ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь дIаяьхьира Нохчийн Республикехь контртеррористически операцин раж дIаяккхаран денна лерина мероприяти.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон векалш а, республикин Парламентан депутаташ а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин векалш а, иштта Нохчийн Республикин культура а, медицина а, дешар а, спорт а, гIишлошъяр а кхиорна юкъа доккха дакъа диллина болу говзанчаш а.
Контртеррористически операцин раж дIаяккхаро регион экономикин а, социальни а, культурин а агIор кхиорехь лелийна долу историн маьIна а довзуьйтуш, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата дийцира Машаран де нохчийн халкъана мел мехала ду.
– Машаран де – мел дукха хIума юкъадогIу оцу шина дашна. Иза, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан хьекъалечу политикин а, хьуьнаречу амалан а жамI ду. 2009-чу шеран оханан (апрель) беттан 16-гIа де вай дагалоцу контртеррористически операцин раж дIаяьккхина де санна. Оцу хиламах самукъадаьлла вара массо а. Суна декъалдан лаьа шу дерриге а оцу дезачу денца, шуна дерриге а диканиг а, машар а, кхиамаш а хуьлийла а лаьа, – билгалдаьккхира Умаров Джамбулата.
Министра Сийлаллин грамоташ елира Нохчийн Республикин культура а, медицина а, дешар а, спорт а, гIишлошъяр а кхиорна юкъа башха дакъа диллинчу говзанчашна.
Цул тIаьхьа гулбеллачарна концертан программа гайтира.
I.МУРТАЗОВ
№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо