Нохчийн халкъ шен историн йохаллехь хийла хьегна ду машарах а, паргIатонах а. Дала шена дукхадеза адам баланашца зуьйш хиларе терра, бусалба динца а, нохчаллица а Ша дика дина къастийна долу вайн халкъ дукха зийна халонашца. Къизалла, мацалла, харцо, ямартло, Даймахках къастар – дуккха а бу вайн дайша лайна баланаш.

Нохчийн халкъана тIехIиттинчу тIаьхьарчу (хуьлийла уьш тIаьххьара а) бохамех бу 1990-чу шерашкахь хилла ши тIом. Оцу тIемашкахь кхоамза йохийра вайн шахьарш, ярташ, къиза хIаллакдира бехкбоцу адамаш. Чаккхе хир а юй-те аьлла хеташ, яхъеллачу оцу ирчаллин некъ хадош, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хьалха а ваьлла, 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь дерригхалкъан референдум дIаяьхьира Нохчийчохь. Циггахь биллира вайн халкъо машарна бух. Бакъду, кхин а масийтта шарахь тIеман тIаьхьалонаш яра дIа хьаьж-хьаьжжинчохь гуш. Саьлнашкара гIовттаза вайн гIаланаш, ярташ хилла ца Iара… И ирча дагалецамаш кхоллабаларна, коьртачу декъана, бехке яра маьI-маьIIехь йолу блокпосташ а, герзах боьттина салтий а. Хьалха санна, денна, бомбанаш а, яккхий, кегий тоьпаш а етташ ца хазахь а, махкахь кхоччуш машар бу аьлла ца хеталора. Цхьанхьа ваха-ван воьлча – юьртара юьрта воьдуш – масийтта блокпостах чекхвала везаш хуьлура. И хьал бахьанехь адамийн дегнаш гIайгIане дара, паргIатонах хьаьгна…
Эххар а, Делан къинхетамца, вайн махкахь паргIат дIасалела, даха йиш йолуш зама а кхечира. 2009-чу шеран оханан (апрель) беттан 16-чу дийнахь Россин Терроризмана дуьхьал йолчу къоман комитетан куьйгалхочо, Кхерамазаллин Советан директора Бортников Александра, Россин Федерацин Президентан тIедилларца, Нохчийн Республикехь КТО-н раж юкъаялоран хьокъехь долу (1999-чу шарахьлера) омра дIадаьккхира.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана КТО-н раж дIаяккхаран хьокъехь масех шо хьалха (оцу денна леринчу даздаршкахь) элира: «ХIара сийлахь-доккха де ду – дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь толам баккхаран де. 2009-чу шеран оханан (апрель) беттан 16-чу дийнахь дуьйна вайн республикин историн керла агIо дIайолаелла. Вай дерриге а дуьненна дIахаийтина вайн мохк ларбан, культура, ламасташ Iалашдан, уьш цхьаьнгга а хIаллак ца дайта, вайгахь доьналла хилар. Къоман сий лардан хиъна вайна. КТО-н раж дIаяккхар республика меттахIотторехь доккха маьIна долуш дара. Исторехь буьсур болу и мехала сацам бахьанехь, вайн регион машаран социально-экономикин кхиаран новкъа хIоьттира. КТО-н раж дIаяьккхина бархI шо бен ца даьлла, амма хIинцале а хилла болу баккхий хийцамаш гуш бу вайна. ХIетахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республика меттахIотторе болу шен некъ болош бен вацара, кхиамах цхьа а ца тешара. Ас дукха къамелаш динера республикин дозанал арахьа Iаш болчу юкъараллин а, культурин а, кхоллараллин а векалшца. Цхьамма санна, массара а олура, герггарчу хенахь Нохчийн Республика меттахIотталург хиларх ца теша шаьш. Амма тахана уьш берриге а цIа а баьхкина, вайца цхьаьна хIора дийнах самукъадолуш Iаш бу. Суна дагадогIу Ахьмад-Хьаьжас машаре боьду некъ болийна де, ас дозалла а до оцу некъа тIехь суо цунна уллехь хиларна. Тахана нохчийн халкъ нийсачу новкъа догIуш ду. Карарчу хенахь кхечу мехкашкара инвесторш а богIу вай долчу, республикин инвестицийн а, экономикин а таронаш йовза. Вайн спортсменаша лаккхара кхиамаш боху дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь. Школаш, больницаш, берийн бошмаш еш ду вай. Маьршачу, ирсечу дахарца деха вай, иза вайна тоьаш а ду».
Дукха хIума хийцаделира йоццачу хенахь. Россехь дуьххьарлера хьафизийн школа схьайиллира 2010-чу шеран хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь Курчалойн кIоштан Хоси-Юьртахь. 2012-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а схьайиллира хьафизийн школаш. Иштта, дукха хьуьжарш а, маьждигаш а дина республикехь, зераташ тодина. Лекхачу гIишлойн комплексаш йина Соьлжа-ГIалахь, Устрада-ГIалахь, Гуьмсехь, Шелахь. Тойина театраш, культурин учрежденеш. Цу тIехь сецна а дац республика меттахIоттор, тояр, кхиор. ХIора шарахь схьайоьллуш керла гIишлош ю Нохчийчохь, кхочушъеш ю бIаьрла проекташ – «Ахмат-Тауэр» бIов, самукъадаккхаран комплекс «Грозный-Молл», «Канвас» хьешацIа, дуьненаюкъара университет, дуккха а кхиерш. Дала мукъ лахь, кхидIа а машаран, кхиаран новкъа сихачу боларца дIагIур ду вайн халкъ.
А.ХАТУЕВА
№29, пIераска, оханан (апрель) беттан 14-гIа де, 2017 шо