Оханан беттан 14-гIа де, 1987 шо. Дагестан Республикин Хасавюьртан кIоштарчу Солнечное юьртахь вина Отарсултанов Джамал, Олимпийски ловзарийн чемпион (Лондон, 2012), Россин спортан хьакъволу мастер. Шен 9 шо долуш дуьйна охьатохархлата Iемаш ву кIант.

Толаме болчу лаамо а, мало йоцуш, къахьегаро а спортехь баккхийчу кхиамашка кхачаво спортсмен. Кегийрхошна юкъахь хьалхеяккхаран ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а дуккха а турнирийн толамхо хуьлу цунах. Дуьххьарлерчу боккхачу кхиаме кхочу 2008-чу шарахь. Оцу шарахь Европин чемпион хуьлу Д.Отарсултановх. Цул тIаьхьа шозза а йоккху цо Европин чемпионат (2011-чу а, 2012-чу а шерашкахь). Къаьсттина беркате хилира спортсменна 2012-гIа шо – Россин, Европин, Олимпийски ловзарийн чемпион хуьлу цунах. Цхьана шарахь спортехь и лакхенаш яха атта дац. Оцу кхиамашка кхачарехь доккха дакъа кхочу цуьнан тренершна Айсултанов Амрудина, Маргиев Анатолийна.
Карарчу хенахь а йоккхачу спортехь кхиамца къахьоьгуш ву Д.Отарсултанов.
Оханан беттан 15-гIа де, 1966 шо. Новр-ГIалахь вина Дугучиев Ислам, СССР-н спортан хьакъволу мастер, греко-римски кепара охьатохархлатарехула 4-зза дуьненан чемпион. Йоккхачу спортан новкъа иза ваьккхинарг ву СССР-н хьакъволу тренер Умаров Пазлу.

Спортехь баккхийчу кхиамашка кхаьчна гоьваьлла спортсмен: кхузза Россин чемпион (1987, 1993, 1997-гIий шераш), доьазза СССР-н чемпион (1988–1991-гIий шераш), шозза Европин чемпион (1990, 1993-гIий шераш), доьазза дуьненан чемпион (1990, 1991, 1993, 1994-гIий шераш). Вуьшта аьлча, спортехь цо яккхаза лакхе ца йисина, Олимпийски ловзарийн чемпион цахиларан дагахьбаллам ца лерича. Бакъду, дашо мидал ца яьккхинехь а, Барселонехь (1992 шо), Сиднейхь (2000 шо) хиллачу Олимпиадашкахь дакъалацар кхиаме ца хилла олийла дац. Барселонехь дато мидал яьккхира цо. Сиднейхь – 5-гIа меттиг.
2000-чу шарахь йоккхачу спортехь дакъалацар дитинехь а, спорт ца йитина Ислама тахана а: Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон вовшахтоьхначу командин лакхара тренер ву иза.
Оханан беттан 20-гIа де, 1962 шо. Соьлжа-ГIалахь вина Нашхоев Руслан, журналист, яздархо. Дешна Уральски пачхьалкхан университетан журналистикин факультетехь, КПСС-н ЦК-хь хиллачу Лаккхарчу партийни школехь.

Белхаш бина «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь (корреспондент, отделан заведующи, жоьпаллин секретарь), КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомехь (зорбанан, телевиденин, радион секторан заведующи, пропагандин, агитацин отделан куьйгалхочун заместитель), «Россия» газетехь (Нохчийн Республикехула шен корреспондент), «Нурэнерго» акционерийн юкъараллехь (хаамийн гIирсашца йолчу зIенийн отделан куьйгалхо).
«Сатийсамийн тIемаш тIехь», «Сан заманхой», «Хелхаран бозбуанча» («Чародей танца»), «Пхьарматан къайле», «Нохчийн Республикин энергетика» книгийн автор ву иза. Цул сов, цуьнан дIадолорца оьрсийн маттахь арахийцира халкъан барта кхоллараллин ши книга: «Нохчийн, гIалгIайн турпалаллин иллеш», «Нохчийн, гIалгIайн туьйранаш, шира дийцарш, аларш». Р.Нашхоевс хьакъйолуш лелайора «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» (2006 шо), «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» (2007 шо) сийлаллин цIерш. Кхалхар хилла 2010-чу шарахь.
Оханан беттан 20-гIа де, 1943 шо. Шелахь вина Ирисханов Iимран, журналист, яздархо, Россин Журналистийн а, Яздархойн а союзийн декъашхо. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь.
Белхаш бина Гуьмсерчу типографехь, Шелан кIоштан газетехь (редакторан заместитель, редактор волуш). Еххачу хенахь республикин книгийн издательствехь редактор лаьттина. Иза редактор я хIотторхо волуш, дукха книгаш арахецна нохчийн яздархойн. «Чеканные узоры» книгин автор. Карарчу хенахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан коьрта редактор.
№29, пIераска, оханан (апрель) беттан 14-гIа де, 2017 шо