Оханан (апрель) беттан 7–9-чуй деношкахь Хонкарарчу Анталья гIалахь дIаяьхьира дзюдоистийн дуьненаюкъара «Гран-При Анталья – 2017» турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара 36 пачхьалкхера 274 спортсмен. БIаьрлачу кхиаме кхечира оцу къийсадаларшкахь Россин божарийн вовшахтоьхна команда – кхоъ дашо а, йиъ йоьзан а мидал яьккхира цара. Ша аьлча, шайн-шайн йозаллин категорешкахь дашо мидалш ехира Абдулжалилов Iабдуллас (66 кг.), Семенов Станислава (81 кг.), Бисултанов Iадлана (100 кг. кхаччалц).
Нохчийн дзюдоистан дуьххьарлера толам бац Антальяхь цо баьккхинарг. 2014-чу шарахь Европин чемпионатехь совгIатан меттиг яьккхира Iадлана, цул сов, «Большой шлем», «Гран-При» дуьненаюкъарчу турнирийн доьазза толамхо ву иза.
РогIерчу Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу дзюдон «Эдельвейс» клубан декъашхо дзюдоист Бисултанов Iадлан декъалвира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Хь.АБАЕВ
№29, пIераска, оханан (апрель) беттан 14-гIа де, 2017 шо