ХIокху деношкахь Владимир гIалахь дIаяьхьира 2002–2003-чуй шерашкарчу лерсадоцчу кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу регионашкара спортсменаш. Вайн республикера оцу къийсадаларшкахь яхь къовсуш вара 6 спортсмен.
Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. Хьалхара меттиг яьккхира вайн махкахочо Хайсмеков Минкаила (35 кг.), кхоалгIа меттиг – Таипов Сайд-Мохьмада (50 кг.).
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарг ву уьш Iамийна церан тренер И.Таипов.
Атта дац къора спортсменаш Iамон, Россин турнирехь цаьрга кхиамаш бахийта. Цундела, тахана цо Iамош болчу кегийрхоша а, кхиазхоша а цунна доккха баркалла олу, сел лерина шайга хьажарна, шаьш Iаморна.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо