Медицинин хьалхара гIо дан Iамош бу кегийрхойн «Ахмат» боламан декъашхой

Кегийрхойн «Ахмат» боламан декъашхой дакъалоцуш бу «Кавказ без опасности» проектехь. Пятигорскан пачхьалкхан университетан человековеденин институтехь инструкторан курсаш йохуш бу уьш. Оцу курсех чекхбевллачул тIаьхьа, Нохчийчоьнан бахархошна медицинин декъехула хьалхара гIо дан хьеха хуур ду царна.

d7QWCq8aOS-800x600

Нохчийчуьра а, Ставрополера а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а, Дагестанера а верриге а 12 стаг ву оцу курсашкахь Iемаш.

– Оцу проектан коьрта Iалашо ю бахархой медицинин декъехула уггаре а хьалха оьшуш долу гIо дан Iамор. Статистикин талламо гайтина некъан боламан бохамашкахь кхелхаш волу хIора кхоалгIаниг, хьалхара гIо нийса а, шен хеннахь а дина хиллехь, дийна висина хирг хилар. ТIаккха хаа дезаш ду-кх вайна, стаг ша лор вацахь а, оьшшучохь адамана уггаре а хьалхара гIо дан хууш хила везаш хилар. Царах хIора кхоалгIаниг кIелхьарваккхавелча а доккха хIума ма ду», – бохура проектан куьйгалхочо Давыдов Кантемира.

ЛадогIархошца дарсаш дIахьош ву медицинин Iилманийн кандидат Неудахин Геннадий. ГIуллакх вовшахтоьхначара 2017-гIа шо чекхдаллалц «Первая помощь» программица Къилбаседа Кавказехь 12 000 стагаца курсаш дIаяхьа лерина.

З.ХАСИЕВА

№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: