ГIалгIайчоьнан Парламентехь дийцира шайн маттах лаьцна

Оханан (апрель) беттан 6-чу дийнахь ГIалгIайн Республикин Халкъан Гуламан Цхьаьнакхетарийн жимачу зала чохь шен рогIера кхеташо дIаяьхьира Гуламан дешаран а, культурин а, динан организацешца зIенаш латторан а комитето. Иза лерина яра гIалгIайн мотт Iалашбаран а, кхиоран а гIуллакхна.

Кхеташонехь дакъалоцуш депутаташ хилла ца Iаш, Iилманчаш а, яздархой а, юкъараллин гIуллакххой а, гIалгIайн меттан хьехархой а, республикин Дешаран а, Iилманан а министерствон а, ГIалгIайн пачхьалкхан университетан а, Ч.Ахриевн цIарахчу Iилманан-талламийн институтан а, Къоман библиотекин а векалш а бара.

Шен къамелехь Халкъан Гуламан председатела З.Евлоевс йовзийтира кхеташонан Iалашо.

«ГIалгIайн мотт Iалашбан а, кхион а, баржон а оьшуш йолу гIулчаш билгалъяха гулделла вай кху чохь. Шен къоман мотт хууш а, безаш а хила беза. Адамийн тобанах къам дийриг мотт бу. Мотт дIабаьлча, халкъах юха а адамийн тоба хуьлу. Тахана гIалгIайн маттахь долу чолхе хьал дийца даьккхича, синтем бов. Цундела, вайна адамийн тоба хила ца лаахь, вай декхарийлахь ду гIалгIайн мотт Iалашбайтина ца Iаш, иза кхидIа а кхиабайта», – элира цо.

Билгалдаккха догIу гIалгIайн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а оьшуш йолу пачхьалкхан программаш оцу республикин «ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан меттанийн хьокъехь» долчу Законан буха тIехь хIиттон езаш хилар. Ткъа, цкъачунна, республикехь оцу декъехь тIеэцна цхьа а программа яц. Делахь а, дуьйцучу Законаца нийса а догIуш, республикехь пачхьалкхан оьрсийн хилла ца Iаш, гIалгIайн мотт а бу.

Кхеташонан дакъалацархоша билгалдаккхарехь, Законехь гIалгIайн маттана пачхьалкхан меттан статус елла хилар мехала делахь а, ма-дарра долчу хьоле хьаьжча гучудолу, цкъачунна, республикехь оьрсийн мотт бен пачхьалкхан меттан тIегIанехь лелаш цахилар.

ГIалгIайн мотт Iалашбаран а, кхиоран а декъехь дан дезарг дийцаре дан даьккхича гулбеллачара билгалдаьккхира тIаьхьарчу хенахь гIалгIайн маттахь дуккха а Iилманийн публикацеш йина а, книгаш а, дошамаш а арахецна хилар.

Оцу декъехь доклад йира Ч.Ахриевн цIарахчу Iилманан-талламийн институтан директора Н.Барахоевас. Цунна хетарехь, гIалгIайн мотт кхиорехь а, Iалашбарехь а уггаре а хьалха телевиденехь цунна лерина передачаш яр а, газеташкахь статьяш язъяр алсамдаккха деза.

Иштта, цо билгалдаьккхира чолхечу хьолехь гIалгIайн мотт хилла ца Iаш, литература а хилар. Оцу декъехь, Н.Барахоевина хетарехь, школашкахь а, лаккхарчу дешаран учрежденешкахь а гIалгIайн мотт а, литература а хьехаран цхьа кеп хила еза.

Цу тIе, карарчу хенахь, мел халахеташ делахь а, гIалгIайн маттахь яздан лууш а, хууш а берш кIезиг бу. Цундела «Республикерчу школашкарчу лакхарчу классашкахь гуманитарийн предметаш гIалгIайн матте а яьхна, гIалгIайн маттахь хьеха еза дешархошна», – элира I.Кодзоевс.

Кхеташо гIалгIайн маттахь дIаяьхьира. Иза кхаа сохьтехь сов лаьттира. Цигахь дакъалоцуш хиллачарах хIора а вара шен ойла а, кхолладелла хьал а дIадовзийта лууш. Цундела дийцинарш дуккха а ду: гIалгIайн меттан орфографи нисъяр, лингвистикин терминологеш кхиор, йозанехь кIеда хьаьрк лелор, иштта дIа кхин а.

Кхеташонехь дийцаре диначуьнца нийса а догIуш, гулбеллачара Халкъан Гуламна «ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан меттанийн хьокъехь» долчу Законехь хийцамаш бар тIедожоран дIахьедарна буха массара а куьйгаш яздира. Иштта, оцу дIахьедарца нийса а догIуш, республикехь тIеэца лерина пачхьалкхан «ГIалгIайн мотт Iалашбар а, кхиор а» программа.

Республикин Дешаран а, Iилманан а министерство декхарийлахь йина гIалгIайн мотт а, литература а хьехаран цхьа кеп хIотторан гIуллакх сихонца тIеэца а, меттан а, литературин а хьехархошна оьшуш долу методикин гIо-Iаматаш кеч а дина, уьш арахеца а, хIора а шарахь «ГIалгIайн меттан а, литературин а тоьлла волу хьехархо» републикин конкурс дIакхайкхо а.

«ГIалгIайн мотт бехар а бу, кхуьур а бу меттан говзанчаша а, Iедало а бертахь оцу декъехь къахьегахь», – олуш ерзийра кхеташо Халкъан Гуламан председатела З.Евлоевс.

И.АДАМОВ

№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: