ХIокху деношкахь семинар хилира Нохчийн Республикин Дешар кхиоран институтехь, ФГОС-н лехамашца нийса а догIуш, юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран коьрта гIуллакхаш дара цигахь дийцаре динарш.
Оцу тематикица нохчийн меттан хьехархошна семинар-практикум йира 2–3–4-чуй классашкахь нохчийн мотт а, литература а керлачу учебникашца хьехарна лерина. Учебникийн авторш Солтаханов ИбрахIим а, Эдилов Салавди а ву.
Нохчийн меттан учебникаш юьхьанцарчу дешаран программа кхочушъяран учебникийн Федеральни спискана юкъаяхийтина. Нохчийн Республикин регионан а, этнокультурин а башхаллаш хьесапе а оьцуш, вовшахтоьхна йолу учебникаш хьакъ йоллучу экспертизех кхиамца чекхъевлла, къобалйина, тIеэцна.
Семинарехь дийцаре дира 3-чу классашкахь керлачу учебникашца хьехар дIадахьаран гIуллакх.
Семинаран дакъалацархошка маршалла а хоттуш вистхиллачу Дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата билгалдаьккхирасеминарехь дакъалоцуш школашкахь болх беш болу хьехархой хилар чIогIа маьIне хилар, хIунда аьлча, керлачу учебникийн дикалла я кхачамбацар шаьш бечу балха тIехь уггаре а хьалха хьехархошна билгал хирг хиларна.
Цул сов, цо дийцарехь, хьехархошна гIоьнна зорбане йоккхур йолуш ю методикин керла литература (пособеш, справочникаш, дошамаш).
«Мотт – иза халкъан культурин куьзга ду. Къоман маттахь йовзуьйту вай вешан уггаре а еза дог-ойла, синIаткъам. Вай вешан ницкъ ма-кхоччу Iалашбан а, ларбан а, кхион а беза нохчийн мотт», – элира Хь.Умхаевс.
Йийцаре ечу учебникийн авторша С.Эдиловс а, И.Солтахановс а, иштта 5–9-чуй классийн дешархошна лерина учебникаш юхакечъярехь къахьоьгучу профессора М.Овхадовс а ФГОС-н лехамашца догIуш учебникаш вовшахтохарехь шайна зеделларг довзийтира семинаре гулбеллачарна.
Грамматикин, орфографин гIалаташ, кхачамбацарш дIа а дохуш, кхачо йоллуш нисйина хир ю учебникаш.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо