ЦIано – оьздангаллин дакъа

Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Адамаш дIасалелачу новкъара охьакхоьссина хIума дIа а яьккхина, некъ цIанбар, сагIа далар санна мелехь ду». Оцу хьадисо гойту вайна бусалба дино цIано латтор лоьхуш хилар. Вайн кица ду-кх: «Ечохь хуьлуш яц цIано, ларъечохь хуьлуш ю», бохуш.

0

ЦIано езар, иза ларъяр гIиллакхан цхьа дакъа ду. Цхьамма аларх я даима а кхайкхорах ларйийр яц иза, нагахь санна иза шен сица цIано езаш вацахь. ХIинцца вала везаш санна дегI а, хьаша-да ван везаш санна, цIена хIусам лелор а хIораннан а декхар ду.

Соьлжа-ГIалахь а, ярташкахь а, нах дIасалелачу автотранспорта чохь а хийлазза го вайна цхьаберш шаьш юуш йисинчу хIуманан кехат я чкъуьйриг, шаьш цхьанна а гуш дац, олий, охьа а кхуссий, дIабоьлхуш. Сица оьзда цахиларал сов, нехан къинхьегаме ларам цахилар ду иза. Мичахь, хьан кхиабо те иштта нах? Шайна тIаьхьа нехаш йитарал сов, царна дицделла нохчийн къоман гIиллакх. Нахана юкъа дIа а хIоьттина хIумаяар гIиллакхе ца лерина вайн дайша.

– Цхьаболу къона наной, кара юург еллачул тIаьхьа шайн беро хIун леладо ца хьовсу. Цара кехаташ лаьтта кхуьссу, цуьргаш даржадо. Цхьаболу кегийрхой а бац берел тIаьхьабуьсуш, шаьш хи мийлина шишанаш гIанташ кIел охьакхуьссу цара. Рейс чекх моссазза йолу, автобус цIанъян езаш хуьлу со, – дуьйцу Соьлжа-ГIалин цхьана маршрутан автобусан водитела Руслана.

Машенахь новкъа вогIучу доьзалан дас я воккхачо, кор охьа а дахийтина, нехаш аракхуьссуш меттиг нисло. Цунах масал эцна, беро а дан тарло ишттаниг. Шайна гинарг схьалоцу цара. Йоьдучу машен чуьра аракхоьссинчу хIумано кхечу машенна новкъарло йина, зен дина меттигаш ю.

Нехаш миччанхьа а охьакхиссар чIогIа къилахь ду.

Нанас аьлларг деза ду беранна, нийса дерг, доцург ненера Iема цунна. Шен беран куьг лаьцна новкъа йогIучу нанас цуьнга некъа йисте кехат охьакхосса аьлча, цхьа а шеко йоцуш, цо нанас бохург дийр ду. Цул тIаьхьа а, ша, иза иштта дан мегар ду моьттуш лелар ду иза. Диканиг, вуониг къасто ца хуучу беро воккхачо деш гинарг сиха схьалоцу. Цундела, даима а дикачу агIор масал хилла латта деза да-нана а, гуонахара баккхийнаш а.

М.ВЕГИЕВА

№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: