Хьехархочун васт

… Стигларчу седано хьостий,
Цхьа буьртиг кховдабо лаьтта.
Адаман даг тIера гIоттий,
Йовхоно и лоцу кара…

Оцу даг тIера гIаьттинчу йовхоно гуонаха хьаьвзий, дог хьостий, шегара безам кховдабой, лаьттах «ког тосуьйтий», дахаре кховдабо и буьртиг. Оцу даг тIера гIаьттинчу йовхоно шен комаьрша серло гуонаха хьовзайой, дегI хоьцуьйтуш, орам чIагIбеш, куц хаздеш, кхиадо маргIал. Сирлачу дахаре шен генаш кховдочу маргIална гуонаха йолий, цуьнан лакхене хьежар ирдеш, цуьнан дегIан пхенаш стамдеш, цунна довза дезачу дахарх хIуьттучу хаттаршна оьшу жоьпаш луш йолу сирла йовхо, нур хуьлий, айалой, лакха хьаладолий, шегара хьекъал, собар, къинхетам кховдадой, дахаран уьйраш, Iилманан къайленаш йовзуьйтий, ша санначу маргIалх кхета а, дуьненан Iилма довза а Iамадой, сирлачу новкъа доккху маргIал.

Оцу ахь гайтинчу Iилманан новкъахь цунна евза дахаран хазна, кхочу и стигланийн Iаьрчашка, толлу цо лаьттан маьIданаш. Цо ца кхоьруш кховдадо дахаре куьг.

Маржа яI, нур! ТIаккха а дIа ца дов хьо айхьа хьалакхиийначу маргIална! Ма чIогIа оьшу хьо цунна, ша дахаре генаш кховдийча. Ахь ша хьалакхиош шена делла Iилма, хьекъал, оьздангалла тIекхуьучу маргIалшка ша дIакховдош, хьох дагадолу и. Цуьнан дукха хуьлу хьоьга хаттарш…

Ткъа хьо!? Ахь кIад ца луш, комаьрша гуонаха долий, кIаргдо цуьнан Iилма, кхин а серлайоху цуьнан ойланаш, Iамадо кхин а шуьйра дог делла, деган йовхо екъа, дагна хьаам бо.

Сирла нур! Хьан йовхо ю адамийн дегнаш чу къинхетам боссориг. Хьан йовхо ю кху дуьненахь машар, ирс, аьтто бохьург. Хьан серло ю адамийн дегнаш чу собар доссориг, хьан серло ю адаман хьекъал стамдеш, сирлачу кханене некъ гойтург, нийсачу новкъа воккхург.

Хьан къинхьегам кхидIа а лаьтта ахь Iамийначун кхетамехь, хьекъалехь, даг чохь. Ахь Iамийначо дерриге а дуьне серладоккху, къинхетаме до, самукъане до. Цкъа а кIад ца луш, догийла хьо, хьехархочун нур!

ХIокху айса яздинчу дешнашна цхьа кица далор дара ас.

Дуккха а хьалха заманахь, цхьана гIалахь, вехаш хилла цхьа хьекъале стаг. Цуьнан хьекъалах лаьцна дуьйцуш хилла ерриге а гIаланашкахь, ярташкахь. Цунах дагабовла оьхуш хилла дукха генара нах. И ца лалуш, цуьнан хьекъалца хьагI-гамо йолуш хилла цхьа стаг. Цхьана дийнахь, беца тIера полла лаьцна, и полла шен буйна боьллина, ойла йина цо: – Хьекъале стаг волчу а вахана ас хоттур ду: «ХIай хьекъале стаг, сан карахь болу полла белла бу я дийна бу?» Нагахь цо полла белла бу алахь, ас полла дIахоьцур бу, и тIема бер бу. Нагахь хьекъалечу стага и дийна бу алахь – ас буйнахь Iовдур бу, и лийр бу. ТIаккха массарна а хуур ду, тхойшиннах хьекъале муьлха ву.

Хьекъале стаг волчу а веана, цо хаьттина: «Алахьа, хIай хьекъале стаг, сан карахь болу полла дийна бу я белла бу?».

Шега хаттар диначунна дикка бIаьргаш чу а хьаьжна, хьекъалечу стага аьлла: «И дерриге а хьан карахь ду».

Дала вайх тешна, вайна караделлачу экамечу дегнашка кхолар ца йоссош, уьш хьостуш, церан дегнаш чохь сирла нур хилла догийла хьехархойн дегнаш!

НЕСИРХАНОВА Падам

№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: