Къоман дахарехь «Серло» газетан мехалла

Шераш дIаоьху, зама хийцало, адамаш дIадовлу, амма гуттаренна а яха юьсу халкъан дуьхьа дика гIуллакхаш диначун цIе. Халкъан исторехь дикачу агIор дакъалацар, цуьнан иэсехь турпалхо хилла висар, мах боцуш, деза ду. Историн цхьа дакъа ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс итт шо хьалха нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, къоман культура кхиорехь а, къоман башхалла ларъярехь а цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца «Нохчийн меттан дийнан хьокъехь» долчу Указана куьг яздина, оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь Нохчийн меттан де дIакхайкхор.

IMG-20170417-WA0047

Иза ларамза а дацара. Цкъа шен къамелехь гIараваьллачу журналиста, цхьана муьрехь «Даймохк» газетан редактор лаьттинчу дешан говзанчас Сумбулатов Денис ма-аллара: «Дархочунна оьшу дарба-молха санна, бан новкъабаьллачу маттана дарба-молха хилла дIахIоьттира и Указ».

Нохчийн маттахь нохчийн абатца (алфавитца) дIаязйина литература вайн йолаелла Октябран революци хиллачул тIаьхьа, Къилбаседа Кавказехь Советийн Iедал дIахIоьттинчул тIаьхьа. Вайн йозанан литература дIайолаелла халкъан бартакхоллараллин буха тIехь. Исбаьхьаллин литература кхиорехь беркате хьоста хилла дIахIоьттина шен кIорггера чулацам болуш йолу нохчийн къоман фольклор.

ГIараваьллачу кавказоведа П.К.Услара 1862-чу шарахь арахецна «Нохчийн мотт» аьлла йолу монографи. П.К.Услара гIо а деш, Досин Къедас хIоттийна нохчийн алфавит вайн маттана дика мегаш а, йогIуш а хилла йоза лело. Амма Октябран революци хиллалц оцу алфавитах пайдаэца йиш ца хилла вайн. Нохчий йоза-дешарх кхиийта гIерташ, даккхий гIуллакхаш диначу хьехархочо Эльдарханов Таьштамира 1910-чу шарахь хIоттийна нохчийн абат. Школашкахь нохчийн берашна нохчийн йоза-дешар Iамо гIертарх гIуллакх ца хилира Эльдархановн а, цуьнан накъостийн а: Паччахьан администрацис бакъо ца еллера школашкахь ненан мотт хьеха. Кхин а цхьамогIа нах гIиртира нохчийн алфавит хIотто.

1925-чу шарахь Нохчийн областан исполкоман сацамца, Iаьрбийн графикин буха тIехь хилла алфавит юкъара дIа а йоккхуш, тIеийцира Ошаев Халида а, Сальмурзаев Мохьмада а латинин алфавитан буха тIехь хIоттийначу нохчийн алфавитан проект. И алфавит, йийцаре а йина, къобалйинчул тIаьхьа, 1926-чу шарахь, Горячеводскехь ехкира цуьнца нохчийн мотт Iамочу хьехархойн дуьххьарлера курсаш. ХIетахь дуьйна сихачу боларца дIадоладелира нохчийн исбаьхьаллин литература кхиар а.

Нохчийчохь хуьлучу хийцамашца цхьаьна сиха кхуьуш схьаеара къоман литература. Литература а, ткъа иштта, ерриге культура а кхиорехь доккха маьIна лелийра 20-чу шерийн юьххьехь арадала доладеллачу нохчийн газето. «Советская Автономная Чечня» цIе а йолуш, 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь арахийцира цуьнан хьалхара номер. Иза оьрсийн маттахь а, Iаьрбийн графикин буха тIехь хиллачу нохчийн маттахь а арадолуш дара.

1925-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь «Серло» бохучу цIарца арахеца долийра латинин графикин буха тIехь и газет.

Вайн къоман дуьххьарлера газет арахоьцуш Арсанов СаьIид-Бейна доккха накъосталла дира яздархочо Исаева Марема а, оьрсийн яздархочо Фадеев Александра а, журналисташа СаракаевгIара: ИбрахIим-Бека а, Марема а. Яздан корматалла йолу кегийрхой шена гуонах озийра газето. Дудаев Iабдин, Нажаев Ахьмадан, Сальмурзаев Мохьмадан, иштта кхиболчу вайн дуьххьарлерчу яздархойн а говзарш газетехула яьржира адамашна юкъахь. Къаьсттина чIогIа тидам бора газетан белхахоша исбаьхьаллин литературехь дуьххьара гIулчаш йохуш болчу кегийрхойн. Оцу яздархоша пайдаоьцу шайн говзарш тIехь халкъан бартакхоллараллех. Уьш кхийтира фольклоран говзарийн тематика а, чулацам а лахарчу тIегIанехь хиларх, шайна кхин а шуьйра некъаш иэшарх. Нохчийн дуьххьарлерчу яздархоша шайн литературин мотт а, исбаьхьаллин литературин говзарш а кхолларехь оьрсийн баккхийчу яздархойн – А.С.Пушкинан а , М.Ю.Лермонтовна, Л.Н.Толстойн а говзарех Iемаш пайцаэцаро доккха гIо дира. Прозехь язъешберш, оьрсийн классикийн а, шайн хенахьлерчу яздархойн а говзарийн дика мел долчух пайдаоьцуш, Iама буьйлабелира. Вайн проза поэзел тIаьхьайисира ша йолалуш дуьйна а, прозехь язйина говзарш шайна тIехь дуккха а болх бан дезаш хилар а, дукха яхйина йоцчу стихашца язъян атта хилар а, дика проза язъян хууш авторш цу хенахь кIезиг хилар а бахьана долуш.

Юьхьанца, вайн литература кхоллалучу муьрехь, яздархой цахилар а, йоза-дешар хууш баккхийнаш кIезиг хилар а бахьана долуш, дукха хьолахь, арахоьцура берийн литература: дийцарш а, туьйранаш а.

Нохчийн ешархочун исбаьхьаллин литературе безам бахийтарехь доккха гIуллакх дира Бадуев СаьIидан говзарша. Иза хьакъ ву нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо лара.

1926–1927-чуй шерашкахь алсамдевлира нохчийн яздархойн могIарш. Литературина юкъабаьхкира исбаьхьаллин дешан корматалла йолу кегийрхой: Мамакаев Мохьмад, Айсханов Шамсудди, Музаев Нурди, кхиберш а. Оцу яздархойн дуьххьарлера говзарш «Серло» газета тIехь зорбатухуш араевлла ю. Газетан белхахоша гIо дора кхуьуш болчу яздархошна газетаца юххера уьйр латто а, шайн исбаьхьаллин корматалла лакхаяккха а. Гоьваьллачу нохчийн яздархочо Мамакаев Мохьмада оцу газетах лаьцна яздинера: «Элпаш ас школехь Iамийнехь а, оьшучу вастехь со яздан Iамийнарг «Серло» газет ду». Хьехархошна а доккха гIо хуьлура газетах шайн балха тIехь.

Нохчийн литература кхоллаяларехь а, когаяхарехь а жигара дакъалаьцна «Серло» газето. Ша кхиа йолаелла иттех шо далале, дуккха а жанрашкахь йолу литература хилла дIахIоьттира нохчийн исбаьхьаллин литература.

1920-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь кхоллаелира керлачу буха тIехь йолу нохчийн поэзи, драматурги, араевлира прозин жанрашкахь йолу говзарш: дийцарш, очеркаш, повесташ. 1930-чу шарахь зорбанера араевлира вайн литературехь дуьххьарлера Бадуев СаьIидан «ПетIамат», Арсанов СаьIид-Бейн «Ши тIаьхье» цIерш йолу романаш. Вайн къоман литературехь ерриге а жанраш кхоллаелира 20-гIа шераш чекхдовлуш.

ГIараваьллачу яздархочун А.М.Горькийн дIадолорца оьрсийн яздархоша, Нохчийчу а богIуш, гIо дора вайнехан яздархошна къоман литература кхиорехь.

1934-чу шарахь цхьайтта шарахь «Серлонан» цIарца арадийлинчу газетана оцу заманан Iедалан тIедилларца «Ленинан некъ» цIе туьллу. 1938-чу шарахь кириллицин буха тIехь хIоттийра нохчийн абат. Нохчийн йозанан мотт кхиоран пхьалгIа хилла дIахIоьттинчу газетан болх 1944-чу шарахь, вайн халкъ махках даьккхича, юкъахбелира. Итт шо сов зама елира нохчийн маттахь йоза-дешар доцуш.

Казахст анан коьрт ачу шахьарахь Алма-Атахь 1955–1957-чуй шерашкахь араделира «Къинхьегаман байракх» цIе йолу нохчийн газет. Вайн къам дийна дисаран билгало хилла иза. Цо ир-карахIиттийна нохчийн дегнаш. Вайнахана тIера бала дIабериг хиларан тоьшалла а хилла иза.

Нохчийн халкъ Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа «Ленинан некъ» газет юха а арахеца долийра. Ненан мотт денбарехь, кхиорехь, баржорехь мехала гIулч яккхар дара иза.

«Даймохк» газетан коьртачу редакторан заместитела Дадаев Сайд-Хьасана дийцарехь, 1990-чу шарахь редакцин белхахоша сацам бира,нохчийн къоман газетана вайн къомана еза а, сийлахь а йолу цIе тилла. Цара хаьржина «Даймохк» цIе къобалъеш, кехат-весет дира нохчийн гоьваьллачу поэта Сулейманов Ахьмада. Цо яздора: «Даймохк»! Эзарнаш вайн дайх бисина кхерчаш бу хьуна дIабайна лаьтташ. БIеннаш ярташ ю хьуна ломахь елла а, яйна а Iохкуш. Шелбелла лаьтта вайн дайх бисна кхерчаш хьалагIитто гIорталахь! Уьш хьалагIиттош къахьегалахь хьайн дог бIаьргийн цIийх делххалц! Вайнехан елла а, яйна а Iохку ярташ денъян гIорталахь хьайн хьацарций, бIаьрхишций! Уьш бIеннаш ю хьуна. «Даймохк»! ЙоIбIаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт…».

1990-чу шеран хьаьттан (август) беттан 12-чу дийнахь дуьйна, «Даймохк» цIе а йолуш, арадолуш ду и газет. Оцу газетан агIонаш тIехь зорбатоьхна Сулейманов Ахьмадан кехат-весет.

Нохчийчохь лаьттина чолхе хьал бахьана долуш, масех шарахь ара ца даьлла газет 2002-чу шарахь юха арахеца долийра. Газетан коьрта Iалашо хилла дIахIоьттира ненан мотт кIорггера Iамо а, ларбан а, кхион а безаш хиларх ешархой тешор.

Тахана а нохчийн мотт Iалашбарна, кхиорна, марзбарна шен къинхьегаман мехала дакъа юкъа дуьллуш, схьадогIу вайн къоман «Даймохк» газет.

АБДУРАЗАКОВ Шертбек

№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: