Хадижас сирникех диначу кегийчу маьждигех бIаьргкхетча, цхьамма а эр дацара и хазалла къоначу йоьIан куьйгаша кхоьллина ю, аьлла. Цо сирникех дина маьждигаш геннара дIахьаьжча макетах тера хета. Уллера хьаьжча хаьа уьш сирникех дина хилар. Деккъа цхьа цIа санна а доцуш, и маьждиг дар а, цуьнан куц-кеп а говзачу архитектора ма-дарра, кега-мерса хIума а дукха лерина дина ду. Ларамаза ойла кхоллало: «Ма дукха хан оьшур яра хIара хазалла кхолларна Iама!», олий. Амма Хадижина и говзалла йоццачу хенахь карайирзира.
Нажи-Юьртан кIоштарчу Сесанара ю иза. Нохчийн пачхьалкхан университетан прикладни информатикин а, математикин а факультетехь дешна цо.
Сирникех маьждигаш дан Исмаилова Хадижа йолаелла 3 шо хан ю. Иза, похIма хилла ца Iаш, фантази а, ша дечу хIумане шен хьежам а болуш, кхоллараллин йоI ю. «Муха дагадеара хьуна сирникех «гIишлош» ян?», – хаьттира оха.
– Иза суна цIеххьана дагадеана аьлча нийса хир дац. Тхан дас ша жима волчу хенахь сирникех кегий цIенош деш хилла. Цул тIаьхьа дуккха а шераш дIадевлла. Амма цо хIетахь сирникех дина хилла кегий цIенош, тахана дича санна, лаьтташ ду. Тхайн ден кхоллараллин белхашка хьоьжуш Iара со кест-кеста. Сайна а иза Iемар дар-кха, аьлла цкъа а дага ца тосура суна. Иштта, хIоразза а санна, цуьнан кегийчу цIеношка а хьоьжуш, ойлане яьллачу соьга тхан дас элира: «Цхьажимма ахь къахьегча, хьуна а Iемар дара». Оцу дешнаша ойлане яьккхинера со, делахь а, тхайн дена ца хаийтира ас. Iемаш хилча, гIо дан а, гайта а уллехь цхьа а воцуш сайн хьуьнар зен лаарна. Суна хаьара иза атта карайоьрзур йолуш говзалла йоций. Iама йолаеллачул тIаьхьа, цхьана хIуманах кхийтира со: куьйган белхаш бан Iемачарна уггаре а хьалха оьшург хан а, собар а хиларх, – бохура цо.
Атта йоцу говзалла караерзочу хенахь собар ийшира Хадижина. Бакъду, цунна ма-хеттара дукха хан ца ийшира. Оцу говзаллина Iеминчул тIаьхьа, чолхе проекташ йолу маьждигаш дан а йолаелира иза. Бакъдерг дийцича, ишттачу балхана алссам хан оьшура. Сирникех цо диначу маьждигашна юкъахь ду, масала, Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» маьждиг, Шайхан Арсанов Денин цIарах маьждиг, Кадыров Рамзанан цIарах Шелара маьждиг. Иштта, шен дас деш ма-хиллара, сирникех кегий цIенош а до цо.
Хадижа куьйга белхаш бан йолаелла дукха хан яцахь а, цо дан дагалаьцнарг дуккха а ду.
З.ЛОРСАНОВА
№29, пIераска, оханан (апрель) беттан 14-гIа де, 2017 шо
Хаза болх бу!!!!