Оханан (апрель) беттан 16-чу дийнахь республикехь шуьйра даздинчу Машаран дийнан гурашкахь Соьлжа-ГIаларчу Сийлаллин Аллейн комплексерчу А.-Хь.Кадыровн хIолламна хьалха зезагаш дахкаран гIуллакх дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира республикин Правительствон Председатела А.Эдельгериевс, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо С.Тагаевс, республикин муфтис С.-Хь.Межиевс, министраша, организацийн а, ведомствийн а векалша, Iилманчаша, кхечара.

ГIуллакхан коьрта дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Дж.Умаровс дийцира Машаран дийнах а, оцу дийне кхачаран дуьхьа нохчийн халкъо дIабеллачу мехах а, халкъ тIеман къизаллех хьалхадаьккхинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжех а лаьцна.
– Нохчийн халкъ Ахьмад-Хьаьжех тийшира, тешначул тIаьхьа, цунна тIаьхьа а хIоьттира. Хьалхаваьлларг а, тIаьхьахIиттинарш а цIена Iалашонаш а йолуш гIевттина хиларх бахьана а дина, Дала вайх къинхетам бира. Халкъо, Ахьмад-Хьаьжина тIаьхьа а хIоьттина, республикехь яьржинчу дуненаюкъарчу терроризмана тIехь толам баккхарал сов, кхузахь терроризмо тесна долу орамаш а дIахедийра. Нохчаша дерриге а дуьненна дIагайтира шаьш шайн мохк ларбан а, Iалашбан а, цIинбан а ницкъ а, доьналла а долуш халкъ хилар. Коьртаниг, хьалхаваьлла Къонах вара. Иза Ахьмад-Хьаьжа вара, – дийцира министра.
Цул тIаьхьа Машаран денна лерина коьрта мероприяти дIаяьхьира Пачхьалкхан театран-концертийн залехь. Цигахь республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо С.Тагаевс а, Парламентан Председатела М.Даудовс а, республикин муфтис С.-Хь.Межиевс а, министраша а, кIоштийн куьйгалхоша а, Iеламнаха а, Iилманчаша а, студенташа а, кхечара а дакъалаьцна ца Iаш, республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а дакъалецира.
Шен къамелехь республикин Куьйгалхочо дийцира КТО-н раж дIаяьккхинчул тIаьхьа дIадаьлла 8 шо Нохчийн Республикина а, цуьнан халкъашна а Iаламат беркате хилла хилар.
– Тахана Нохчийчоь экономикин а, туризман а, юьртабахаман а, гIишлошъяран а, промышленностан а, энергетикин а дакъошкахь кхуьуш ю. ТIаьхьарчу 20 шарахь кхузахь хиллачу шина тIеман лар ца йисина ала мегар ду. 2009-чу шеран оханан беттан 16-чу дийнах Нохчийчоьнан а, Россин а мостагIашна тIехь вай толам баьккхина де ала мегар ду. Церан (мостагIийн) Iалашо вайн республикехула Росси йохор яра, – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхочо иштта дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах А.-Хь.Кадыровх а, цо шен хенахь дIаболийна хиллачу некъах а лаьцна.
– Ша арабаьккхинчу некъа тIехь Ахьмад-Хьаьжа а, эзарнашкахь цуьнан бIанакъостий а, бакъонашларъяран органийн белхахой а, маьрша бахархой а кхелхина. Уьш берриге а вайн таханлера машаре а, маьрша а дахар хилийтаран дуьхьа эгна бу. Цара шайн синош а ца кхоош, оцу некъа тIехь къа а хьегна, тахана вай кхиийта бух а биллина, – элира республикин Куьйгалхочо.
Парламентан Председатела М.Даудовс билгалдаккхарехь, нохчийн халкъо шен республикехь яьржинчу дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь толам баьккхина хиларна юридически декъехь тоьшалла дира КТО-н раж дIаяккхаро.
– Россин Президента В.Путина гIо-накъосталла а деш, республикин хьалхарчу Президента А.-Хь.Кадыровс нохчийн халкъ тIеман а, халкъах дог ца лозучу политикийн а къизаллех кIелхьарадаьккхира. КIелхьарадаккхарал сов, даха а, кхиийта а некъ а битира. Ткъа республикехь КТО-н раж дIаяккхаран хьокъехь аьлча, со тешна ву иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан политикин декъехь тоьллачу толамех коьрта толам хилар, – элира М.Даудовс.
Мероприятин коьрта дакъа чаккхене дахча, республикин муфтис С.-Хь.Межиевс терроризмаца къийсам латторан некъа тIехь мел кхелхинарш юкъа а лоцуш, доIа дира.
Цул тIаьхьа мероприяте гулбеллачарна нохчийн эстрадин артисташа концертан программа гайтира.
Билгалдаккха догIу Машаран денна лерина республикехь йоккха автопробег а хилла хилар. Соьлжа-ГIалара дIабуьйлабелла цуьнан дакъалацархой Устрада-ГIала а, Гуьмсе а, ТIехьа-Мартана а, Хьалха-Мартана а кхечира. Цигахь дакъалоцуш 30 эзар сов машен а, мотоцикл а яра. Церан ковр 50 сов километр яхъеллера.
Соьлжа-ГIаларчу аэропортера дIа ведомствон керта кхаччалц «Газель NEXT» олучу юкъараллин транспортан керлачу 40 машенах лаьтташ йолу «автопробег» ЗIенан а, транспортан а министерствос а йира. Ведомствон куьйгалхочо Р.Черхиговс билгалдаккхарехь, машенаш республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн гIоьнца эцна ю, Соьлжа-ГIаларчу урамашка уьш, Россехь а цхьаьна, уггаре а хьалха араевр ю.
И.ИСЛАМОВ
№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо