ДоттагIаллица – Берлинера Москва

ХIокху шеран мангалан (июль) беттан 23-чу дийнера хьаьттан (август) беттан 13-чу дийне кхаччалц дIахьур ду Берлин – Москва шолгIа (автопробег) а машенашкахь дIасадахар. Цигахь дакъалоцур ду Германерчу 1 000 гергга вахархочо. Уьш Россерчу 40 сов гIалех чекх а бовлуш, 40 000 чаккхарма сов некъ бан дагахь бу. Россиний, Германиний юкъара культурин а, доттагIаллин а зIенаш чIагIъян, халкъашна юкъахь долчу доттагIаллашца ондда машар хилийтар ю оцу гIуллакхан Iалашо.

Берлинера Москва дуьххьарлера машаран (автопробег) машенаш хаьхкина бахкар 2016-чу шеран хьаьттан (август) баттахь хилира. Цуьнан юкъаралло лаккхара мах а хадийра, цунах лаьцна дийца а дийцира. ХIетахь Германера 250 стаг веара Россе. Церан еккъа цхьа Iалашо яра – санкцешка, НАТО малхбалехьа гIерташ хиларе, малхбузенан СМИ-ша бечу питанечу хаамашка хьаьжна ца Iаш, немцойн халкъ Россин халкъаца даггара доттагIалла лело, цхьаьна гIуллакхаш дан лууш хилар дIагайтар. Россехь хиллачул тIаьхьа кхин цкъа а чIагIбелира уьш халкъан дипломати халкъашна юкъахь машар а, доттагIалла а хилийтаран уггаре а дика некъ хиларан ойланехь.

Машенаш хаьхкина доттагIаллица Берлинера Москва бахкар, тхан коммерцин йоцчу Druschba Global e.v. организацис кхочушдеш долу юкъараллин дIадолор ду. Машенашкахь дахкаран гIуллакх хIинцале къобалдина пачхьалкхан хIокху структураша: Россин Федерацин Президентан Администрацис, Россин Федерацин Кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министерствос, Россин Федерацин культурин министерствос, Ростуризмо.

ХIокху шарахь шун регионехь хир ву Берлинера машенашкахь веана 200 гергга стаг. Цигахь 2017-чу шеран хьаьттан (август) беттан 4–6-чуй деношкахь хир бу уьш. «Кавказ» маршрутан куратор хир ву Аксёненко Артем Васильевич (+7(916)-740-60-97, tischaspit@gmail.com).

Машенаш хаьхкина богIурш Соьлжа-ГIалахь тIеэцарна кечамбаран гурашкахь доьху хIокху гIуллакхаш тIехь гIо дар:

– гIали йисттехь машенашкахь богIучеран коврана дуьхьал дахкар, ГИБДД-н эскортаца ковр дIасайигар вовшахтохарехь;

– машенаш хахкаран дакъалацархойх цхьаберш российски доьзалшкахь а, студентийн хьешацIеношкахь а дIанисбарехь;

– официальни мероприятеш (Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хIолламашна хьалха зезагаш дахкар, Россин Федерацин субъектан а, гIалин Администрацин куьйгалхошца цхьаьнакхетар, пресс-конференцеш дIаяхьар, и.дI.кх.) вовшахтохарехь, дIаяхьарехь;

– машенаш хаьхкина баьхкинчара регионехь йоккхучу ханна йолу программа чулацаме ярехь (сийлаллин меттигашкахула экскурсеш, юкъараллин векалшца цхьаьнакхетарш, бизнес-цхьаьнакхетарш, концерташ);

– культурин программехь дакъалацарна кхоллараллин коллективаш юкъаозорехь;

– машенаш хаьхкина дахкаран гIуллакх СМИ-шкахь довзийтарехь;

– проектехь дакъалацарца волонтераш, талмажхой юкъаозорехь;

– машенаш хаьхкина баьхкинчарна регионехь йоккхучу хенахь кхерамазалла хилийтарна кхачоярехь.

ДоттагIаллица машенаш хаьхкина Берлинера Москва баьхкинчарна гIо дарехь дакъалацар – иза баккъал а Россин а, Германин а халкъашна юкъахь машар а, доттагIаллин зIенаш а чIагIъяран гIуллакхна юкъайиллина хазна а ю, Росси маьрша а, доттагIалла дезаш а мохк хилар дIагайта аьтто бар а ду.

Ларамца, Райнер Ротфусс,

«Druschba Global e.v.» председатель, доктор, профессор.

Исмагилова Эльвира,

Берлин – Москва ДоттагIаллин машенаш хахкаран координатор

+7(903)355-01-23, +7(915)312-87-50, ru@druschba.info, https://druschba.info

№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: