Интернетан «Iожаллин тобанаш» – вайн юкъараллин лазам

Яьлла цIе санна сиха дIасадаьржа интернетехула зуламе ун.

Large group of busy kids, boys and girls looking at their phones texting sms and playing staying outside in the field on bright sunny summer day

Таханлерчу дийнахь вайн бераш, кегийрхой оцу интернетах мел бозуш бу хаьа-кх вайна. Школе даханчу хIора а (ур-атталла, школе дахаза долчу а) беран шен гаджет, смартфон, компьютер, ноутбук ю. Уьш хилар вуон ду алар а нийса дац, делахь а цаьрга уьш нийса лелаяйтарна тIехь леррина терго латтош хила беза дай-наной. Дийнахь цхьа сахьт бен даккхийта ца дезара дешархошка гаджетех пайдаоьцуш, иза а дешарна оьшучуьнга хьажий бен. Кхидолу хIума цара цу тIехь лелош делахь, ловзарш хуьлу уьш я социальни сеташ чохь хан яйар. Берийн гаджеташ догIа тоьхна хилийта а ца еза, елахь а, дена а, нанна а девзаш хила деза царна хIиттийна долу догIанаш.

Кхин цхьа хIума а хаа деза дай-наношна – вайн берашна вайначул дуккха а дукха хаьа, вай жимма заманна тIаьхьадисина, ткъа царна, хьалакхуьъушехь, программица чу диллича санна, дерриге а девза. Гаджеташна тIехь вайл дуккха а хIиллане бу уьш. Сема хила, дай-наной!

ХIун ду хуьлуш дерг?

ХIара шо доладелчахьана а социальни сеташ чохь дохуш орцанаш ду: керла юкъараллин ун ду ерриге а Россехь даьржина, бохуш.

«#синийкит; #тихийдом; #разбудименяв4:20; #явигре; #морекитов» уьш «Iожаллин тобанийн» хештегаш ю (ца хуучунна: хештег тIетовжар ду, цу тIе пIелг Iоьттича, церан агIонна тIе а валалуш). Бер, ца хууш а оцу хештега тIе Iоттаделлехь, цо йийсаре лоцуш ду.

Iедало леррина тидам тIе бахийтина ишттачу интернет-тобанашна. Цара дуккха а «Iожаллин тобанаш» дIа а къевлина, церан администраторш схьа а лецна. Дуккха а уголовни гIуллакхаш ду оцу декъехь дIахьош.

Схьагарехь, оцу тайпанчу тобанашна юкъахь Iаламат дукха леррина болх беш белхахой бу. Церан барам лакхабалар бен лахлуш а бац.

Цхьана юкъанна юкъаралло дийцаре до и тайпа интернета чохь хуьлуш долу зуламаш, цул тIаьхьа дицдо, царна тIехь терго яр а лахдо. ТIаккха жимма хан яьлча, зуламечу наха шайн болх кхин а жигарбоккхий дIахьо, цара вайн берийн синош шайгахьа дерзадо.

Россехь, Казахстанехь, ГIиргIизойчохь, Украинехь дешархошна юкъахь дIабаьхьначу хаттамашца гучудаьлла царах дукхах берш оцу ловзаршна юкъахь хилар.

Муха Iехадо цара бераш?

Цкъа «Iожаллин тобанан» ловзарийн хештег тIе ваьлла кхиазхо, цара дIа ца хоьцу. Цуьнца зIене волу «куратор». Цкъа хьалха хьал-де а хоттуш, цуьнан хIун хьежамаш бу хьожу, муьлхачу доьзалера ву хьожу. ТIаккха дахарехь халонаш ю-яц хьажа волало «куратор». Кхиазхо шех кхоччуш тешаво цо. Цул тIаьхьа, хIумма а доцуш санна, цунна тIедахкарш дан волало. Уггаре а хьалха къоламца куьйга тIехь кит билла олу цуьнга. ШолгIа тIедиллар – уьрсаца цIий а доккхуш билла олу изза кит. Цул тIаьхьа дойтурш кхин а галдевлла хуьлу. Кхиазхо ша и тайпа зулам шена дийр дац аьлла дуьхьалваьлча, шаьш цуьнан цIа а даьхкина, дена я нанна, я йишина, я вешина зулам дийр ду олий, кхераво (цуьнан телефонаца уьш мичахь Iаш бу карон хала дац. Уьш Iаш болу адрес а, сурт а дIадохьуьйту цара кхиазхочунна, тIаккха кхоччуш кхерало важа). Цаьрга и тайпа хIума ца дайта, шайна деш долу тIедахкарш кхочушдо. Ловзаран 50 мур бу. ТIаьххьарлерниг, уггаре а ирчаниг – ша-шен вер.

Муха хуур ду бер «Iожаллин тобанна» юкъахь дуй?

Шайн чуьра доьзалхо шен телефон йолуш велахь я цIахь компьютер хьалха дукха хан йоккхуш велахь, цуьнан интернетан некъаш толлуш хила деза. Лехча хIумма а ца кардахь, леларца а хаа йиш ю иза. Iуьйранна диъ сахьт ткъа минот яьлча хьала а гIоттий, шайна тIедехкинарш кхочушдо цара. Куьйгаш хедийна хуьлу церан. Массарех дIакъаьстий Iаш хуьлу, цхьамма кхерийча санна, дIа а тебий.

Царна дов дан мегар дац, хIунда аьлча, уьш иштта а кхерийна бу. Берана гIо оьшу, къаьсттина гергарчаьргара.

«Сирла-цIен жима говр» хIун ю?

Кхиазхойх хьакхаделла ца Iа и тайпа ун. ХIокхузаманахь гаджеташ школе дахазчу берашкахь а хуьлу, дас-нанас, уьш IадIийчахьана, олий, дIалой. Ткъа царна, мотт а Iамале, телефонаш лелон Iема. Ишттачу кегийчу берашна лерина «Сирла-цIен жима говр» аьлла ловзар ду. Цхьана а дена я нанна дагадогIур дац оцу ловзарца зуламе цхьаъ хила мега аьлла, хIунда аьлча басаршца хаза кечдина а, цхьа а вуон хIума дагадоуьйтуш а дац и ловзар. Ткъа чу а ваьлла, хьо ловза воьлча го, лаккхарчу муьрашка хьо мел волу а, цара деш долу тIедахкарш берийн могашаллина кхераме хилар. Цара бере боху: «Хьо хIинца жима а вац (яц), хьан ненах къайлах хIуманаш хила деза вайшиннан» (язйина а, иштта озаца а хуьлу и кхайкхамаш). Цул тIаьхьа боху: «Хьо хьуо коран уьна тIе валалур (ялалур) варий?» Иштта кхин дуккха а ду…

Оцу ловзарша вайн берийн кхетам галбоккху, кхерар дIадоккху. Дега а, нене а ла цадогIарх хIумма а дац бохург дуьллу хье чу. Цундела, жима долуш дуьйна ларде шайн бераш.

«Сан бер иштта дац», олу хIора а нанас. Ду. Шух хIораннаниг а ду иштта. Шайх теша, делахь а беран доладе.

ХIун дан деза?

Дукха хан йоццуш, Россехь дIаяьхьначу Россин Президент волчохь йолчу адамийн бакъонаш ларъяран советан кхеташонехь кхиазхойн зуламех лаьцна дийцира. Билгалдаьккхина ма-хиллара, коьртачу декъана интернет бахьана долуш деш ду кхиазхоша зуламаш.

Кхеташонехь иштта билгалдаьккхира интернетан «Iожаллин тобанаш» социальни сеташ чохь дIакъовларо дикачу хиламашка кхачориг цахилар. Уьш дIакъовларо мелхуо а реклама яр бен хIума ца до (уьш дукха дIа мел къовлу а, берашна кхин а чIогIа лаьа и хIун ду хьажа).

Вайн бераш лардан вай бен дац, иза хаа деза вайна. Царна терго еза, шайх кхетар, тешар оьшу. Кхиазхоша шайна цкъа а гина боцучу соцсеташ чуьрачу нахе дуьйцу шайн дега, нене, гергарчаьрга ца дуьйцуш дерг. Цундела шен берана дика доттагI хила еза хIора а нана.

Дас-нанас хьеха дезаш долу коьртаниг

Итт шо хьалха а вайн наноша доьзалхошна доьхкура ца бевзачу нахана неI схьаеллар, ца бевзачаьргара хIума схьаэцар, иштта, цаьрца хабаре довлар.

Таханлерчу дийнахь интернетаца болу кхерам бовзийтар ду дай-наношна тIехь.

Царна юкъадогIу: социальни сеташ чохь цабевзачаьрга яз цадар; шайн «доттагIашна» юкъа цавевзарг цаваийтар; суьрташ цахIиттор; шайн гаджеташ чуьра ша Iаш волу меттиг гойтуш йолу приложени дIаяйар (геоданные); шен дахар довзуьйтуш хIумма а цадийцар, и.дI.кх. а.

Инстаграм юй берашна зуламе?

Вайн баккхийчарна ца моьттучу кепара доккха зулам доллу инстаграмица. Балхана оьшучунна и лелор цхьаъ ду, ткъа дерриге шайн дахар а довзуьйтуш цу чохь Iар кхин ду. Тахана «ВКонтакте», «Фейсбук», «Твиттер», кхийолу социальни сетел а чIогIа гIараяьлла ю инстаграм. Цу чохь а ю «Iожаллин тобанаш».

Кхин цхьа ирча агIо а ю оцу инстаграман – вайн нохчийн зудабераш ду цу чохь «со гой шуна» бохуш, шайн суьрташ а хIиттийна, Iаш. «ЙоI, хьо ма хаза ю» бохуш, царах баккхийбеш кегийрхой а хуьлу. Телхина. Даре дан мел хала делахь а, иштта ду таханлера хьал. ЙоIа шен доьзалан сий дойу ишттачу леларца. Нанойн бехк бу иза. Жима ю, хаза ю, хIумма а дац бохуш, баккхий а беш Iа.

игры2

Шайн бер социальни сеташ чохь хила лууш делахь, дай-наноша ларъян еза бакъонаш йовзуьйту оха:

1. Берийн «доттагIашна» юкъа мил-мила ван йиш ца хилийта, догIа тоьхна хила еза агIо.

2. Берана баккъал а вевзаш верг бен юкъаваийта ца мега «доттагIашна» (масала, классехь доьшуш берш, цхьаьна кружокехь берш, лулара бераш).

3. Ца бевзачу наха хIуъа яздарх, царна дуьхьал жоп дала мегарг цахилар дIахаийта деза.

4. Да я нана хила деза берийн «доттагIашна» юкъахь (массарна а гуш хила деза уьш шайн берана Iуналла деш хилар).

5. Шен агIоне бере шен суьрташ хIиттадайта мегар дац.

6. ЦадогIург ша сета чохь динехь, иза дега я нене дIаолуш хила деза (цунах шена зулам ца далийта).

7. «Ден-ненан терго» аьлла йолу контент хIотто еза шайн доьзалийн гаджеташна тIе.

8. Дийнахь билггал цхьа хан хила еза беран интернета чу дала бакъо йолуш (1 сахьт, уггаре а дукха 1,5 сахьт).

Терахьашца «Iожаллин тобанаша» диначу зенех

Полицменаша жигара болх дIабахьар бахьана долуш, 50 сов «Iожаллин тоба» дIаяьккхина тIаьхьарчу хенахь.

игры

Кхерамечу ловзаршна юкъаяхана шаьш-шайна зулам дан гIерташ хилла 16 йоI кIелхьараяьккхина цара (цаьрца психологаша болх бина).

2015–2017-чуй шерашкахь 1 821 кхиазхочо ша шен вийна и ловзарш бахьана долуш.

Хьанна оьшу и дерриге а?

Оцу хаттарна дала жоп цхьаьннан а дац. Ларбе шайн доьзал!

Хь.БАХТАЕВА

№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: