Оханан (апрель) беттан 7-чу дийнахь билгалдаьккхира Могашалла ларъяран дуьненаюкъара де. Оцу дийнахь Гуьмсе гIалин цIерпоштнекъан «Гудермес» станцерчу коьртачу больницехь схьайиллира 25 меттигна йолу кхузаманан хирургин отделени.
Мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов ШахIид, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Байсаев Iумар, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министр Сулейманов Эльхан, «РЖД» цхьаьнатоьхначу акционерни юкъараллин Къилбаседа Кавказан цIерпоштнекъан филиалан хьаькам Пястолов Владимир, кхиболу официальни нах.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Ахмадов ШахIида больницин 90 шо кхачарца декъалйира лоьрийн коллектив. Цо билгалдаьккхира керла отделени схьайиллича больницин болх а кхин а толург хилар.
– Суо а Гуьмсе гIалин вахархо хиларна суна дика евза хIара больница. Вайн республикина уггаре а хала еанчу заманчохь а кхузарчу лоьраша гIо дора цIерпоштнекъахойн доьзалшна хьовха, ерриге а Нохчийчоьнан бахархошна а. Вай дерриге а самукъадаьлла ду хIара отделени схьаелларх. Къилбаседа Кавказан цIерпоштнекъан куьйгалла тешо лаьа суна цара хьегна къа эрна довриг цахиларх. Иштта, оха вовшашца зIенаш а латтош, кхидIа а болх бийр бу, – элира вице-премьера.
Пястолов Владимира дийцира отделенехь кхузаманан лоьрийн берриге а гIирсаш хиларх а, оцо тайп-тайпана чолхаллаш йолу операцеш дIаяхьарна аьтто бийриг хиларх а лаьцна.
– ГIо оьшучунна лаккхарчу тIегIанехь дарба дийр ду кхузахь. Эзарнаш наха пайдаоьцур бу отделенех: цIерпоштнекъан белхахоша а, Нохчийн Республикин бахархоша а. «Россин цIерпоштнекъаш» компанин даима а хилла социальни жоьпалла а, шен белхахойн хьашташ кхочушдар а, – элира В.Пястоловс.
Шен къамелехь Сулейманов Эльхана билгалдаьккхира больницерчу лоьрийн шайн балхахь кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар.
– Таханлера хIара хилам вайн республикин медицина а, могашалла Iалашъяран дакъа а кхиорна юкъа диллина доккха дакъа ду, – элира министра.
Цул тIаьхьа Къилбаседа Кавказан цIерпоштнекъан Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира больницин тоьллачу лоьрашна.
КхидIа клиникехула экскурси йира.
I.ТЕРЛОЕВ
№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо