Могашалла Iалашъяр

«Дагера – даге»

ХIокху деношкахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин мемориальни комплексана хьалха «Дагера – даге» цIе йолу цIий дIадаларан акци дIаяьхьира. Дерриге а дуьненахь билгалдоккхуш долчу Могашаллин денна лерина яра иза. Шайн лаамца цIий дIа а луш, цигахь дакъалаца баьхкинарш кIезиг бацара. Вайн республикин бахархошкара циггахь цIий схьаоьцуш бара цIий доттаран республикин станцин белхахой.

IMG_1433

И гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствос а, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а цIий доттаран республикин станцица а, республикин «Vita» туьшаца а цхьаьна. ЦIий доттаран станци Iуьйранна 10 сахьт даьлча дуьйна болх беш яра. Шайн лаамца цIий дIадалар вайн республикехь дика ламаст хилла схьадогIуш ду. ЦIий дIалучарна юкъахь дуьххьара цIий дIалуш берш а бара. Шаьш бахьанехь цхьана стагана мукъане а гIо хир дар-кх, бохучу ойланца баьхкинера уьш. Царна баркалла а олуш, вистхилира Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министр Сулейманов ЭльхIан.

– Дика ду хIокху мехалчу гIуллакхе дуккха а адам гулделла. Вайна ма-хаъара, цIий дIадалар доккха хIума хилла а ца Iа, хIунда аьлча, оцо могаш дIалела стаг некъан хьовзамехь лазавой я операци яр нислой, цIий оьшуш хьал хIутту. Иштта цIий дIадаларо адам кIелхьардоккху. Вайна хаьа, адам даларх кIелхьардаккхар Далла гергахь а мелехь дуйла, – элира цо.

Могашалле хьажар дIадаьхьира

Оханан (апрель) беттан 7-чу дийнахь «Нохчийчоьнан дог» маьждигана уллерчу майданахь бахархойн могашалле маьхза хьажаран гIуллакх вовшахтоьхнера. Могашаллин денна лерина долу иза вовшахтоьхнера могашалла Iалашъяран министерствос Медицинин профилактикин республикин туьшаца а, Катастрофийн медицинин республикин туьшаца а цхьаьна.

IMG_1438

Iуьйранна 10 сахьт даьлча суьйранна 4 сахьт даллалц болх беш бара вайн республикин больницашкара лоьраш. Зударшна а, божаршна а, берашна а лерина 3 четар дара дIахIоттийна. ХIора а четара чохь кардиограмма яккха а, УЗИ аппаратаца талламаш бан а аьттонаш бара.

– Кхузахь бахархойн таро хир ю шайн могашаллин хьал талла. Кхузахь болх беш бу кардиологаш а, неврологаш а, эндокринологаш а, терапевташ а, ревматологаш а, онкологаш а, педиатраш а. Цул сов, шайн могашаллин хьокъехь долу хаттарш дан а йиш ю церан, – хаийтира медицинин профилактикин республикин туьшан коьртачу лоьро Ясаева Эсета.

З.ХАСИЕВА

№29, пIераска, оханан (апрель) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: