– Дика дин Билтахь карор бу, ткъа дика зуда ДаьргIара ялон еза, олуш хилла боху цхьана къонахчо. Ткъа дика кIентий кхиийначу яртийн цIерш яха и къонах хIоьттинехь, хетарехь, уггаре а хьалха Нижала хьахор яра цо. Вайн мохк а. адамаш а хестош поэто яздинчу дешнашца аьлча…
Хийла лом цIийзина,
Хийла дой хьийзина,
БIешерийн баланаш эшийна,
Къонахийн латта…
Нохчийн дуккха а яртех, санна, Нижала юьртах а ала догIуш ду и дешнаш. Сирлачу шовданийн кортошкахь кIенташа шайн дагара мехкаршка а дуьйцуш, юьртан пхьоьханахь къаноша гIиллакх-оьздангаллин лакхенаш хьехош, хьаша-да варе сатуьйсуш, комаьрша хIусаман дай бехаш, токхо, беркат шена чохь долуш лаьттина ломахь Нижала еххачу хенахь. ХIинца цхьа а вац Нижалахь вехаш. Лаьмнийн ирзошкахь мангалца кесарш кхехьна, ондачу стерчашца хотера попан гам ийзина, луьстачу хьаннашка ичча оьхуш экханан ларш лерина, токхечу лаьттан бIал хоьрцуш, нахаран баьлчаш къийлина, хIусамийн, бахамийн гуо къовлуш серийн кертана тIехула берд кхехьна, иштта цу тайпана Iер-дахар лардеш, хьанал къахьегна хьуьнаре нах хIинца карор бац вайн ломахь, Нижалахь хьовха, цигахь-м хIинца цхьа а вац, аренца ярташкахь бехачу нижалошна юкъахь.
Нохчий махках бохучу дийнахь итт-пхийтта шераш хиллачу нижалахойх хIинца наггахь а ца висина. Ткъа хийрачу махкахь хало-баланаш лайна, 13 шо а даьккхина цIа бирзина нижалой кхин цкъа а хадийра Iедало шайн лаьмнех. Нижала юха йилла бакъо ца елира. Адамалла а, Дела а воцчу 1едалан къизалла а, харцо а дуьненна д1акхайкхош, генахь делахь а, къам шен махка цIа дерзор лоьхуш, шайн ницкъ кхочу бахьана диначех вара дуьненахь а дика вевзаш волу профессор историк 1абдурахьман Авторханов. Иза ша а вара тайпана нижало.
Махках бохучу дийнахь, герггарчу хьесапехь, Нижалойн юьртахь а, кIотаршкахь а биъ бIе сов кIур болуш, кхо эзар сов вахархо хилла. Генара Сибрехахь, Iер-дахаран къиза хьелаш ловш, цамгарша, мацалло хьокхуш, гIенах а, самах а хьомечу Нижалан аматаш дагчохь латтош, 13 шо а даьккхина цIа бирзина кхо эзар гергга нижало шайн юьртах хадийра наь1алт хиллачу Советан 1едало. Сибрехара цIа вирзинчул тIаьхьа, иттех шо даьлча цхьа наггахь стаг вогIура дайн кешнашна улле гIерташ, чохь цIе яго тIулгех биъ пен бутте. цу чохь хан яккха гIерташ. Ткъех шо сов арахь хан текхна, хIинца а елла бакъо йоцуш, шайн бераллин ага а, къоналлин марзо а йолчу Нижалахь, дахаран тIаьххьара шераш даха лиъна, ворхIе а дайн синош кхойкхуш хеташ хьалавеара лаьмнашка ши къонах: Iалбаган Басракъий, Мушаган Бауддий. Кхин масех шо даьлча кхин ши-кхоъ боккха боцу доьзал а тIекхийтира Нижалахь. Шара-Органе кхаччалц автобус лелара Соьлжа-ГIалара хьала. Ткъа Нижала хиллачу хьала кхин ворхI, бархI километр ламанан готта некъ бара. Юьхьанца чохь Iан меттиг ян езара. Диттийн генаш хедош. уьш вовшех туьйсуш, царна тIе буц тухура. Кхин цхьана кIиранах тIулгех пенаш дой, чухула поппар хьокхура. Тхов тIе йол юьллура. Эцна балийначу аттана, масех уьстагIна тхов кIело ян ца ларош, шелонаш тIейогIура. Буьйсанна экханах лардеш керт йора юьхьанца. Iаьнна докъар кечдан дезара, хIусаман гуо тобеш къахьоьгура. Хин хьоста тодеш, цунна тIе боьду некъ-тача нисдеш, кхача кечбан пеш еш, дукха хуьлура дан дезарш.
Делахь а халонаш дукха хиларх, дахаран хьелаш атта ца хиларх юьрте болу безам, дайх болу сирла дагалецамаш дегнашна а, догIмашна а ницкъ луш дара. Цунах терра IаьIаш бара бахам, кхуьуш бара доьзалш.
Iалбаган Баснакъа нохчий шайн яртех а, махках а бохучу дийнахь шовзткъа шарал тIех ваьлла къонах вара. Дагна хьомечу Нижалахь дуккха а гина а, хезна а вара шен юьртан дIадаханчу дахарх историн ехачу хенахь. 1970-чу шеран аьхка со хилира Баснакъин зудчун Хьалимин гергарчу нахаца докъар кечдеш гIо дан вахана. ХIетахь тхуна, кегийчарна шайн нижалойн туьйра-хилларг дийцира Баснакъас. Иза суна диц а ца делла. Хетарехь, нохчийн дахаран амалш, дуьнене хьежар, син-ойланийн лаамаш гойтуш, хIинца а пайдехь маьIна долуш лору ас и хабар (туьйра).
– Цкъа, генна хьалха, яханчу заманахь тхан Нижалойн махка гIоьртина хилла кхечу махкара доккхачу эскаран бIо. Беха лам олучу лам тIе хIоьттина и бIо. Царна хьалхаваьлла волчу элас (бIон баьччас) хабар даийтина нижалойн элане, шена тIе вола аьлла, шех лата а, хьуьнар къовса а.
Нижалойн элас аьлла: Цкъа хьалха дин боуьйту ша хьан динах лата. Дуьхьал лалла хьайн майра дин. Дуьхь-дуьхьал хIоьттина ши дин а тIерашка а хIоьттина, чучча хьаьдда. Нижалойн элан динна бага еана вукха говран кхес тIехь йолу ворта. Ворта кхин дIа ца хоьцуш, мостагIчун говр йожийна. ТIаккха а дIа ца хоьцуш, охьа таIийна букъ бойна хилла нижалочун говро. Толам баьккхина шен дин юха беъча, нижалочо хабар дахьийтина: – «ХIинца ас хьуна шун хIоттор ду, ахь дуьненахь цкъа а биъна боцчу кхачанца» – аьлла.
БIон баьчча цецваьлла шена хIоттийначу кхачанах. Цунна хиъна дац иза хIун кхача бу. ТIаккха вахана нижалойн эла шена уллехь масех накъост бен а воцуш бIо лаьттачу.
Ондачу дегIахь, совнаха герз шеца доцуш, тIахъаьлла къонах шена тIе вогIуш вайча хьала гIаьттина бIон эла.
Нижалочунна хьалха нисъелла бIон элан мотт-гIайба, кхиболу тIеман-гIирсаш тIехь четар тоьхна стерчийн йоккха салаз. ДIакхевдина салазан дукъарц буллучу Iаьрга цIаза пIелг боьллина, хьовзийна салаз кхоьссина дIаяхийтина, шена чохь мел дерг дIаса а даржош. Нижалочо динарг гина бIон баьчча оьгIазалла а, кхеравалар а цхьана ийна, садаIар доьхна, катоьхна шен логера, новкъарло дIаяккха дагахь катоьхна шена тIера болатан гIагI датIийра. Цо динарг гинчу нажалойн элас – зудчо санна кучан кач хIунда этIабо ахь? – аьлла.
Хиъна бIо балош веанчунна летча ша тоьлар воций. Цо аьлла: «Хьуьнарш хьан туьйли. Дийца суна муьлхачу хIух бу хьан Турпала дин? ХIун кхача бара, ахь суна хIоттийнарг?
ТIаккха аьлла нижалойн элас: «ГIола сайн кхело бина бу сан цIокъа айгIар. Ас хьуна даийнарг аьттан неI дара, кхаа шарахь Iахар лаьттинчу. Иза кхехкийна дара моз чохь». – аьлла. Тхо баккъал а дозаллица ладоьгIуш Iийра цу башхачу хабаре.
Вайн оьмарехь нохчийн элий хилла бац олуш ду. Делахь а Баснакъин хабарехь вийцинарг эла ву алар, доккхачу декъана хьуьнар долуш, майра къонах, тайпанан баьчча ву бохучуьнца дика догIуш ду.
Масех бен вахархо воцчу Нижалахь, хIетахь, Баснакъа ша волуш санна хетара, ойланехь дустарца, цуьнан амалш, къинхетам, шовкъ, хьешашца долу гIиллакх оцу туьйранехь вийцинарг.
Нохчийн къам махках даьккхинчу кхойтта шарахь лайна халонаш – мацалла, шело, уьнан цамгарш бахьанехь герггарчу хьесапехь кхоалгIа дакъа сов хIаллакьхилла. Нохчийн къам махках даккхале хьалха а бацара лаьмнашкахь оьшу синтем, паргIато. Советан Iедал ша кога хIоьттичхьана дуьйна а дара вайнахана дера ча а, къиза десте а хилла лаьтташ.
Хала дара доьзална рицкъа лаха. Доьзал мел боккха хиларх йиш яцара ткъа сотел сов латта долахь лелон. Дагардеш дара бешахь стоьмаш луш маса дитт ду. Цхьа етт, пхи уьстагI бен ца лелабойтура. Говр лело а йиш яцара. Хала дара оьшшучул докъар кечдан. Iедална, боцчу мехах, дIадала дезара даьтта, жижиг, хIоаш. Лаьтта тIера налог яла езара. План ю олура кхочуш ян езаш. И дозанаш ца лардечарна буьсуш ши некъ бара: обарг валар я Сибрех вахар.
1925-чу шарахь дуьйна 1944-чу шеран февраль тIекхаччалц маса стаг вийна Iедало? Сибрех хьажийначеран хIинца а хьесап дина дац цхьаммо а.
ХIетте а, дахаран къизачу хьелаша цхьацца агIонгахьара дера кадеттахь а, нижалойн махкахь, ерриге а Нохчийчохь санна, оьздангаллех ца бухуш, дайн гIиллакхаш, оьзда Iадаташ лардеш, адамаллин амалш тIаьххьенна а хьоьхуш лаьттина дуккха а къонахий.
Нижала кест-кеста воьдуш а, Баснакъин хабаре дукха ладегIна а вара Шуьйтарчу Ваьрде юьртахь ваьхна Iадсаламан кIант Муса. Цо дуьйцура, цкъа шена Баснакъас дийцина хIара хабар.
Баснакъа къона волуш цо цкъа шен хIусаме хьошалгIа (мовлад деша) кхайкхина хиллера луларчу баккхичу нахе. Дуршовл олуш хилла хIара Iен кIотар. Шайна мелла а генахь вехаш волу, наха «Воккха Къаим-Хьаьжа» олуш волу Iеламстаг а хилла Баснакъас мовладе кхайкхина.
– И нах ас тхайга кхайкхале, со хиллера лула эвларчу цхьана хIусамехь мовлад деша гулбеллачохь, – дийцина Баснакъас. – ХIетахь хIусамдас хьешашна бийна уьстагI, дукха къена хиларна, кхихкина ца болуш нах дIабаха хьебеллера.
Къаим-Хьаьжас хIетахь аьллера хIусамдега – Тоьар ду жижиган кхехкар, схьадаккха жижиг. Кхана сарахь кхехка а ца беш кхин цхьаъ буур бу хьан.
Баккъал а шозлагIчу буьйсанна оцу хIусамден жа юккъера уггаре а берстана, къона ка баьхьнера барзо.
– Иза хууш волчу ас, сайн хьешашна къона а, берстина а уьстагI бийра, дийцина Баснакъас.
Амма бакъду оццул ховха а, дерстина а долчу жижигах мотт ца тоьхнера Къаим-Хьаьжас. Шена хIоттийна чай, чIепалг диъна буьйса йоккхуш хьошалгIахь висина хилла Iеламстаг. Iуьйранна юха а хьалха хIоттийна хIусамнанас, сийсарлера жижиг-галнаш. ТIаккха а ца диъна Къаим-Хьаьжас.
– Цу гIуллакхо ойлане ваьккхина цхьа-ши де даьлча со вахара оцу бийначу Iахаран нана-жий айса эцна хилла стаг волчу. Вукхо дийцина ша и жи Iахар болуш кхин масех уьстагI оьцуш вевзаш волчу стагера эцна аьлла. И стаг волчу вахана Баснакъа. Цо аьлла :
– И уьстагIий Гоцински Нажмуддин Iедало лаьцча, цуьнан дукха хиллачу жах эрна лелачара далийна ма дара, аьлла.
Эвлаяийн декъехь волчу Къаим-Хьаьжина хиъна хиллачух тера ду шена хьалха диллина жижиг хьаналчу новкъахь хилла цахилар.
2012-чу шеран аьхка Нижала бахара, хIара Нижала шайн дай баьхна, кхиъна юрт лоруш берш, нижалой. Шайца трактор а йолуш баккхий нах, кегийнах бара дайх дисинчу кешнашка баьхкина. Тодира Къаим-Хьаьжин зерат, кешнийн керт.
Шара-Органера Суракхула хьала дукха хала некъ бира. Къаьсттина Нижала боьдучу новкъа кол яларна трактор а хала йогIура. Цхьана хенахь йоккха юрт, юьртана гена йоццуш кIотарш, даьхний дежаш ирзош некъан тачанаш долуш хиллачохь хIумма а дацара, хьун а, кол а, баьIIаш доцург.
Цхьа бIе шо сов хьалха Нижала 100 кIур болуш шахьар яра, шена чохь 800 сов стаг вехаш. Цу юьртана гуонаха, генахь а уллехь а, ткъа сов кIоттар яра, итт-ткъа стаг хIора кIотарахь а вехаш. БагIай-Эвлахь 24 стаг вара Чурин -Эвлахь (мохк) – 16 стаг, Дургин-Эвлахь – 16 стаг, Дангар-Эвлахь – 15 стаг, Байсангур-Эвлахь – 24, ГIези-Эвлахь – 12 стаг, Ганзи-КIотарахь – 24 стаг. Иштта, Сосай кIотар, Эжлий махке, Хьукуш-Эвла, Хьукуш кIотар, Мохьмад Мирзи кIотар, Муцал кIотар, ГIойти-Эвла, Джубин-Эвла, Сосай кIотар – ерриге 22 кIотар хилла Нихалахь 1899-чу шарахь, хIинцачул 114 шо хьалха. КIотаршкахь вехаш верг верриге а 300 гергга стаг хилла. Цул тIаьхьа 30 шо даьлча, 1929-чу шарахь Нижалахь а гуонахарчу кIотаршкахь 367 доьзал а, 1907 вахархо а хилла.
1937-чу шарахь Нижалахь вина а, шен ворхI шо долуш кхузара дIа махкаха ваьккхина а, хIинца кху кешнашка а веана шен ма хуьллу къахьоьгуш вара Джоватханан Джанарела. Иза вина Осхар-Эвлахь. 40 сов доьзал, ши бIе сов вахархо волуш жима юрт хилла иза. Тахана, юрт хилла меттиг билгалъян а, хала хир долуш, хьун яьлла кхузахь. Цкъа ткъа шо сов хьалха ша винчу метте веана гIайгIане хилла, сингаттамо дог Iовжийна вахара иза шайн хIусам хиллачу метте а хIоьттина.
ДжанарIелас ладегIна баккхийчу нахе. ХIинца кегийчарна дийца, хабар а ду цуьнан шен юьртах, цуьнан дIадаханчух, дуккха а юртахойх.
– Нижалой кхаа гарах (некъех) схьабевлла бу. Осхарой, Имай гар, ГIазий гар. Цхьаболчара тайпанаш олуш ду уьш. Оцу кхаа вешех схьабевлла нижалой. Дуьххьара кхуза ваха схьавеана хилла и кхо ваша.
Нижалахь хьалха заманчохь ши бIов хилла. Нижалахь токхе латтанаш ду. Осхарой Туркойн махкара схьабаьхкина Нашха охьахевшина. Цигара Нижала кхаьчна цхьана хенахь. Осхарал хьалха кхуза кхаьчна Имай гарах, ГIези гарах нах. Осхар тIелаьцна бухахь хиллачу Данга бохучу стага. Цу шиннан доьзал кхиъча цара барт бина, хIинца дуьйна вайн воккхах Осхар хир ву, цуьнан цIарах цхьа гар (тайпа) хир ду вайн аьлла.
Иштта а, цунах терра а хабарш дуьйцу ДжанарIелас. Бусалба дин дезаш, Iамош, дин довзарца марзо йолуш хилла нижалой даима. Воккха Къаим-Хьаьжа а, жима Къаим-Хьаьжа а шайх наха олуш цIе яххана эвлаяийн декъехь шиъ Iелам стаг ваьлла кхузара. Цхьа бIе шо хьалха Нижалахь боккха тешаме агIо карийна, устаз хиллачу а, Къилбаседа Кавказехь цхьа бусалба пачхьалкх кхолла гIиртинчу а Узум-Хьаьжина. Оцу дикачу стага ша Нижала веача уггаре а хьалха бусалба дин-Iилма Iамон хьуьжар йиллийтина, ша йоккха терго а еш, кхузткъе дейтта бере дешар дIадоладойтуш. Царех вейтта жима стаг дешна ваьлла, Iеламстаг хила кхиъна Советан Iедал тIедогIуш. Бакъду, Советан Iедал воккха мостагI хилира бусалба динан а, АллахI Делан а. Дукха даккхий зуламаш деш хIаллакбира Iедало динлелош болу нах, дуккха а дика къонахий.
Узум-Хьаьжина юьхьанца дуьйна а хууш хиллера большевикаша дохьуш дерг мел доккха зулам хилла. Цо шен ницкъ кхочу дуьхьало йира ша бохуш дерг дешболчу накъосташца цхьаьна. Дуккха а нижалой бара Узум-Хьаьжин мурдашца. Ткъа Илесан кIант Къаим-Хьаьжа, дукха хан йоццуш кхелхинчу Мохьмад-Эмин да – жима Къаим-Хьаьжа даима цхьана вара Узум-Хьаьжица.
I905–I907-чуй шерашкахь Россехь а, Соьлжа-ГIалахь а заводийн белхалоша а, кхечара а болийна революцин гIаттам Iедало хьаьшира. Забастовкин дуккха а дакъалацархой бевдда лаьмнашка бахара. Нижалахь лечкъинера масех оьрси. Уьш схьабоьхуш эскар деара юьрта. ВорхI де хан елира нижалошна шаьш хьулбина заводийн белхалой схьабала. Цул тIаьхьа юрт йохор хилар дIахьедира. Лаьмнийн лакхенашца дIахIиттийра яккхий тоьпаш. Амма хьеший дIабийца лууш стаг ца велира. 1906-чу шеран 17-чу декабрехь яккхий тоьпаш етта йолийра Нижала а, кIотаршка а. Зударий, бераш, баккхий нах – массо а юьртах ваьлла ведира. Декабран шелонаш лаьтташ, шозлагIчу дийнахь а етта йолийра юьрта йоккха топ. Амма массо а нижало цхьаъ хилла, къонахаллех ца бухуш лайра и боккха бохам.
Юьртан цIарах паччахьан эскарна дуьхьал хIиттина къонахий бара: Акуев Акрам, Махаев Къера, Ахаев Iумахан.
Iедало чIебарлойн ярташкара дуккха а нах Сибрех хьовсийра, Iедална дуьхьал нах хIиттабо аьлла.
Паччахьан Iедало дуьххьара йохийна яцара Нижала. 1877-чу шарахь Зандакъара Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча а кху юртарчу наха гIо дира имаман мурдашна. Ерриге а ЧIебарлан наиб а хIокху юьртара хаьржинера. Цул тIаьхьа масех бутт баьлча, июль беттан юккъехь инарлан Семеновн омрица подполковника Лозевицскис Нижала а, кхин масех юрт а йохийра.
Нохчийн дохо йиш йоцу гIиллакх а, Iадат а хилла лаьттина хьаша ларар. Хийлазза а нижалойн хьошаллех пайдаэцна, генара вогIучу некъахочо, сададийна веанчу лурвоьллачо, Iедална пебетташ кхаьчначо, доьзалан хьашташа гатвинчо, кхечара. Цул сов луларчу ярташкара масех стаг кху юьртахь воцуш деана хир дац цхьа а де. Нижалошца гергарлонаш, захалонаш лаьттина гуонахарчу яртийн. Боса-Юрт, МахкатIе, ХьаьхинцIогне, Ригаха, Чобаьккханара, Лаьшкара, Нуйха, Суракха, Шара-Органе, ишта дуккха а яртийн нахаца йиша-вошалла лаьттина нижалойн.
ХIумма а гена а хетар дацара нижалойн кегийчу нахана хIетахь Шара-Органехь я БIаьста-Ирзехь ловзарга кхача. Ткъа Нижалахь цхьа а синкъерам, ловзар ца дуьсура кхечу ярташкара хьаша ца кхочуш.
– Ассаламу Iалайкум. Соьца хьеший бу, – вистхуьлура синкъерам болчу хIусам чоьхьа ша волуш юьртахойх, цхьаъ.
– Ва Iалайкум ассалам. ДогIийла шу марша! – олий юртахой гIовттура. Хьеший лакха хьала а бохий, тхьамдана улле охьахьовшабора. Цул тIаьхьа синкъерамехь мел волу юьртахо хуьлура хьешийн самукъадолу агIо лоьхуш. Юьртарчу везачу кIанте дог дохуш хилла йоIарий декхарийлахь бара хьешийн дош тIелаца а, цаьрга ладогIа а. Ткъа нагахь синкъерамехь хьаша-йоI, нисъелча масех а юртахо хуьлура цуьнга сакъера бохуш а, иза къуьйсуш а.
Шовданийн кортошкахь суьйренца хийла кегийнах соьцура, мехкаршка дош алар дезаш, цIеста чами чохь йоIа шовданан шийла хи кховдор лууш.
Нижалахь ваьхначу Лабаз-Хьаьжин Ахьмадан кIентан ПахIрудин кIант ву Байсолта. Цуьнан шовзткъе итт шо а дац.
– Со цкъа хилла сайн да Iийначу меттехь. Иза ваьхначу цIийнан бух хилла меттиг йолуш ю. – дуьйцу Байсолтас. – Ас дукха ладоьгIна сайн дас боккхачу безамца Нижала хьехош. Хьуьнан стом дукха латош хилла тхан хьаннаш. Дадас дуьйцура Нижалойн ахьарна дуьхьал серийн зIар хIоттадора шаьш гурахь бохуш. ЗIаро сацадой дукха хьуьнан бIараш лахьош хилла бераша.
Нижала а, кхийолу а ярташ юха яхкарх дерг шега хьахийча Байсолтас элира: «Хетарехь, хIинца Нижалахь ваха а, Iен а реза хир волуш верг наггахь а хир вац. Сайн таро хилча, дай баьхначохь цхьа жима цIа дийр дара ас. Аьхкенан хенахь кест-кеста гIур вара, буьйсанаш а йохуш. КхидIа дерг хала хир дара аьлла хета суна ломахь».
Лакхахь вай хьехийначу Iалбаган Баснакъин кIанта Исрапила боху: «Сан бералла Нижалахь дIаяхна. Сан ден шолгIа доьзал хилла тхо ялх бер.
Тхо дукхахдерш Нижалахь дуьнентIе девлла. Сайн аьтто хилча, Нижалахь сайн да Iийначу Дургийн-Эвла олучу меттехь цIа дийр дара ас. Даьхний лелон а, картолаш кхион а чIогIа беркате а, токхе а меттиг ю иза.
ХIара сайн йозанаш Нижала юьртах, цу юьртара шайн орам болчу нахах лаьцна хиларе терра, кхин цхьа дика къонах – Нижало хьахо лаьа суна.
Мацах, Шемалан заманахь бIе кхузткъа шаре вахана цхьа къонах хилла Нижалахь ГIезин Iаьнцаг бохуш. Цкъа шен даьхний дажош иза волуш, Шемалан тIемалоша кхуьнга аьлла хIума а доцуш оцу бажа юккъера тоьллачех сту бийна. Боккхачу цIеста яй чохь иза кхехко оьллина Iаш тIемалой болуш. веана тIехIоьттина Iаьнцалг.
– ХIара хIун ду аш лелориг? Хьаьнга хаьттина аш? – аьлла, айбина и боккха яй бердах чу кхоьссина. Иштта хабар шена дIахезча, Шемала иза лаца а, вен а кхин тIемалой хьовсийра. «Дукха хан ю цо дуьненахь яьккхинарг. КхидIа вахар цунна пайдехь дац, бала хьегар доцург», – аьлла.
Гена некъ бина гIелбелла а, мацбелла а болуш, Нижала кхаьчна тIемалой. ТIекхаьчначу эвлайистерчу хIусаме биссира хьеший-тIемалой. Оцу хIусаман кетIахь цхьа яйдакх а, важа нуьйр тиллина а шиъ говр хилла.
– ХIей, цIахь дуй шу? Хьеший оьций аш? – аьлла мохь тоьхна баьхкинчарах цхьамма.
– Дера оьцу. Хьеший Делера бу, – олуш араваьлла хIусамда. Иза ша а хилла карахь а, гIодаюкъах тур-топ, шаьлта йолуш. Хазачу гIиллакхца, мерза тIеэцна шайна хьошалла дина, хIусамдас шаьш паргIат даьхча, шаьш беана некъ бийцина хьешаша. Царех воккхачо хаьттина: «Воккха стаг. некъана кечвелла хилла хьо. Хьуо герзаца а ву, арахь кечйина шиъ говр а ю. Хетарехь оха новкъарло йина хьо новкъа валарна? ХIусамдас аьлла: «ХIан-хIа аш цхьа а новкъарло ца йина . И говраш иштта лаьтташ ю гуттар, гIелъеллачуьнга садоIуьйттуш. Де-буьйса моссаза долу нуьйр дIаса а хуьйцуш. Со суо а ву массо а хенахь кхин паргIат воцуш, вуьжуш жимма гIода-юкъ малъяр бен, кийчча Iаш. Орца доьхуш цхьаьнгара мохь хезча, суо кечлуш я говр кечъеш хан ца яйъа, ма хуьллу сиха гIо оьшучу дIакхача. Аш вуьйцу Iаьнцаг со ву. И къамел шайна хезча, хIусамдена зулам дан ца хIуттуш дIабахана баьхкинарш. Ткъа Шемале цара аьлла: «И воккха стаг хьекъале майра а лерина, ца вуьйш вити оха» – ТIаккха, шена тIекхайкхина Шемала Iаьнцаге хаьттина: « Оццул дукха хьо вахаран хIун бахьана ду» – аьлла.
ГIезинг Iаьнцига: «Со кхаа гIиллакхца ваьхна жоп делла : хьекъалций, комаьршаллиций, майраллиций. – И гIиллакхаш мичара схьа оьцура ахь? – юха а хаьттина Шемала. – Осалчу наха ца дийриг дора ас, – иза хьекъале лорура ас. Сайн тароне хьожже сагIа лора ас, иза яран сан комаьршалла. Цкъа а нийсо бен юьйцуш, лелош вацара со, ткъа нийсонна тIехь волчуьнгахь майралла а хуьлу, – аьлла ГIезин Iаьнцига.
– Кхин цхьа хаттар а дийр дара ас, – аьлла Имама: – ХIара дуьне маца кхолладелира хьуна? – Пхийтта шо кхаьчча кхолладелира, ткъе пхиъ шо кхаьчча тоделира, кхузткъа шо кхаьчча дуьйхира.
– Хьо хьайн юьртана, Нижална дола деш, вогIу-воьдург мила ву а хууш, хьешана хьошалла а деш, майра а, доьналла а долуш стаг хилла.
Хьоьца болчу ларамна, хьуна цхьа совгIат дан лаьара суна ахь пурба делча, – аьлла, имам Шемала, вела а къежна, гIодаюкъ а яьстина, дато мукъ болу шаьлта а, датон доьхка а делла ГIезин Iаьнцигна. Ткъа Нижалочо дуьхьал совгIат деш, Шемална шен тапча елла.
И хаза хабар, нижалойн Iаьнцигах лаьцна ГIунашкарчу Межидов Iабдул ВахIаба дийцарца дIаяздина Музуров Мохьмада.
Нижалахь Iийна, шайн махкана дола деш, къоман оьзда гIиллакхаш, Iадаташ лардеш баьхначу дикачу къонахийн цIераш йицйина яц тIаьхьено. Имам Шемалан хенахь дукха нах хIаллак хилла нижалойх. ТIамехь байъинарш боцурш дахаран халачу хьелаша хенал хьалха къанбеш цамгарша хьоькхуш дукха кхелхина.
1867-чу шарахь оьрсийн Iедало дIаязбеш бинчу лерамашка хьаьжча, ялх бIе гергга (591 стаг) жима а, воккха а хилла кхузахь. Царех 26 бен ца хилла кхузткъа шарал тIех хенаш йолуш. Царех ах зударий хилла.
Нижалойх, церан махках лаьцна шега къамел долийча Закан-Юьртахь вехаш волчу Умаров Туркон к1анта турпала элира:
– Цхьа а шеко йоцуш, хьалха хиллачохь Нижала юрт хир ю. Юхьанца хала хилахь а, зама яьлча алсамбевр бу кхузахь нах.
Вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тидамехь латтош ду лаьмнийн ярташ, к1оштан юхаметтах1итторах дерг.
Дала аьтто бойла шун хилла Нижал юха йилла а, дайн оьзда 1адаташ г1иллакхаш лардеш баха а.
АТСАЛАМОВ Идрис