«Шашлык-Машлык» – туризман Дуьненаюкъара фестиваль

Оханан (апрель) беттан 22-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь (А.-Хь.Кадыровн цIарах йолу майда) дIахьур ю туризман а, садаIаран а «Шашлык-Машлык» цIе йолу Дуьненаюкъара фестиваль.

Оцу дийнахь, фестивалан гурашкахь, лакхахь билгалъяьккхина йолу майда тайп-тайпанчу тематикин (гайтаман) 6 декъе йоькъур ю. Цигахь хьовсархошна лерина 20 сов мастер-класс дIахьур ю республикехь тоьлла лоручу кхачанхоша. Цуьнца цхьаьна фестиваль чекхъяллалц нохчийн эстрадин векалийн концертан программа а хир ю.

Фестиваль 11 сахьт даьлча дIа а йолалур ю, суьйранна 5 сахьт даьлча дIа а йоьрзур ю. Лахахь йовзуьйту фестивалан программа:

Кулинарин майда

Делкъехь республикехь кхиийначу а, кечдинчу а, диначу а сурсатийн ярмарка а, кулинарин декъехь мастер-классаш а дIахьур ю. Коьртачу декъана цIара тIехь кечбина жижиган кхачанаш хир бу.

11:00–17:00 – Республикехь тоьллачарех лоруш болчу кхачанхойн мастер-классаш.

12:30–17:00 – «Кулинарин къийсадаларш». ЖамIаш довзийтар. Толамхошна совгIаташ дар.

«Кулинарин къийсадаларш» – республикин хIора а гIаларчу а, кIоштарчу а, иштта, Россин тайп-тайпанчу субъекташкарчу а, кхечу мехкашкарчу а кхачанхойн тобанаш масех декъехь къовсаялар:

– «Банкетехь санна еттина йолу уггаре а дика шашлык» (говзанчийн конкурс);

– «Ламасталлин кепехь уггаре а дика йина шашлык» (хьовсархойн конкурс);

– «Хьовсархойн безаман совгIат».

ХIора а шарахьлера туризман «Визит Чечня» республикин гайтам

11:00–17:00 – Нохчийн Республикин гIаланашкахь а, кIошташкахь а туризман декъехь йолу таронаш йовзийтар.

12:00 – Даздарийн хьолехь фестивалан болх дIаболор.

11:00–17:00 – Республикехь дехачу халкъаша шайн культура йовзийтар. Концерт.

Стадион

12:00–14:30 – Спортан тайп-тайпанчу дакъошкахула йолчу Нохчийн Республикин вовшахтоьхначу командаша шайн хьуьнарш гайтар.

Берийн шахьар

11:00–17:00 – Кхачанийн чоме хьовсар. Аттракционийн парк. Берашна лерина конкурсаш дIаяхьар.

Суьртийн майда

Фестиваль чекхъяллалц болх беш хир ю суьртийн майда. Дакъалацархойн а, хьовсархойн а таро хир ю тайп-тайпанчу хьелашкахь суьрташ даха а, дахийта а.

№29, пIераска, оханан (апрель) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: