Къийсало дзюдоисташ

Дукха хан йоццуш Гуьржийчохь дIаяьхьира «Гран-При Тбилиси – 2017» дзюдоистийн дуьненаюкъара турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Бразилера, Францера, Узбекистанера, Венесуэлера, Италера, Монголера, Швецера, Казахстанера, ГIажарийчуьра, иштта кхечу пачхьалкхашкара дзюдоисташ.

24 стагах лаьтташ яра Россин вовшахтоьхна команда, шайна юкъахь шиъ нохчийн спортсмен а волуш – Шамилов Якъуб, Яшуев Ислам. Яьхначу мидалийн барамца лерича, Россин команда шолгIачу метте елира. Цара яьккхинарг ерриге а 10 совгIатан меттиг яра. Оцу кхиамна юкъа шайн хазна йиллира нохчийн дзюдоисташа а – шайн-шайн йозаллин категорешкахь йоьзан мидалш ехира Якъуба а (66кг.), Ислама а (60 кг.).

И ший а спортсмен Россин вовшахтоьхначу командин декъашхо ву. Карарчу хенахь Венгрехь керлачу къийсадаларшна кечамбеш бу дзюдоисташ.

Хь.ХАКИМОВ

№29, пIераска, оханан (апрель) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: