ХIокху деношкахь ХIинжа-ГIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула 2002–2003-чуй шерашкарчу кхиазхошна юкъахь хьалхеяккхаран Дуьненаюкъара турнир. Иза лерина яра политикин, юкъараллин гIуллакххочунна, СССР-н спортан мастерна Ашатилов Суркатна.

Турнирехь дакъалоцуш бара Азербайджанера, Гуьржийчуьра, Эрмалойчуьра, Казахстанера, Донецкера, Къилбаседа Кавказан Федеральни округера спортсменаш.
Нохчийн Республикера оцу турнирехь дакъалоцуш 11 спортсмен вара. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира вайн махкахой: Хакуев ИбрахIим (32 кг.) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Исаков Асламбек (35 кг.) – ДЮСШ №7, Яндаров Илес (38 кг.) – ДЮСШ №3, Алиев Ислам (46 кг.) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Гайтаев Муслим (69 кг.) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Исмаилов Хьусейн (76 кг.) – ДЮСШ, Теркан кIошт.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна тренерш: Р.Гулаев, И.Исраилов, С.Исаев, П.Умаров, А.Гайтаев.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, мехалчу совгIаташца.
З.ШИШХАНОВА
№29, пIераска, оханан (апрель) беттан 14-гIа де, 2017 шо