Къилбаседа Кавказан ворхI Iаламат

ХIокху шеран 1-чу июнехь дуьйна дIайолаелла  «Къилбаседа Кавказан ворхI Iаламат» цIе йолу къаьмнийн конкурс. И дIахьош ю Къилбаседа Кавказан туризм кхиоран а, Iаламан таронаш йовзийтаран а Iалашонца «Къилбаседа Кавказан 100  хаза меттиг» проектан гурашкахь. Шена  хазъеллачу  объектана кхаж таса таро хир ю хIокху сайта тIехь  www 100 skfo. ru.  Ткъа и кхаж тасархьама социальни сеташ чохь хIораммо шен-шена аккаунт дан дезар ду. Цул тIаьхьа цхьана дийнахь хазъелла цхьа объект харжа аьтто хир бу.

Нохчийн Республикера оцу конкурсехь хьалха хIиттийна: Европехь уггаре даккхийчех долу  А.-Хь. Кадыровн цIарах долу маьждиг, Къилбаседа Кавказехь уггаре а тоьллачех йолу Нохчийн Республикин къоман музей, республикин пачхье Соьлжа-ГIала, Уьшкалара бIаьвнаш, А.-Хь.Кадыровн  цIарах йолу «Сийлаллин аллей»  мемориалан  комплекс, лекхачу цIенойн «Грозный-Сити» комплекс,  «Ахмат-арена» спортан комплекс, Къоьзан-Iам, беллачеран гIала  «ЦIой-Педа», Соьлжа хи, «Пхьакоч». тIулгийн гIала (комплекс)

1-чу октябрехь чекхъер ю конкурсана лерина хан. Цул тIаьхьа, кхаж тасаре хьаьжжина, билгалйоккхур ю Къилбаседа Кавказан хазачех йолу ворхI меттиг, иштта Округан субъекташна юккъехь къастор ю хазачех йолу  ворхI меттиг а.

Конкурс дIахьо  проектни менеджметан Къилбаседан Кавказ центро, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь юьззина бакъонаш йолуш волчу векалан аппарато, «Къилбаседа Кавказан курорташ»  юкъаралло, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни  агентствос, Къилбаседа Кавказан журналистийн ассоциацис, иштта регионан кхечу организацеша.

А.АБДУЛАЕВ  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: