Юсупов Iазим

Вайн республикера дуккха а яздархой яздан буьйлабелла «Даймохк» («Серло», «Ленинан некъ»), газетехь болх бечу хенахь. Царах бу: Бадуев СаьIид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Музаев Нурди, Эдилов Хасмохьмад, дуккха а кхиберш. Уьш баккхийчеран чкъурах бара. Ткъа газетехь кхиамца къа а хьоьгуш, яздархочун корматалла караерзийначу а, шарйинчу а керлачу чкъурах бу Абдулаев Леча, Кусаев Iадиз, Шамсудинов Бувайсар, Ахматукаев Адам, Джанаралиев Iимран, кхиберш а. Оцу могIарера ву Юсупов Iазим а, республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а дика вевзаш волу яздархо, поэт, мохкталлархо, публицист. I.Юсупов вина 1940-чу шеран чиллин (февраль) беттан 20-чу дийнахь Грозненски кIоштарчу Девкар-Эвлахь. 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь нохчий, гIалгIай махках баьхна, дIабахийтинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал ГIиргIизойчуьрчу Фрунзен областан Сталински кIоштахь йолчу Панфиловн цIарахчу юьрта кхечира. Циггахь чекхъяьккхира цо юккъера дешаран школа.

1957-чу шарахь меттахIоттийра Нохч-ГIалгIайн АССР. Нах цIа эха буьйлабелча, хьалхарчаьрца цхьаьна шайн дай баьхначу Девкар-Эвла юхабаьхкира ЮсуповгIар а. ДОСААФ-н автоклубехь шоферийн курсаш чекхъяьхна, шен корматаллица болх бира Iазима. 1959-чу шарахь мехкадаьттан, газан промышленностан урхаллин дешаран комбинатехь бурутохархочун корматалла караерзийра. Цул тIаьхьа эскаре гIуллакх дан вахана, кхочушдира махкана хьалха долу шен декхар. Эскарера цIа веанчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете заочни кепара деша вахара. Иза цо чекхъяьккхира 1972-чу шарахь.

Цул тIаьхьа «Ленинан некъ» газетан редакцин культурин отделе балха веара Iазим. Журналистийн коллективехь дика тIеийцира керла белхахо. Iазим балха веанчу хьалхарчу муьрехь, хIора а вара цунна гIо дан лууш, хьехамаш беш. Вуьшта а чIогIа некъ нисбеллера Iазиман: оцу хенахь культурин отделан куьйгалхо вара редакцехь, дуккха а шерашкахь куьйгаллин тайп-тайпана белхаш бина, зеделларг долуш волу журналист Чалаев Билал. Цо шен хаарш, дуккха а шерашкахь IаIийна белхан зеделларг комаьрша дIаделира Iазимна. Къоначу журналиста цунах хаарца пайда а ийцира. Керла статья язъян цхьанхьа материал ян вохуьйтуш, хьехамчас леррина кечвора Iазим. ДIаяздойтура ваханчохь дан деза хаттарш, дуьйцура хьаьнца къамел дича, оьшуш болу хаамаш алссам хир бу, ваханчохь муха лела веза. Иза дерриге а дуьззина кхочуш а дора къоначу журналиста.

Редакцин культурин отделехула чекхъйовлуш яра историх, литературех, культурех, искусствох, ненан маттах, халкъан гIиллакхех, Iадатех, дахар-Iерах лаьцна дуьйцуш йолу материалаш. Уьш тайп-тайпана а, оьшшучу барамехь а хуьлура газетан агIонаш тIехь. Къаьсттина чулацаме а, еша дог доуьйтуш а хуьлура Iазима нохчийн литературех, поэзех лаьцна язйина статьяш а, очеркаш а. Журналистан корматалла кхачам боллуш караерзийначул тIаьхьа вуьззина литературина тIевоьрзу иза.

Iазим школехь доьшуш волчу хенахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арахеца долийра «Къинхьегаман байракх» газет. Цига кхехьийтира Iазима шен хьалхара байташ а, кхийолу материалаш а. Царах цхьаерш зорбане йовларца доккха хазахетар дора яздан волалуш волчу жимачу стагана. IазимгIар ГIиргIизойчуьра цIабаьхкинчул тIаьхьа а, ца сацош, дIабаьхьира цо шен литературин кхоллараллин болх. Цуьнан статьяш, дийцарш, очеркаш, байташ кест-кеста арайовлура «Ленинан некъ» («Даймохк»), «Грозненский рабочий», «Заветы Ильича», «Комсомольское племя», «Вести республики» газеташкахь а, «Орга», «Вайнах», «Нана» журналашкахь а, «Къоналлин кхайкхамца», «Сатасаран сахьт», «Деган орца», «Яйъа лур йоцу цIе», кхечу а гуларшкахь а.

ТIаьхьарлера иттех сов шо чIогIа беркате хилира яздархочунна. 2004-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь, зорбатоьхна, арахийцира иттех гергга яккхий книгаш: «Теркаца суьйре», «Нохчийчоь а, Лермонтов а», «Мокхазан тIулга тIерачу йозанан къайле», «Туррий, пондаррий», «Даймохк, хьо ду сан илли», «Комиссарийн хала некъ», «Сан мерзийн мукъамаш», кхиерш а. Цуьнан тIаьхьарлера книга ю «Серлончийн дуьненахь». Иза керлачу документашца тIеюьзна, юха а араяккха дагахь ву автор.

Iазиман дуккха а говзарш, Даймохк, цуьнан къонахий, хьалха хилларг, хIинца долуш дерг, нана, ненан мотт, доттагIалла, безам, къаьмнашна юкъара юкъаметтигаш юьйцуш, уьш хестош ю. Царах ю «Нана-мохк – дай баьхна цIе», «Теркаца суьйре», «Даймохк, хьо ду сан илли», кхиерш а. Нанна лерина дукха байташ ю Iизиман. «Нана, сан жималла дIаяьхьи ахь», «Ма елха, нана», «Нене весет», кхиерш а.

Яздархочунна дукхабеза шен Даймохк, нохчийн къомах дерг, шен юрт, юьртахой. Цундела ларамаза дац цуьнан дуккха а говзарш юьртарчу къонахашна а, церан турпалаллин гIуллакхашна а лерина талламан башха белхаш хилар. Масала, «Туррий, пондаррий» книга Кавказан тIом болчу хенахь Толстой Лев Нохчийчохь хиларх а, девкарэвлахочуьнца Мисербиев Садоца а, Исаев БултIица а, Эдуев Дурдица а, кхечаьрца а хиллачу доттагIаллех лаьцна дуьйцуш ю. Талламан боккха болх бина Iазима «Комиссарийн хала некъ» цIе йолчу книги тIехь а. Цу тIехь цо дуьйцу паччахьан заманахь дуьйна дешарца а, Iилманца а, даймехкан эскарехь гIуллакхаш дарца а билгалбевллачу юьртахойх ЯндаровгIеран доьзалх лаьцна.

Iазиман дукха ю шайна тIехь иллеш, эшарш яьхна байташ. Авторан кхолларалла, таллархоша дийцарехь, Нохчийн пачхьалкхан филармонин а, иллийн, хелхарийн ансамблан а, самодеятельностан а артисташна шовзткъа шарахь иллеш а, эшарш а латтийна ю. Уьш 400-га кхочуш ю. Иллина, эшарна дуьххьалдIа дешнаш яздина ца Iа автор. Ша композитор вацахь а, цо царна дешнаш нисдо, цкъа хьалха шен кхетамехь церан хинболчу мукъаман сурт хIоттадой, кхета атта а, лерг хьостуш хаза а хуьлучу кепара. Шен иллех лаьцна Iазима боху: «Иллешца, Даймахкаца, доттагIаллица, деца-ненаца, дайн гIиллакхашца, заманца, Iаламца, забарца, къонахаллица-доьналлица, безамца вайнехан хилла юкъаметтигаш иллин жанрехула гайта гIиртина со». Суна схьахетарехь, оцу декхарца кхиамца лара а вина иза.

Iазима шен книгаш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язйина. Уьш ешча, хаало авторна ший а мотт дика хууш а, безаш а хилар. Цуьнан говзаршкахь хIора дош зевне декаш ду, авторна ала луург ешархочун даге, кхетаме, ойлане, синхааме дуьззина дIа а кхачош. Билгалдаккха деза Iазим корматаллин яздархо, поэт хилла ца Iаш, даима говза гочдархо а хилар. Цо нохчийн метте яьхна оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а авторийн байташ а, кхийолу говзарш а. Шовзткъа шо гергга хан ю суна Iазим вевза. Оцу хенахь суна цкъа а ца хезна цуьнан цхьаьнца барт боьхна я ийгIина олуш. Иза даима а велавелла-векхавелла, массаьрца а кIеда-мерза ву. Иза миччанхьа а болх беш хилча а, цунна юххехь хуьлу цуьнан доттагIий, накъостий, цуьнан сий до, ларам бо. Мичча хенахь а оьшучунна гIо-накъосталла дан кийча ву иза.

Ша санна оьзда хIусамнана а ю Iазиман. Билкъис цуьнан хIусамнана хилла ца Iаш, амма дахаран, белхан тешаме накъост а ю. Iазима яздинарг гIалаташ нисдеш а, хьехам беш а тодо Билкъиса. Доцца аьлча, дахарехь а кхоллараллехь а цхьабарт болуш, цхьана ойланехь дехаш ду и шиъ. Дала иштта барт болуш, вовшах ца къаьсташ, могаш-маьрша дуккха а шерашкахь цхьаьна дехийла шуьшиъ.

С.МАГОМАЕВ

№28, шинара, оханан (апрель) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: