Оханан (апрель) беттан 6-чу дийнахь Нохчийн Республикин школийн 11-чу классашкарчу дешархоша «Ас ЕГЭ дIалур ю!» аьллачу проектан гурашкахь базови тIегIанан математикехула диагностикин белхаш бина.
Диагностикин болх цхьана декъах лаьтта, цунна 20 тIедиллар юкъадогIу. ХIора тIедилларна юкъадогIу математикин предметехула массарна а хууш хила деза хаарш таллар. Оьрсийн маттахь «базовый уровень» олу математикин юьхьанцарчу хаарех. ХIора стагана, хIора дийнахь оьшуш долу хаарш юкъадогIу цунна.
Диагностикин болх толлуш хьесапе оьцур ду 5–6-чуй классашкахь математикин, 7–9-чуй классашкахь алгебрин а, анализан юьхьан а, 10–11-чуй классашкахь геометрин а предметашкахула долу дешархойн хаарш.
З.ХИЗИРОВА
№29, пIераска, оханан (апрель) беттан 14-гIа де, 2017 шо