Хьийкъина наьрсаш кхиъна «Тепличный» госхозехь

123213Районера  «Тепличный» госхоз республикехь цхьаъ бен боцу бахам бу. Бахаман директора Амаева Зулайс дийцарехь, кху деношкахь наьрсаш чуерзо йолийна цигахь. Шиъ ах гектара тIехь дIайийна уьш. Иштта цхьана кIирнах кхуьур ю помидораш а.

– ХIинцца когахIотта гIерташ ду тхо, – бохура З.Амаевас. –  ТIеман хьалхара кампани йолаялале хьалха 14 гектар теплицаш хилла кхузахь.  Коьртачу декъана наха къоланаш деш, хIаллакьхилира бахам. Амма вайн республикин куьйгалхой  боккха лаам болуш бу кхузарчу теплицийн комплекс меттахIотто. 2004-чу шарахь федеральни Iалашонан программехула билгалдира кхо гектар теплицаш тоян. 2004–2006-чуй шерашкахь ницкъ кхечира ах гектар меттахIотто. 2007–2009-чуй шерашкахь кхин а цхьа гектар тойира. Ткъа хIинца  кхаа гектара тIехь кхиабо  кхузахь хасстоьмаш. Цул сов, 2020-гIа шо тIекхачале 20 гектаре кхачо Iалашо ю теплицехь дуьйш-лелош долчу лаьттан барам.

Дика кхиъна йогIуш ю наьрсаш.

Зулайс кхидIа а ма-дийццара, дIадаханчу шарахь 1,5 гектара тIера 200 тонна наьрсаш чуерзийра бахамехь. Кху шарахь 2,5 гектара тIера 300-350 тонна чуерзориг хиларх тешна ю бахаман куьйгалхо. З.Амаевас билгалдаккхарехь, дика гайтам бу иза.  Иштта ах гектара тIера – 100 тонна помидораш а. Кху шарахь дуьххьара дIайийна ю уьш. Коьртачу декъана вайн республикехь дIаюхку цара шайн продукци.

– Вайн бахархойн эца таро хилийтархьама, базарахь долуш долчу мехел а 30 процентана йорах хуьлу оха кхиош йолу наьрсаш, – элира Амаева Зулайс. – Уггаре а  коьрта хета дІаьвшечу химикатех оха пайдаоьцуш цахилар. Органически удобрени ю оха кхузахь лелош ерг. Агротехникан лехамаш нийса кхочушбар бахьана долуш, зуламе сагалматаш а, цамгарш а ца хуьлу оха кхиочу сурсаташна.

Хасстоьмаш кхиоран муьрехь болх беш  32 стаг хуьлу «Тепличнехь».

– Теплицан комплекс, хьалха ма-хиллара, кхоччуш меттахIоттийча-м, бIе гергга белхан меттиг хир ю, – бохура теплицин куьйгалхочо. – Меттиг кIезиг хиларна, наьрсаш а, помидораш а бен яц оха кхиош. Хьалха хорсамаш а, оччам а, чам-бецаш а, зезагаш а, иштта кхийолу ораматаш а кхиайора.

Хаза хьийкъина кхиъна наьрсаш а, тIехь алсам заза даьккхина хуталш а бI??????? ??? ?????? ???. ???? ???? ???? ????,

аьргана ган тамехь яра. Шайн болх дика хууш, иза безаш ю царна Iуналла деш йолу Заурбекова Тамара а, Жантаева Марет, кхиберш. Доккхачу маьIне ду дуккха а шерашкахь шайна зеделларг тIекхуьучарна цара дІалуш хилар.

Амаева Зулайх шех лаьцна аьлча, 1977-чу шарахь школа чекхъяьккхича, Орджоникидзерчу юьртбахаман институте деша яхара иза. 1982–1986-чуй шерашкахь болх бира Хьалха-Мартан ГIойтІарчу «Солнечный» цIе йолчу  бахамехь. 1986–2000-чу шерашкахь болх бира Грозненски районан Пригороднерчу бахамехь. 2000-чу шарахь еара Зулай «Тепличный» бахаме балха. «Тепличный» хьалха санна, токхе хилла, дIахIуттург хиларх тешна ю иза.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: