Чекхдаьллачу кIирнах Соьлжа-ГIалин Радион цIийнехь дIадаьхьира Кавказан ламанан дивизин 100 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид, цуьнан заместитель Курашева Екатерина, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин фольклоран кафедрин куьйгалхо Мунаев ИсмаьIал, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Умаров Джамбулат, иштта Къилбаседа Кавказан федеральни округан республикашкара хьеший а, Кавказан ламанан дивизин тIемлойн тIаьхьенах берш а.
Цхьаькхетар дIадолалуш Курашева Екатеринас билгалдаьккхира нохчийн къам кхидолу Кавказан къаьмнашца цхьаьна Россин историн хиламашкахь а, тайп-тайпанчу мастагIех мохк ларбарехь а доккха дакъалаьцна къам хилар.
Депутата Умаров Джамбулата ша вистхуьлуш билгалбехира Россин Федерацин исторически тайп-тайпана муьраш. Ткъа шен къамел дерзош хьахийра муьлххачу муьрехь а нохчаша мехкан дахарехь йоккха меттиг дIалаьцна хилар. «Муьлххачу а исторически муьрехь а бIаьрла меттиг ю нохчийн къоман. ТIамехь майра а, доьналла долуш а бу нохчий. Цундела тамаш бац Россин муьлххачу хиламехь вайн дайша-дедайша дакъалаьцна хиларх, мохк ларбарехь гIо лаьцна хиларх. Тахана а бу нохчий Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, махкана орцах бовла кийча».
«Сан дай, Мамакхан тIера дIабуьйлабелла, оьрсийн туркошца хиллачу тIемашкахь а цхьаьна дакъалаьцна бу. Цул сов, Кавказан ламанан дивизин дакъалацархой а хилла уьш. Хьалха хIокху исторически хиламех дуьйцуш, хьахош хIумма а дацара. Цундела нахана царех лаьцна кIезиг хаьара.
Ткъа тахана суна луур дара республикин массо а школашкахь царех лаьцна дуьйцийла. Цхьана дийнахь мукъа а Акхачу дивизех лаьцна дийцича чIогIа бакъахьа хетара суна. ХIунда аьлча уьш халкъан иэсехь биса хьакъбу» – элира яздархочо Мамакаев Эдуарда.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш турпалхойн тIаьхьенах болчарна мехала совгIаташ дира.
А.АБДУЛАЕВ