоран юьххьехь лаьттинчарах

БIе шовзткъе итт шо сов хьалха оьрсийн гIараваьллачу Iилманчас, Кавказталлархочо П.К.Услара а, хIетта нохчийн дуьххьарлера абат («Нохчийн жуз») хIоттийначу Дишни-Веданарчу прапорщика Досов Къедас а Соьлжа-ГIалахь схьайиллира нохчийн маттахь хьоьхуш йолу дуьххьарлера ханна йолу школа. 25 нохчи вара цигахь доьшуш. Оцу алфавитах пайда а оьцуш, йоццачу хенахь шерра нохчийн маттахь деша Iемира царах дукхах болчарна.

Нохчийн пачхьалкхан университетан Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтехь ю Соьлжа-ГIалахь дуьххьарлера нохчийн школа схьаелларан а, нохчийн дуьххьарлера абаташ арахецаран а хьокъехь йолу мехала материалаш. Вайн халкъан кхолламехь доккха маьIна долуш хиламаш бу дуьххьарлера къоман школа схьаеллар а, абат арахецар а. Оцу хиламех лаьцна дийцина шайн белхашкахь филологин а, историн а Iилманийн доктора, профессора Алироев ИбрахIима, Дагестанерчу Iилманчас, филологин Iилманийн доктора А.Магомадовс, кхечара.

Алироев ИбрахIиман «Нахская группа языков» балха тIехь («Введение в нахское языкознание» гулар) боккха тидам тIебохуьйту XIX-чу бIешарахь Кавказан меттанаш толлуш П.К.Услара биначу балхана. Iилманчас чIагIдеш ма-хиллара, Петр Карловичан, Досов Къедин цIерашца доьзна ду нохчийн мотт Iилманан тIегIанехь талла болор а, нохчашна юккъехь йоза-дешар Iамор даржа доладалар а.

XIX-гIа бIешо чаккхене гIоьртинчу хенахь жигараделира нохчийн йоза кхиоран гIуллакх. 1862-чу шарахь Гуьржийчоьнан пачхьенехь Тифлисехь Досов Къедас арахоьцу нохчийн абат. «Нохчийн жуз ду хIара» хуьлу цуьнан цIе. Вайгахь болчу хаамашца нохчийн маттахь арахецна йолу дуьххьарлера абат ю иза. Цул тIаьхьа, нохчаша-юнкерша Мустафинов Джаль-Эддис а, Бочаров Эдикас а, Тарамов Ахьмадхана а гIо-накъосталла а деш 1866-чу шарахь абат арахийцира И.А.Бартомолейс. Юха, 1911-чу шарахь Эльдарханов Таьштамира арахоьцу нохчийн абат а, ткъа иштта нохчийн дуьххьарлера ешаран книга а. Цуьнан цIе «Нохчийн муот» хуьлу.

«Баккъал а, Iамо ма-беззара нохчийн мотт Iамор дIадоладелира П.К.Услара 1862-чу шарахь язбина а, 1888-чу шарахь арахецна а йолу «Чеченский язык» книги тIера, – боху Iилманчас Алироев ИбрахIима. Иза а, Досов Къеда а вара Соьлжа-ГIалахь дуьххьарлера нохчийн школа схьайиллинарг. Цигахь хьехар а дара нохчийн маттахь.

… П.К.Услара дуьххьара Iилманан буха тIехь язйира нохчийн меттан грамматика. Цуьнца цхьаьна дошам а хIоттийра, халкъан бартакхолларалла а йовзийтира. И дарца цо бух биллира вайнехан меттанаш а, нохчийн фольклор а Iаморна».

П.К.Услара нохчийн мотт а, къоман бартакхолларалла а толлуш биначу балхах лаьцна вай дуьйцуш хилча, кIеззиг мукъана а иза вовзийтича бакъахьа хета. Петр Карлович вина 1816-чу шарахь Тверан губернехь. Эскарехь гIуллакхдар Кавказехь дIадолийна. Императоран тIеман академи чекхъяьккхинчул тIаьхьа иза гIуллакхдан Сибрех воьду. 1850-чу шарахь Кавказе юхавоьрзу. Ша кхалххалц кхузахь Iа П.Услар. Оьрсийн географин-императоран юкъараллин Кавказерчу отделан бакъонца волу декъашхо хилла Петр Карлович. 1858-чу шарахь цунна «лакхара тIедиллар до» Кавказан истори язъе олий. Кавказан истори Iаморехь цо тешаме хьоста лорура кавказхойн меттанаш. Цундела шега хаамаш бечу ламанхойн гIоьнца цо дIадолийра лингвистикин талламаш бар.

Iилманчин гIоьнчаша, цунах Iама а Iемаш, шайн хаарш алсам а дохуш, шайн хазна юкъаюьллура нохчийн мотт а, меттан Iилма а кхиорна, цу юккъехь лингвистика кхиорна а. Нохчийн мотт Iамон тIевоьллачу Петр Карловича Тифлисе (Тбилисе) кхайкхира Нохчийчоьнан лаьмнашкахь йолчу Дишни-Веданара прапорщик, меттан говзанча Досин (Досов) Къеда. Хьаххийначуьра аьлча, и шиъ цул хьалха а вовшашна вевзина а, нохчийн мотт Iаморехь цхьаьна болх бина а вара. Шен хьехархочун гIоьнца хIоттийначу алфавитах пайда а оьцуш, оцу Досов Къедас арахийцира нохчийн дуьххьарлера абат. Цу тIехь Iаьвшшина болх а бина, абат 1862-чу шарахь арахийцира цо (цхьаболчу Iилманчаша яздо абат 1863-чу шарахь араяьлла бохуш. Делахь а, Къ.Досовс арахецначу абатан мужалта тIехь яздина ду «зорбун туехна теплiqiar; 1862» (зорба тоьхна Тифлисехь. 1862 ш).

Нохчийн алфавит оьрсийн алфавитан буха тIехь (графика тIехь) хIоттийра. ТIетоьаш доцу элпаш гуьржийн а, латинийн а алфавиташкара схьаийцира Iилманчас. Петр Карлович Услара, Досов Къедас хIоттийначу нохчийн алфавитехь 37 элп дара.

Цу хьокъехь болу хаамаш тIебуьзна 1979-чу шарахь Тбилисехь арадаьллачу «Иберийско-Кавказское языкознание» хIора шарахь арадолучу тептара тIехь йолчу материалаша. Цуьнан цхьа экземпляр дукха лерина ларъеш ю филологин Iилманийн кандидат, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархо Саламова Раиса. Iилманехь талламаш баран декъехь цуьнан хьехамча хиллачу А.Магомедовс (Г.Цадасан цIарах йолу историн а, меттан а, литературин а институт, ХIинжа-ГIала) шен «Нохчийн дуьххьарлерчу абатан хьокъехь» цIе йолчу статьяхь билгалдоккху «нохчийн меттан йоза кхолладаларо культура кхиорехь» лелош долу вуно доккха маьIна. Досов Къедас нохчийн дуьххьарлера абат арахоьцуш хьегна доккха къа билгал а доккхуш, цо хаам бо Соьлжа-ГIалахь нохчийн къоман дуьххьарлера школа схьаелларх а, цо бечу балхах а лаьцна.

Милицин прапорщик Досов Къедил совнаха, хаамча санна, Тифлисе кхайкхина хилла молла Хасанов ЯнгIулба. Церан гIоьнца 1862-чу шеран бекарг (март) баттахь Услар Петра дIадолийра нохчийн мотт Iамор а, таллар а. И болх цо тIаьхьуо Нохчийчохь а дIабаьхьира.

1862-чу шеран асаран (июнь) беттан юьххьехь «Грозный гIопехь схьайиллира ханна йолу школа. Цо 6–7 кIиранах бен болх ца бира. Цигахь доьшуш вара 25 мутаIелам. П.Услара, Къ.Досовс юкъадаьхначу элпашца деша Iемаш бара уьш», – яздо Тифлисехь арадолуш хиллачу иберийн-кавказхойн меттанийн тептара тIехь. Хетарехь, оцу хенахь язйина яьлла хилла Петр Карловичан «Нохчийн мотт» монографи. «Нохчийн грамматикина» тIехь болх бечу муьрехь язйина нохчийн дуьххьарлера абат а. 1862-чу шеран хьаьттан (август) беттан 31-чу дийнахь Ф.Радецкийга яздечу кехатехь П.Услара иштта хаам бо: «Нохчийчохь йоза-дешар Iамор даржоран Iалашонца Грознехь ханна йолу школа схьаелла эла (князь) Дмитрий Иванович реза хилла хилар барта схьахаийтира соьга подполковника Степановс. Школа ворхI кIиранах гергга лаьттира. Суна хетарехь, нохчийн йозанан кепаша тоьшалла до цара оцу декъехь дикка кхиамаш баьхна хиларна… Йоза-дешар Iамор вуно сиха даьржаш ду. Иза кхин а сиха дIагIур ду Тифлисехь нохчийн абат зорбатоьхначул тIаьхьа, иза куьйгайозанехь кийчча йолуш ю. ГIуллакх чекхдаьллий ду нохчийн шрифт хилчахьана. Цунна заказ йина Петербурге. Делахь а, хIинца а схьакхачаза ю иза».

Деша лууш, дешарх кхиа лууш болчу нохчийн дешархойн кхиамаша цецвохура П.К.Услар. «Нохчийн йозано суна дагахь а хилла доцу, суна ца моьттина Iаламаташ гойту, – яздора Петр Карловича ша А.Бержега дахьийтинчу кехатехь, – … селхана, асаран (июнь) беттан 24-чу дийнахь, суна 25 нохчи вовзийтира, царах 14-мма нохчийн маттахь йоьшу вайшимма оьрсийн маттахь ма-ешшара шера а, дика а. Цу тIе тидаме эца ахь царах цхьанна а оьрсийн маттахь еша хууш цахилар. Делахь-хIета, хIинцца юкъаяьккхина йолу азбука (элпаш) царна хьалха йовззане а евзаш хилла цахилар».

ЦIеяхханчу Iилманчас, Кавказан халкъийн меттанаш таллархочо П.К.Услара кхин цхьа хаам а бира шеца ойла йогIуш волчу А.Бержега: «Шифнера нохчийн абатан экземпляраш дIасаяхьийтина Европерчу филологин цIеяхханчу Iилманчашна…» (А.АШифнер академик а, филолог-мотт таллархо а хилла. 1856-чу шарахь цо латинин графики тIехь дуьххьара хIоттийна нохчийн алфавит – С.Д.).

Ткъа Петр Карлович Усларан куьйгаллица нохчичо Досов Къедас язйина а, арахецна а йолу абат шен заманахь уггаре а тоьллачех издани лоруш хилла. Халахеташ делахь а, и болх зорбанера арабаьллачу шарахь дуьйна а лехча халла бен карош хилла бац. Делахь-хIета, Къедин абат дукха дIаса ца яьржина. Цуьнан бахьана хууш дац.

Къилбаседа Кавказерчу цIеяхханчу Iилманчийн, нохчийн йоза-дешар даржорна юьххьехь лаьттинчеран къинхьегаман лаккхара мах а хадош, филологин Iилманийн доктора, профессора Туркаев Хьасана шен цхьана балха тIехь билгалдоккху: «Пачхьалкхан Iедало гIо ца лецира Петр Карловича юьхьарлаьцначу дикачу некъан. ХIунда аьлча, Iедална оьшуш дацара лаьмнашкарчу халкъаша йоза-дешар Iамор. ТIехула хаза хабарш а дуьйцуш, Iилманчаша лелош дерг къобалдо моттуьйтуш суьрташ а хIиттош, паччахьан администраци янне а лууш яцара цара бохург кхочушдан». ХIетте а, А.П.Берже а, П.К.Услар а, кхиболу Iилманчаш а доггах къахьоьгуш бара лаьмнашкарчу халкъашна йоза-дешар Iамош. Оьрсийн а, Кавказера а халкъаш вовшашна герга далорехь оцо Iаламат доккха маьIна лелош хиларх Россера йоза-дешар хууш, Iилма долуш болу нах кхето гIертара уьш. ХIетахь П.К.Услара яздора: «Вай а, ламанхой а дехьа волийла доцчу хинна шина агIор лаьттачарах терра, ду. Ламанхой хIума довза лууш бу. ГIеметтахIиттинчарна а эхье ца хета деша Iамар».

… ТIаьхьуо Нохчийчохь масех школа схьайиллира. Цигахь (кечбора) Iамабора талмажаш, йозанчаш, белхан кехаташ яздархой, административни белхахой. Оцу школашкахь Iамор оьрсийн маттахь дIахьош дара. Цу тайппана школаш ехкинера Гихтахь, Веданахь, Шелахь, Хьалха-МартантIехь. Ишттачу гIуллакхашна Iамор дIахьора 1873-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь схьайиллинчу школа-интернатехь а.

XIX-чу бIешарахь Нохчийчохь дIахьош хиллачу халкъана йоза-дешар Iаморан, нохчийн мотт а, бартакхолларалла а талларан боламо некъ белира халкъа юккъера Iилманчаш, маттаца бала болу нах бовларна. Уьш вайн йоза кхоьллина ца Iаш, оьрсийн а, дуьненан а халкъашца зIенаш, уьйр-марзонаш тасаре доккха хьашт долуш, и дан боккха лаам болуш бара. Оцу некъа тIе хIоьттинчарах цхьаъ вара Досов Къеда. Шен заманахь нохчашлахь уггаре а дукха къахьегнарг ву иза нохчийн йоза юкъадаккха гIерташ. Цундела ларамаза дац нохчийн дуьххьарлера абат арахеца цуьнан аьтто баьлла хилар а. Ша милицин прапорщик хиллехь а, жимачохь дуьйна Iаьрбийн йоза-дешар Iамийна, халкъан бартакхоллараллех, аьхначу, маттах, оцу меттан башхачу озех воккхавуьйш кхиъначу цуьнгахь вуно боккха лаам бара вайн халкъана юккъехь йоза-дешар даржо. Оцу лаамо кхачийнера иза П.Усларна тIе а. Оьрсийн Iилманчица тасаделлачу гергарлонан тIаьхье беркате хилира.

Халахеташ делахь а, вайна кIезиг вевза Досов Къеда. Ца хаьа цуьнан кхоллам муха хилла а. Цуьнан тIаьхье ца кхиъна. И бахьана долуш цуьнан тайпанах а, гарах а болчу Дишни-Веданарчу баккхийчу нахана ца хаьа цунах дерг дийца. «Тхан стаг вара Къеда. Тхан дайша вийца а вуьйцура иза. Амма цунах хилларг ца хаьа. Иэс а хьалхалера дац», – элира дишнех волчу Дишни-Веданарчу Эсаев Туркос.

… Тахана, ненан мотт кхиорна, Iалашбарна леррина тидам тIебохуьйтучу муьрехь вайна эхь ду Досов Къеда санна болу нах бицбича. Дика хир дара Нохчийчохь цуьнан цIарах цхьа школа я урам мукъана а бича.

С.ДАДАЕВ

№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: