Хьомсара махкахой!
Декъалдо шу Нохчийн Республикин машаран денца. Нохчийчохь контртеррористически операцин раж дIаяккхар Iаламат мехала историн хилам хилла дIахIоьттира. КТО-н раж дIаяккхарца цхьаьна, юкъабогIур а боцуш, чекхбелира дуккха а шерашна бахбелла хилла нохчийн халкъан историн бохаме мур. И де вайна массарна а дерриге а халкъан дезде хилла дIахIоьттира.
Нохчийн Республикехь машар, синтем, токхо хилийтаран дуьхьа шен дахар дIаделира Нохчийчоьнан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, ткъа иштта, цуьнан эзарнаша бIанакъосташа а. Церан турпалалла а, хьуьнар а, майралла а бахьана долуш тахана вай деха Россин уггаре а сиха кхуьуш а, синтеме а йолчу регионехь. Вайн декхар ду вайн дайн, дедайн хьуьнарш дагахь латтор, цара диначун хама бар, церан кхиамаш кхин а лакхабахар, цара динарг Iалашдар. Церан турпалалла, майралла, шаьш юьхьарлаьцначу некъа тIера уьш дIасахьаьвзина цахилар бахьанехь аьтто белира тIом гуттаренна а чекхбаккха, цуьнца доьзна дерг хадо.
КТО-н раж дIаяьккхинчул тIаьхьа дIадаьллачу бархI шарахь хиллачун ойла йича, мел хилларг дагалаьцча вай кхета иза беккъа цхьаъ бен боцу некъ а, сацам а хилла хиларх. Иза иштта хилар дахаро тIе а чIагIдина. Цо таро елира пачхьалкхан Iедалан а, урхаллин а ерриге а институташ меттахIитто, боккха аьтто бира экономика, социальни дакъа кхио. Цуьнца цхьаьна хIинца а вайн иэсехь карлаюьйлу саьлнашкахь Iиллина Нохчийн Республикин пачхье – Соьлжа-ГIала. ХIеттехь кIезиг бара иза меттахIотталур ю бохучух тешаш берш.
Тахана Соьлжа-ГIала – Россин уггаре а исбаьхьачу а, маьршачу а гIаланех цхьаъ ю. Россин Президента Путин Владимира шен Указаца меттахIоттийна историн нийсо, вайн пачхьенна «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе а луш. ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республико дикка кхиамаш баьхна промышленность, туризм, агропромышленни комплекс, могашалла Iалашъяр, дешар кхиорехь. Цо боккха тIеIаткъам бина регионан инвестицийн сий-ларам лакхабаккхарна. Республикехь дIахьо дуьненаюкъара спортан къийсадаларш, конференцеш, лаккхарчу тIегIанера фестивалаш, гайтамаш. Вай долчу богIу дуьненан массо а маьIIера туристаш, инвесторша шайн харжаш юкъайохку регион кхиорна. Уггаре а коьртаниг – оцу дерригено а тIедалийна адамийн дахар тIеттIа толуш хиларна.
Хьомсара махкахой! ХIокху дезачу, мехалчу дийнахь лаьа шун дахар маьрша хуьлийла, шун аьтто, могашалла хуьлийла, шун берриге а дика лаамаш дахарехь кхочушхуьлийла! Ирс, аьтто, кхиамаш хуьлда шун!
№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо