Грозненски районан Пригородни юьртахь хIокху деношкахь дIаяьхьира кегийрхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолу турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Грозненски районан 5 школера 55 спортсмен. Цу юкъахь яра Пригороднера, Гикало поселкера, Чурт-ТогIера , Чечанара, БердакIелара школаш.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Азиев Ахьмада (32 кг.) – Чурт-ТогIе Базиев Мурада (35 кг.) – Чурт-Тог1е, Сусуров Сайхана (38 кг.) – Гикало поселок, Кирчикаев Лом-Iелас (42 кг.) – Гикало поселок, Дадаев Нурадис (46 кг.) – Пригородни, Эпендиев Турпал-Iелас (50 кг.) – Чечана, Хайхароев Ахьмада (54 кг.) – Пригородни, Денисултанов Аюба (58 кг.) – БердакIела, Базиев Мансура (63 кг.) – Чурт-Тог1е, Бетербиев ШахIида (69 кг.) – Гикало поселок, Эдилов Мохьмада (100 кг.) – БердакIел.
ХIокху турнирехь хьалхара, шолг1а меттигаш яьхначу спортсменаша дакъалоцур ду Нохчийн Республикин паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолчу Республикански турнирехь. Иза дIахьур ю 6–7-чуй сентябрехь Гуьмса гIалахь.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт