Россерчу экологийн съезд хир ю Нохчийчохь

Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь карарчу 2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 15–17-чуй деношкахь Россин экологийн съезд хир ю.

Цигахь дакъалоцур ду Россин Федерацин ерриге а регионашкарчу, СНГ-н пачхьалкхашкарчу экологаша. Оцу мехалчу хиламехь дакъалаца шайна лууш хилар хаийтина Францис, Германис, Исландис, кхечу пачхьалкхаша.

Съездехь докладаш йийр ю дуьненахь а бевзачу Iилманчаша а, къоначу экологаша а.

Экологин проблемаш дуьнено а билгалъяьхна ю, дIатетта йиш йоцуш, цхьа де хьалха дIаяха езаш ю. Оцу проблемашна юкъа хIаваъ бехдар деана ца Iа, цигахь къастамбан догIу Iаламан бохамаша (мох баларо, даккхий лайш дахкаро, хиш дестаро) деш долчу зенийн тIаьхьенаш дIаяхар.

Хьалха, СССР-н заманахь Нохчийн Республикин коьрта шахьар экологин хьал чолхе ларалучу 10 гIалина юкъайогIуш яра. Цул тIаьхьа, вайн махкахь лаьттинчу тIемаша а дира даккхий зенаш.

Мехкадаьттан техникин университетан хьалхарчу проректора, «Экология и природопользование» кафедрин куьйгалхочо, географин Iилманийн доктора Заурбеков Шарпуддис дийцарехь, Россин экологийн съезд дIаяхьаро аьтто бийр бу экологин проблемаш дIаяхарехь кхочушбан беза талламан белхаш бан. Нохчийн Республикина хилла ца Iаш, Россин Федерацин ерриге а субъекташна экологин проблемаш дIаяхарна пайдехь хир бу Съездан сацамаш.

– Тахана Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан университетан говзанчаша, экологин проблемашна юккъе нисбелла болу, хIинцале а боккха болх бина, шаьш дIахьочу талламашна жамIаш а дина. «Экология и природопользование» кафедрин говзанчаша Нохчийн Республикехь дуьххьарлера геоэкологин атлас хIоттийна, цу тIехь билгалйохуш экологин проблемийн проекташ ю. Зорбане яьккхина монографи ю экологин проблемийн хьесап дина, Нохчийн Республикин бахархойн могашаллин хьолах дерг дуьйцуш. Дуккха а Iилманан белхаш бина, дуьнен чохь хенан хIоттам хийцабаларан декъехь а, Iаламан бохамийн тIаьхьалонийн хьокъехь а – элира Ш.Заурбековс.

Иштта, гIишлошъяран факультетан студенташа экологин цIена гIишлошъяран керла гIирсаш барна тIехь талламан белхаш бу беш. Университетан масех кафедрин хьехархоша, студенташца цхьаьна, вайн республикин промышленностан а, энергетикин а министерствоца Россехь а дуьххьарлера геотермальни станци йина. Ток яккхаран керла некъаш лоьхуш бу студенташ карарчу хенахь.

Мехкадаьттан техникин университетан ректоратехь билгал ма-даккхара, форуман жамIашца къастор ду экологин декъехь кхидIа дан деза коьрта гIуллакхаш.

З.ЦЕНТОРОЕВА

№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: